Шеран жам1ашна лерина концерт

31.12.2025 Выкл. Автор Zama

2025-г1а шеран г1уран беттан 30-чу дийнахь Шелан к1оштан культурин Ц1ийнехь д1айехьира чекхдолуш долчу шеран жам1аш дарна лерина йолу концерт. Оцу мехалчу мероприятехь дакъалаца веанера Шелан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела, иштта к1оштарчу культурин ц1ийнашкара белхахой а.

Концерт д1ахьош волчо, гулбеллачаьрга салам-маршалла а хаьттина, 2025-чу шарахь к1оштарчу культурин белхахоша баьхна кхиамаш бийцира:

— Республикански халкъан инструментийн оркестрийн «Халкъан мукъамаш» ц1е йолчу фестиваль-конкурсехь – 2-чу даржан диплом;

— Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 80 шо кхачарна лерина йолчу «Т1еман некъашкахь» литературин конкурсехь хьалхара меттиг;

— «Челны доттаг1ий гулбеш йу — 2025». Эшаран а, хелхаран а ансамбль «Аьрзу» – «Гран-при» диплом;

— Любительски хореографически коллективийн моно-конкурс «Со хелхавер ву» – 1-чу даржан диплом;

— «Челны доттаг1ий гулбеш йу-2025» – «Исбаьхьаллин дош» номинацехь 1-ра меттиг;

— «Кавказан синхазалла» ц1е йолу дуьненайукъара конкурс – 1-чу даржан лауреаташ;

— «Синмехаллаш» ц1е йолу республикин конкурс – 3-г1а меттиг.

Цул т1аьхьа сцени т1ехь шайн говзаллаш гайтира эшаршлакхархоша а, театран белхахоша а, хелхарчаша а. Гулбеллачеран ч1ог1а самукъадаьллера. Цара т1араш деттарца т1еэцара х1ора «номер».

Сцени т1е кхайкхира Шелан к1оштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела. Цо элира: «Ибрах1им (Эзир-1ела), хьуна т1ера д1а а долош, массо а культурин белхахошна даггара Дела реза хуьлийла ала лаьа тахана. Шелахь а, к1оштан йарташкахь а культурин белхахоша болх д1а муха бохуьйту гуш ду. Культура йеза а йезаш, йовза а йевзаш, болх беш ву хьо а, хьан белхахой а. Культурин балха т1ехь къахьоьгуш болчарна массарна а Дела реза хуьлийла. Кху йукъахь къахьоьгуш долчу берийн дайшна, наношна а Дела реза хуьлийла ала лаьа, х1унда аьлча, шайн берашна пурба а луш, уьш схьалоьлуьйтуш ду шу. Культурин хьал ледара хира дара, аш уьш лоьлуьйтуш бацахьара. Культурин кхане а, х1ара болх д1акхехьа накъостий а хир бацара.

Вайн Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дешнаш ду: «Культура ца хилча, къам дац». Цуьнан дош лардеш, аш х1ара болх иштта доггах д1акхоьхьуш бу.

Дуккха а Россин регионашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а лаккхара меттигаш йохуш схьадог1уш ду шу. Т1едог1учу Керлачу шарца декъалдо шу. Вуон мел дерг д1адаханчу шарахь дуьсуш, дика мел дерг керлачу шарахь т1едог1уш, вовшашна йукъахь йолу хьаьг1наш д1айохуш, цкъа а т1ом ца гуш, Дала ирсе дахар хуьлитийла шун массеран а. Вайн Украинехь болу к1ентий толамца, могаш-маьрша ц1а бог1ийла! Дала 1алашбойла уьш. Вайн до1анашца бу-кх уьш.

Нохчийн Республикин культурин министро Ибрагимов 1исас йаийтина Сийлаллин грамоташ а йу вайн белхахошна йала. Дела реза хуьлийла цунна. Уьш д1айоькъур йу-кх вай шуна».

Чохь болчара ч1ог1а т1араш а детташ, культурин министран ц1арах а, Шелан к1оштан администрацин ц1арах а сийлаллин грамоташ д1айийкъира Ибрагимов Турпал-1елас.

Мероприяти д1айерзош, Шелан к1оштан культурин отделан куьйгалхочо Шамсудинов Эзир-1елас декъалбира к1оштан культурин белхахой т1едог1учу Керлачу шарца, баркалла элира к1оштан куьйгалхочунна Ибрагимов Турпал-1елина а, гулбеллачарна а.

Цул т1аьхьа, 2025-чу шарахь дика болх барна, шайн отделан ц1арах йолу грамоташ д1а а луш, д1аберзира жам1аш дан 1алашо йолуш бина гулам.

А. СУЛЕЙМАНОВ

  А. АШАБАН суьрташ