«Шаьлтанийн т1ом» хилла 162 шо кхочуш
04.01.2026
Х1ора шарахь санна, 2026-чу шеран кхолламан беттан 3-чу дийнахь Шеларчу г1азотан кешнашна уллерачу майданахь гулделла дуккха а адамаш дара. Д1адоьдуш Илсхан-йуьртарчу Хьаьжин вирдерачу мурдаша деш долу ч1агар-зуькар дара. Гонаха лаьтташ Шелара а, гонахьара а йарташкара нах бара. Тобанашца т1еоьхуш болу нах т1елоцуш Шелан к1оштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела а, к1оштан къеда Неттиев Хожа-Ахьмад а вара.
Ибрагимов Турпал-1елас боху: «Тахана вайн Хьаьжа (Дала къайле тайойла цуьнан) махках ваьккхина де ду. Иза 1едале схьавеха 1алашо йолуш, цунна орцах баьхкина шелахой а, кхечу йарташкара а нах д1акхелхина кху дийнахь 162 шо хьалха. Х1окху г1азотан кешнашкахь дуккха а г1азотехь кхелхинарш д1абоьхкина бу. Х1ора шарахь вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзан-Хьаьжас (Дела реза хуьлийла цунна) кхолламан беттан 3-чу дийнахь даккхий саг1анаш дохуьйту. Вайн махкарчу к1ошташкара а, Дагестанера а, Г1алг1айчуьра а хьеший бог1у кхуза, зуькарш дан а, саг1анах кхета а. Тахана а бежнаш йайъина саг1а ду кхузахь доккхуш. Хаддаза т1еоьхуш адамаш ду вайна. Дела шен дуьхьа, хаза д1ахьур ду-кх вай х1ара г1уллакх. Дела реза хуьлийла вайн Мехк-Дена х1ара меттиг билгал а йаьккхина, кхуьнан сий-пусар а дойтуш, вайн къомана бусалба динца долу х1ума диц ца долуьйтуш, леладайтарна. Х1ара вай вешан эвлайааш лорий, уьш дукхабезий хаийтар а ду, дицделлачунна карладалар а ду. Дала т1аьхье беркате йойла!».
К1оштан къедас Неттиев Хожа-Ахьмада элира:
«Х1ора шарахь г1уран беттан кхозлаг1чу дийнахь вовшахкхеташ гулам бу х1ара. Дала къайле тайойла цуьнан, Илсхан-йуьртара Кунта-Хьаьжа, цу хенахь хиллачу паччахьан 1едало, когах-куьйгах буржалш а тоьхна, махках воккхуш вуй а хиъна, Шелахь хьаьжин мурдаш а, цуьнан вирдехь боцурш а машарца иза схьавеха гулбелла хилла. «Х1орш 1едална дуьхьал т1ом бан гулбелла бу», — аьлла, эладита а даржийна, т1ом болийна г1азакхийн эскаро. Шайгахь шаьлтанаш бен кхин герз а доцуш, т1ебог1уш болчу нахана т1е йаккхийн тоьпаш йетта йолийна эскархоша. Шаьш х1етий-ветий а х1аллакдеш дуй а хиъна, Шелара Дог1а хьалха а волуш, шаьлтанаш а йаьхна чухьаьвдда, летта нохчий. «Шаьлтанийн т1ом» аьлла ц1е тиллинчу цу т1амехь 300 сов г1азотехь кхелхина и тоьлла къонахий. Цхьаберш – шай болчара, шайн йарташка д1а а баьхьна, д1абоьхкина. Иштта Шеларчу кхечу кешнашкахь а бу д1абоьхкина. Кху меттигана гонаха цу хенахь к1отарш хилла, х1ара кешнаш а долуш. Кхузахь а д1абоьхкина хилла цхьаберш. Х1ара х1инца парг1ата меттиг йу. 2014-чу шарахь билгал а йаьлла, вайн Мехк-Дас Рамзан-Хьаьжас кечйайтина йу х1ара. 12 шо ду, саг1анаш а дохуш, х1ара болх кхузахь д1ахьош болу».
Дуккха а адамаш схьагулделлачул т1аьхьа, зуькар д1а а дерзийна, бистхилира хьеший. Цара дийцира: «Дала беркате дойла вай тахана цхьаьнакхетар. Воккха эвлайаъ, Делан гергара стаг Киши-Хьаьжа (Дала къайле тайойла цуьнан) махках ваьккхина 162 шо кхочуш хилар билгалдоккхуш, кху сийлахьчу Шела-г1алин йистехь гулделла вай. 1864-чу шарахь Киши-Хьаьжа (Дала къайле тайойла цуьнан) лацарна дуьхьал машаран гулам д1ахьочу хенахь, паччахьан 1едало йаккхий тоьпаш а, кхидолу а герз детташ х1аллакбина, г1азотехь д1акхелхинчу 300 сов къонахчун сийнна гулделла ду вай тахана».
Гулам д1аболош дош делира Илсхан-йуьртарчу Хьаьжин мурдийн тхьамда волчу Тепсуркаев Хасу-Хьаьжига. Цо дийцира Киши-Хьаьжех лаьцна а, цуьнан весетех лаьцна а, вайн Мехк-Дас Рамзан-Хьаьжас х1ара г1азотан кешнаш билгалдахарх а, цо дохуш долчу саг1анех лаьцна а. «Хьаьжас аьлла: «Кхидолчу массо а х1уманца хьалхе йара вайгахь. Шеларчу арахь дойъуш долчу берийн (мурдийн) тахана Шеларчу Дог1ас Г1азотан хьалхе йаьккхи. Делан Элчан девешехь Хьамзатехь долу дарж а долуш, цунна улле охьахаий иза. Тахана Г1азотан хьалхе кхечи вайга», — дийцира цо.
Цул т1аьхьа хьешашка а, гулбеллачу шелахошка а вистхилира Неттиев Хожа-Ахьмад. Цо дерзош элира: «Массарна а Дела реза хуьлийла, хьегна къа меле йаздойла. Пайхамара (Д.С.М.) шен т1аьххьара Хьаж дечу хут1мехь аьлла: «Х1ай нах! Делах кхерийла шу. Шайн пхи ламаз дойла аш. Рамадан баттахь марханаш а кхабалаш. Дала фарз дина т1едиллина долу закат д1алойла аш. Шайна т1ех1иттийна болчу шайн куьйгалхошна муьт1ахь хуьлийла шу. Т1аккха оцу, Дала кечйина йолчу, йалсамани чу г1ур ду-кх шу». Х1инца воккхачуьнга до1а а дайтина, массо а саг1анах кхетар ду вай. Дала йал лойла массарна а».
Иштта хаза д1айирзира и беркате меджлис. Дала т1аьхье беркате йойла!



А. СУЛЕЙМАНОВ
Суьрташ т1ехь: Шеларчу г1азотан кешнашна уллерачу майданахь д1айехьначу меджлисан дакъалацархой.
А. АШАБАН суьрташ.
