Эвтарачу Идрисовг1арна керла х1усам йина
29.12.2025
Д1адаханчу п1ераскан дийнахь Шелан муниципальни к1оштахь д1абахара рог1ера саг1адаккхаран хилам. Эвтарарчу Идрисовг1еран керлачу х1усамехь гулбеллера Россин а, Нохчийн Республикина, лаккхарчу даржашкара нах:
— Россин Федерацин сенатор Ахмадов Мохьмад;
— Нохчийн Республикин Мехк-Ден секретариатан куьйгалхочун заместитель Алиев Висмурад;
— Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхо Ахмадов Мохьмад-Эми;
Уьш т1елоцуш вара Шелан муниципальни к1оштан куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела, цуьнца цхьаьна к1оштан къеда Неттиев Хожа-Ахьмад а.

Керлачу уьйт1ахь х1усамнене дог1анаш д1аа луш, вистхилира, ц1енош деш куьйгалла дина волу Ибрагимов Турпал-1ела. Цо элира: «Вайн республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана делла омра дара, мелла а сиха ц1енош дан а дай, чохь оьшуш болу г1ирс, йийбар чу а х1оттайай, х1окху доьзале керла шо шайн керлачу х1усамехь даздайта, аьлла. Иза вай, Дала мукълахь, хазахетарца кхочушдина-кх. Дала беркате х1усамаш йойла шун кхарех. Дала саг1а дойла х1орш Рамзанан а, Айманин а».
Ахмадов Мохьмад-Эмис гулбеллачу хаамийн г1ирсашка дийцира: «Вай тахана Идрисов Салманан х1усамехь ду. Цуьнан доьзалангатте йолуш хьал дуй а хиъна, НохчийнРеспубликин Мехк-Дас, Россин ТурпалхочоКадыров Рамзана омра динера, кхарнац1енош де аьлла. Т1аккха, Кадырова Айманис куьйгалла деш йолчу, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобал дойлацуьнан) ц1арахчу Региональни йукъараллин Фондо нийсса цхьана баттахь, вуно тоьлла, хаза х1усамаш д1а а х1иттийна, тахана кху х1усамашна чу боьлхуш бу х1ара Идрисовг1еран доьзал. Х1ара дуьххьарлера х1усам а, т1аьххьара х1усам а йац цо йайтина, х1орш эзарнашкахь йу. Нехан дог хьостуш, Республикина чохь а, арахьа а, х1усамашца а, кхечу кепара а, г1о деш схьавог1уш ву вайн Мехк-Да. Тахана х1окху Идрисовг1еран дог хьостуш, Керла шо доладалале чу боьлхуш бу х1орш. Чохь массо оьшуш болу г1ирс а, йийбар а долуш, т1еоьшуш х1ума доцуш, 1ан а, бахан а аьтто бу-кх кхеран. Везан Дела, Мехк-Ден Рамзан-Хьаьжин а, Аймани Несиевнин а, къобал саг1а йойла х1ара х1усамаш. Дала шен дуьхьа дойла цара мел лелош дерг».
Цул т1аьхьа Ибрагимов Турпал-1елин лаамца, чура хьал муха ду хьовса, х1усамашна чухула буьйлабелира хьеший.

Итт сотин меттигана т1ехь дина ц1енош ду, шайца хоттаделла доккха раг1у а долуш. Шуьйрачу учен чухула д1авахча, кхачан чоь (кухня) йолуш, кхид1а йоккха зал, масийтта берийн дуьйшуш долу чоьнаш (спальня). Х1ора чоьна чохь, оьшуш болу г1ирсаш: кхачан чоьна чохь чуйалийна газ,довха а, шийла а хи, кхача кечбеш йо лупилта (прометейка), холодильник, стол, г1аьнташ; зала чохь телевизор, к1еда йийбар(мягкая мебель), корехь, не1арехь оьхкина хаза к1адеш; дуьйшучу чоьнаш чохь к1еда маьнгеш, т1ехь оьшуш болу вижаран г1ирс а болуш, шифонераш. Кхечу кепара аьлча, х1ара т1е оьшу ала х1ума доцуш, кечйина чоьнаш йара. Т1ера да д1аваьлла, бисинчу Идрисовг1еран доьзална доккха накъосталла ду иза.
Алиев Висмурада бохура: «Вайн Мехк-Дена х1орш иштта г1ийла-миска буй хиъна, х1усамаш ледара йуй а хиъна, шело т1ейале ц1енош дай, д1ах1иттаде, аьлла дина омра дара. Дела реза хуьлийла Ибрагимов Турпал-1елина, кху т1ехь 1уналла а деш, х1орш керла шо т1едале чекхдовлийтарна.
Х1ара дуьххьарлера а, т1еххьарлера г1о а дац вайн Мехк-Дас деш дерг. Иза вайна Дала дукха вахавойла. Иза вацахьара вайн йиш йацара».
Неттиев Хожа-Ахьмада элира: «Х1окху Эвтарарчу Идрисовг1еран кертахь, кхеран х1усам схьайоьллучехь ду вай тахана. Кху доьзалан х1усамца гатто йуй хиъна, вуно хаза х1усам йина д1ах1оттийна кхарна вайн Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Дала саг1а йойла цуьнан х1ара. Х1усамаш йо цо, цомгашниш дарба лаха бохуьйту цо, г1о дан дезачунна, г1о до цо — массо а аг1ор шен халкъ диканца хьостуш ву вайн Мехк-Да».
«Х1усамда д1а а ваьлла, х1окху йалх бераца ледарчу хьолехь йисинера со, — дуьйцу, йелхаа йоьлхуш, х1усамнанас Идрисова Жанетас. – Цхьа бутт хьалха, вайн Мехк-Дена соьгара хьал хаа а хиъна, ц1енош дан меттиг а йелла, цу т1ехь нийсса цхьана баттахь дан а дина, малх санна ц1енош, ков-керт схьадели суна. Дала сан санна дог хьостийла Рамзанан, цуьнан ненан Айманин а. Дала шен доьзалан вуон ца гуш, могашалла а йолуш, ирсе дахар хуьлийла цуьнан. Дала саг1а дойла цуьнан суна а, со санна де доьхначу нахана цо дешдолу г1о».
Йуьртара дешна нах а гулбелла, керла х1усамашна т1ера, уьш беркате хилар Деле доьхуш мовлад дийшира. Дала къобалдойла церан мовлад!
А.Сулейманов.
Суьрташ А.Ашабан.
