Нохчийн мотт – сан дозалла

25.04.2025 Выкл. Автор Zama

 

 

Шелан к1оштахь шуьйра д1адехьира вайн къомандезде – Нохчийн меттан Де билгалдаккхар. Оцудезчу денна лерина дуккха а мероприятешд1айехьира къаьсттина школашкахь. Царех дара оханан беттан 24-чу дийнахь Шела г1алин № 9 йолчу йуккъерачу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархочо Гериханова Луизас 5-чуй, 7-чуй классийн дешархошца д1адехьна Нохчийнметтан Денна лерина долу, «Нохчийн мотт – сан дозалла» ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Дешархоша хаза кечам бинера оцу б1аьрлачу хиламна. Цара байташ йийшира, иллеш элира, эшарш лийкхира.

  Бераша йоккха «Нохчийн мотт» ц1е йолуспектакль а х1оттийра, нохчийн къомансинкъераман, белхин кепаш а, кхин цхьаццагайтарш а х1иттийра, хелхарш а гайтира.

Дешархойн а, хьехархойн а самукъадолуш, лаккхарчу т1ег1ана т1ехь д1адехьира и мехалацхьаьнакхетар.

                                                                             А.БИТИЕВ.

А. АШАБАН суьрташ.