Ламанхойн дахаран илланча

23.11.2025 Выкл. Автор Zama

Нохчийн вевзаш волу йаздархо, поэт, журналист Окуев Шима вина 1937-чу шеран лахьананбеттан (ноябрь) 6-чу дийнахь Соьлжа-г1алахь гIуллакххочун доьзалехь.

Цуьнан ворх1 шо а дацара, нохчийн халкъ бехкбоцуш И.В. Сталинан омрица шийлачу 1ай шайнДаймахках даьккхинаЙуккъерачу Азе дахийтинчу  хенахь. Шуьйтарчу ОкуевгIерандоьзал Казахстане кхечира. Цигахь Шимасчекхйаьккхира йуккъера школа. Цуьнан да Хьамид,набахтехь хан йаьккхинчул тIаьхьа, цамгархкхелхира Алма-Атахь, 1952-чу шарахь

Сибрехахь кхойтта шо даьккхина вайн халкъц1адеъча, Окуев Шимин таро хилира Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтанисторин-филологин факультете (къоман отделени) деша ваха. 1962-чу шарахь, институт чекхйаьккхинчул тIаьхьа, КПСС-н райкомо ШуьтанкIоштан «Ленинхо» газетан редакцин куьйгалхох1оттийра иза.

Поэтан, йаздархочун Окуев Шимин шенкхоллараллехь дуккха а байтийн, прозин  гуларш зорбане  йевлла  нохчийн, оьрсийн  метташкахь: «Сан  Шуьйта», «Лайн  т1ехь  ц1ен  зезагаш» — роман, «Т1аьххьара  верас», «Чорийн  забарш», кхийерш.

   …ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш дуьйлалуш, Шеларчу КПСС-н райкоме инструкторан балхакхойкху Окуев Шима. ТIаьхьарчун кху эвлахь шахьехархойн институтехь доьшучу хенахь бевзинадоттагIий бара: Дагалаев Сайд-Хьаьжа, ГанаевОлхазар, кхиберш. Схьахетарехь, цаьрга болчу сий-ларамна йазйина аьлла хета цо шен хIинца а дика йевзаш йолу «Шела» цIе йолу байт. Ас дагайоуьйтуиза:

Лекхачу ломара

Лахенга лар йахьаш,

Сирлачу седанал

Сайн цIена дог дахьаш,

ДоттагIийн дегнашка,

Мехкарийн эшаршка

ЛадогIа веъна со,

Безамца ийци ахь.

Iаьхьара алар)

Шелашера аре,

Хьосту хьо ас лоре,

Йу хьо лаьмнийн лулахь,

Даимна дагна уллохь!..

Оцу дешнаш тIехь хаза мукъам а баьккхина, царахилли а дина, иза дIаэлира Шеларчу хIетахь къоначуилланчас, хьехархочо Ганаев Олхазара. Иза цухенахь цхьа ша тайпа «хит» хилла дIадахара, бохушдуьйцу хIинца баккхийчара.

Доцца аьлча, 60 шо хьалха арайаьллачу «Сан Шуьйта» цIе йолчу поэзин гуларой, «Чорийндийцарш», «Шела» цIе йолчу иллис, кхечуговзарша вина Окуев Шимех Нохчийчохь вевзашволу йаздархо, поэт.

       Кхойтта шарахь хала цамгар лайначул тIаьхьа, 1986-гIа шо чекхдолуш вайна йукъара дIавахараОкуев Шима.  Дала гечдойла цунна!

Зорбане кечйинарг

МАТАГОВ Ихьсан.