Хьуна оьший хьайн ненан мотт?

25.04.2025 Выкл. Автор Zama


Сайн къамел х1окху хаттарца доло лаьа суна. Х1унда аьлла, хетар ду шуна. Нахана йукъахь хьо хила воьлча, хьуна ца хезаш, ца гуш х1ума ца дуьсу. Хийлаза кхиазхойн къамел ларамаза хьайна хезча, ойлане вулу хьо. Бахьана х1ун ду? Дера ду, уггар хьалха церан къамел шайн ненан маттахь цахилар. Амма хьо цаьрца къамеле валахь, ца х1уьтту уьш хьуна дуьхьал нохчийн маттахь бистхила. Т1аккха даг т1е кхерам тосу. Ахь хьайга хаттар ло: «Х1ун хирвайх итт шо даьлча?» Нохчийн мотт д1абаларна кхерам бу-кх.

Ненан мотт – иза вайн халкъан йуьхь, орам мабу. Мотт 1амабар, т1аьхье кхиор ду. Мел хаза буьйцу нохчийн мотт вайн къоман йаздархоша шайн байташкахь. Ахмадов Мусас иштта аьллашен байтахь нохчийн маттах лаьцна:

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а,

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

Вайн мотт дийна хилча, къам а, Нохчийчоь а хирйу т1аккха, шена чохь вайн дайшкара Казахстанера дуьйна, шелонехь, мацаллехь, шайн ойла ца йеш, лардина, вайга схьакховдийна и хаза г1иллакхаш.Ойла йича, ма хало лайна вайн къомо и г1иллакхаш, и къоман оьздангалла ларйархьама.Йахь, йуьхь ларйина цара, кхечу къаьмнашна йукъахь шайн мотт – нохчийн мотт ларбина. 

Сулейманов Ахьмада билгалдаьккхина дуьненчохь кхо х1ума ду, даима цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий.

Даймохк – иза кху лаьттан адамаш ду, ткъа мотт массо а х1уманан бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дахар, уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, воккханиг ларар, хьаша-да т1еэцар.

Сайн къамел дерзош халкъан кица дало лаьа суна: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Нагахь вай вешан мотт тесна битахь цхьана сонехь, хаалаш, вайн къам а дац шуна. 

Кхечу къаьмнийн меттанаш ма 1амаде бохург дацшуна и. Масала: нохчи оьрсийн маттахь вистхуьлуш цуьнгара г1алат даьлча, вай беламелору цо аьлларг, ткъа нохчийн маттахь вистхуьлуш цуьнгара г1алат даьлча, вай тергал д1а а ца до.Шаьш нийса мел ца буьйцу а, дозалла хета.

Хьоме наной!

Шуьга бу сан кхайкхам! Дуьххьара и бер дистхила 1амадайша нохчийн маттахь. Шайн ненан маттахь. Олуш а хаза ду-кх и ши дош.

Оцу берана а, нохчийн мотт хьоьхучу хьехархочунна а боккха сингаттам боккху аша,шаьш диканиг до моьттуш.

Ма алийша ненан мотт оьшуш бац, оьрсийн моттца хууш дуьсур дацар-кх шун бераш.

Наной! Марзбайша, хаийтийша шайн доьзалшна шайн ненан мотт мел лакхарчу т1ег1ан т1ехь бу. Хенан йохалла, т1аьхьа т1екхуьучу чкъурана и мел оьшурбуйла.

Дала вешан мотт кхио, ларбан, цуьнан сий дан хьуьнар лойла вайна массарна а!

ОСМАЕВА Хадижат, 

нохчийн меттан а, нохчийн литературин а хьехархо.