Нийсо, бакъо тоьлла де

09.01.2026 Выкл. Автор Zama

                 

2010-чу шарахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана шен Указца билгалдаьккхина кхолламан беттан 9-г1а де – нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттах1отторан Де ду, аьлла. И дезде – нийсо, бакъо тоьлла, Нохч-Галг1айн автономни республика йухаметтах1оттийна де ду.

«Тахана вай даздеш дерг боккъалла а доккха, деза терахь ду. Цо гайтина вайн дайн, нанойн, вежарийн, йижарийн бартан ч1аг1алла, къонахалла, йохалур йоцу йахь. 1957-чу шарахь кхолламан беттан 9-чу дийнахь арадаьлла вайн халкъана йуха вешан Даймахка ц1адерза бакъо луш долу Указ. Кхойтта шарахь, цхьа а бахьана доцуш, ц1ера арадаьккхина долчу нохчийн къомо дуккха халонаш, мацалла лайна», — аьлла йаздинера Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана, нохчийн халкъ декъалдеш, шен телеграм-каналехь.

1944-чу шеран бекарг беттан 7-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца Нохч-Г1алг1айн Республика д1а а йаьккхина (упразднить йина), цунах Грозненски область йинера, Ставропольски крайна йукъайог1уш а йолуш. Кхин ши к1ира даьлча, Грозненски область д1а а йаьккхина, цуьнан мохк гуьржийн махканий (Грузия), суьйлийн махканий (Дагестан), х1ирийн махканий (Къилбаседан Осети) йукъахь бекънера.

1948-чу шарахь кхин цхьа Указ даьккхинера СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо. Нохчашка куьйгаш те1адайтинера (распискаш йаьхнера) шаьш шайн махкара гуттаренна арадаьхна хилар а, 1едале а ца хоттуш, х1инца вехаш волчу меттера д1асавалахь, иза уголовни зулам хилар а, 20 шо хан а тоьхна набахте вахийта йиш хилар а, даре дойтуш.

Мацалла, цамгарш, адаме лалур йоцу халонаш бахьана долуш, дуккха а вайн къоман тоьлла къонахий, оьзда наной, исбаьхьа йижарий, вайн доцуш ца торуш долу бераш д1акхелхина, д1абохка аьтто боцуш. Х1оранна хезна цу хенахь вайн дайша, наноша хьегначу баланех долу дийцарш, цхьаболчарна гина а йу и ирча хан. Х1етте а, нохчийн сийлахь ц1е бех ца йина цара. Цкъа а ц1еначу нохчочо саг1а дехна йа ахчанах, даарх нохчо вохкавелла аьлла, хезна дац вайна. Амма, саг1а ца доьхуш мацалла белларш хаьа вайна дуккха а. Хийла тоьлла к1ентий, цхьанне а хьалха охьа ца таь1аш, набахте бохкийтина шаьш цигахь.

Шаьш бахийта а бохуш (добровольно) т1амт1е а бахана, цигахь майраллица, доьналлица г1арабевлла болу тоьлла т1емалой — нохчий, т1емана йуккъера схьа а бохуш, белшаш т1ера погонаш схьа а йохуш, Сибреха хьун хьакха д1ахьежийна. Оцу йоккхачу харцонан бахьана цхьаъ хилла – и т1емалой нохчийн къомах хилар.

1957-чу шарахь арадаьллачу Указо бакъо а йелла, шайн Даймахка ц1аоьхуш болу нохчий, шайн дайх йисина йолчу а, шаьш чуьра д1абигинчу а х1усамашка йуханехьа чубаха бакъо ца луш, хьийзийна.

Х1етте а, нохчийн къам къар ца делла, доьхна д1аса а ца даьлла. Казахстанерчу хьаькамаша, нохчийн къам доьналла а долуш, къахьега лууш къам дуй хиъна, шаьш долчехь совца, тоьлла мохк а ло шуна, аьлла хиллера. «Тхо тхешан дай баьхначу махка д1аг1ур ду», — аьлла, ц1а баьхкина, шайга шайн дайша санна, х1ара мохк т1аьхьенашка д1абала.

Тахана вайн къам а, вайн мохк а меттах1оттийна Кадыровг1ара – Ахьмад-Хьаьжас, Рамзана куьйгалла а деш. Вай пусар дан деза тахана Нохчийчохь д1ах1оьттинчу маьршачу, ирсечу дахаран. Дала т1аьхье беркате йойла. И тайпа баланаш Дала кхин цкъа а ма гойтийла вайн къомана!

А. СУЛЕЙМАНОВ.