Бекалахь, ненан мотт!

25.04.2025 Выкл. Автор Zama

 Д1адаханчу кхаарин дийнахь (оханан беттан 23 де) Шеларчу культурин Ц1ийнехь д1айахара республикин х1ора шарахь хуьлуш йолчу, «Бекалахь,  ненан мотт» ц1е йолчу конкурс-фестивалан йерзош йолу финалан тур. Къийсадаларш вовшахтоьхнарг йара Нохчийн Республикин культурин Министерствон халкъан кхоллараллин туш (Центр народного творчества), директоран заместитель Муцаева Раиса хьалха а йолуш.

Къовсаман 1алашо йу: т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран а, шайн мохк безаран а, шайн мотт г1арабаккхаран а, нохчийн 1адаташ а, пох1ма долуш долу бераш а, кегийрхой къастабар, царна накъосталла дар, церан кхоллараллин аг1о кхиайар, церан махке болу безам кхоллабалийтар, истори а, культура а, нохчийн халкъан 1адаташ а кхиадар.

Х1ора шарахь хуьлуш йолчу конкурсехь болх беш бара зеделларг долу жюрин декъашхой, шайна йукъахь культурин а, искусствон а жанрашкар аговзанчаш болуш:

— Даудов Рамзан, Доки к1ант – Россин Федерацин, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин композиторийн Союзан председатель;

Цуруев Шарип, Мовладин к1ант – Нохчийн Республикин халкъан йаздархо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Россин йаздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхо;

Делимханова Белкис, Асламбекан йо1 – НохчийнРеспубликин культурин хьакъйолу белхахо.

  Шина турехь д1айахара конкурс: халхарниг(зональни тур) д1айахана оханан беттан 14чу дийнахь ЦНТн актови зала чохь; х1ара шолг1аниг, йерзош йолу тур, тахана Шеларчу к1оштан культурин Ц1ийнехь д1айоьдуш йу.

Конкурсан хьалхарчу турехь жюрин декъашхоша хаьржира тоьллайолу лоьмарш:

1.«Исбаьхьаллин дош»:

а) поэзи (байт, поэзин йукъара дакъа, монолог);

б) эпос (ширачу иллешна йукъара дакъа дагахь дийцар).

2. Вокальни искусство:

сольни эшар лакхар;

ансамблан эшар.

Гулбелларш т1едог1учу Нохчийн меттан денца, конкурсан декъашхой финале бовларца декъал а беш, вистхилира Цуруев Шарип.  Цо дийцира нохчийн маттах, цуьнан к1оргаллех, оьздангаллех лаьцна. Иза 1амор, иза бийцар доккха дозалла хилар д1а а хаийтира кегийчарна.

Цул т1аьхьа культурин Ц1ийнан сцени т1ехь йийкира самукъане музыкальни композицеш, шираиллеш, эшарш. Бераша йийшира бевзаш болчунохчийн поэтийн байташ. Даймахках, цуьнга болчу безамах, цуьнан хазаллех, ненах, нохчийн маттах, ширачу 1адатех лаьцна.    

Х1окху 2025-чу шеран «Бекалахь, ненан мотт» ц1е йолчу республикански конкурс-фестивалан чаккхенехь жюрис жам1аш а дина, билгалбехира массо а номинацешкахь болу толамхой, шайн хенашка хьаьжжина. Хьалхара, шолг1а, кхоалг1а меттигаш йаьхначарна дипломашца совг1аташ дира.

Культурин ц1ийнан фойе чохь схьайиллина«Мехкан хазна» ц1е йолу, к1оштарчу пхьераша шаьш бина болчу г1ирсийн выставка йара. Царна а дипломаш а луш, хаза чекхйелира и пайден конкурс.

                                                                      А.СУЛЕЙМАНОВ.

                                                                    А.АШАБАН суьрташ.