Юсупова Мадина: «1илма дохкар – ч1ог1а лазаме х1ума ду»
23.11.2025
Кху деношкахь тхан къамел хилира Чуьйри-эвларчу «Муъминат» ц1е йолчу зударийн хьуьжаран директорца Юсупова Мадиница.
Юсупова Мадина, Ахьмадан йо1, Чуьйри-эвлахь йина а, йехаш а йу. 1994-чу шарахь дашо мидалца йуккъера школа чекхйоккху цо. Иштта, 8-чу классехь доьшуш йолуш (1992 шо)«Тофсир» хьуьжаре деша а йахана, 1996-чу шарахь иза чекхйаьккхира йо1а.
Школа чекхйаьккхинчул т1аьхьа, медицински колледжехь деша а дешна, 1997-2006-чушерашкахь – медйиша, 2002-2006-чушерашкахь- медицинин статист белхаш бира. 1999-2002-чу шерашкахь школехь берашна «Исламан баххаш» хьоьхуш болх а бира йо1а. 1998-2005—чу шерашкахь Соьлжа-г1аларчумехкадаьттан институтехь (х1инца университет)деша а дешна, «экономист-менеджер» говзанча хилира цунах. 2005-2007-чу шерашкахь Соьлжа—г1аларчу № 6 училищехь кулинаран а,кондитеран а говзаллаш 1амийра.
2010-чу шарахь РОО «Интеллектуальный центр Чеченской Республики» 6-чу церемонин лауреатхуьлу цунах, «Дато бух1а» йаларца совг1ат а деш.
1999-чу шеран г1уран беттан 22—чу дийнахь, Нохчийчохь д1абоьдуш т1ом болуш, вайн республикехь дуьххьарлера «Муъминат» ц1е йолу зударийн хьуьжар схьайиллира Юсупова Мадинас. 2010-чу шарахь НР-н муфтис цу хьуьжаран директор ч1аг1йира иза.
2011-чу шарахь Кувейтерачу пачхьалкхан университете (Шувейх-г1ала) деша д1а а тасайелла, доьшуш йолуш, нана цомгаш хилар бахьана долуш, ц1а йан дийзира. 2013-чу шарахь дуьйна Чуьйри-эвлан йуьртан поселенин депутатийн Советан депутат йу.
Мадина мукъачу хенахь байташ йазйеш а йу. Иза Аллах1а делла пох1ма ду шена, боху цо.
– Мадина, маца йолайелла хьо бусалба дин 1амо?
– Тхан чохь доккхахилла деда, денаний дара. Деда 1ела сан йалх шо кхаьчча кхелхира. Сайн кхо шо кхаьчча сураташ Аль-Фалакъ, Ан-Нас, къулха, Айат аль-Курси, эттахьаг, ламазан бист кхаччалц дерш 1амийра цаьршимма суна. Сан денана Жарадат(Хура) Шеларчу Яса1а йо1 (Ясаевг1ар) йара. Шен ваша Со1да Шомсти-хьаьжица цхьаьна хьуьжарехь дешна ву, олура цо. Элпаш цуьнгара схьаэца долийна ас. Х1ара шадерг цуьнгара даьлла беркат ду аьлла хета суна. Баккхийчеран доккха хьикмат (хьекъал) дара, шайн хаарш хиларе терра, дуьнене хьежар а шатайпа дара церан.
– Хьуьжар схьа а йллина. зударшна бусалба дин хьеха муха йолайелира хьо?
– Со доьшуш йолчу хьуьжарехь 300 сов мута1елам вара. Дика доьшуш берш шортта бара, царна йукъахь со а йара. Кху исламан балха т1ехь кхид1а къахьоьгуш д1абаха 1алашонаш, ойланаш йолуш берш а дукха бара. Аллах1ана лиина хир ду-кхцарна йукъара со харжа. Со-м х1умма а йацара. Со Дала харжарх, «уьш эшна бу, со тоьлла йу» аьлла,цкъа а дага ца деана суна. Х1унда аьлча, ц1ена бусалба стаг ша цхьаннел лакхара йа лахара хета йиш йолуш вац.
– Мадина, мехах Къуръан 1амор муха лоруш ду?1емаш волчунна-м Къуръан 1амор пайдехь дара. Д1ахьоьхуш волчо мах баккхар нийса хетий хьуна?
– Цхьа х1ума билгалдаккха луур дара. Таханалерачу дийнахь, масала, багахь церг йоцуш долчу берана, 1овша а 1евшина, нанас бага дуьллуш долу даар санна, цхьа а хало ца хуьлуш рицкъ т1едог1уш долу атта зама йу х1ара. Вайна ма-хаъара, де-буьйса 24 сахьтах лаьтташ ду. 7-8 сохьтехь наб йича (суна 4 сахьт тоьа), 4 сахьт кху балхана (дин лело) хьажийча, кхин 12 сахьт ду дуьненан аг1ора къахьега йиш йолуш.
«1аламат 1аткъаме» аьлла, билгалдо вай 1аткъаме долу цхьа х1ума. «Статусе кхоссахьара», олий,схьайоуьйту «Исламан дин 1амадо», «1аьрбийн мотт 1амабо», «Къуръан 1амадо» бохуш роликаш, 1500-2000 сом мах х1оттабой. Иза ч1ог1а лазаме х1ума ду. Х1унда? Делан Элчано (1.С.В.) туьрца, шен могашалла, дахар, массо х1ума т1аьхьатоьттуш, даьккхина ма ду х1ара дин. Бусалба стаг кхеташ хила веза бакъдерг мичхьа ду, харцо мичхьа йу. Оцу 1илма духкуш болчу нахана х1унда дицделла техьа, олий хета-кх вайна, шайна рицкъ йаздинарг Аллах1 вуйла.
«Аллах1ан дуьхьа лелаш ма дуй вай», олу цара. Бац уьш Аллах1ан дуьхьа лелаш. Х1унда бац? Белахьара и 1500-2000 сом ца дуьйцуш хьоьхур дара цара 1илма, вай лакхахь дийцина 4 сахьт а карийна. Дисинчу 12 сахьтана Дала кхин уьттазза сов а даьккхина рицкъ лур дара царна. Аллах1а ма боху: «Ахь Шен динан некъа т1ехь цхьа г1улч йаккхахь, цхьа шай саг1ийна лахь, йа Шен дош хьуо цхьаъ волуш хьахадахь, тобанехь хьахадахь, сийдолчу тобанахь ву хьо, Шена гергахь сийлахь хир ву хьо».
И нах вайл эшна а карабо вайна. Хьал тоделла а ца хуьлу церан. Хьайна Аллах1а рицкъ йаздиний а хууш, ц1ена нийат а долуш, йохка-эцарх пайда бай а, къахьега. Дала хьан нийате хьаьжжина беркат а дийр ду хьуна. Дала ма боху: «Шуна хьалха рицкъ а даьккхиний бен ца даьхна шу дуьненчу». Т1аккха х1ара дин духкучул а, ойла а йина, нийсачу новкъа вала веза. Цундела оцу нахе доккха дехар дара: «Ма дохкахьара аш 1илма, цо пайда бохьур бац шуна, мелхо а, адаман х1умане сатесна хир ду шу». Дала ма боху: «Хьо цхьана х1умане сатесна велахь, сатесна вуьтур ву хьо». Хьо Делах тешна хила везаш ву, наха луш йолчуьнга са а ца туьйсуш.
Х1ора адаман Аллах1аца з1е хила йеза (контакт), йукъарло а воцуш. Ахь Аллах1е къамел дан дезаш ду, вай вовшен ма-дарра, парг1ата. Цо хьоьга ла а дуг1ур ду, Иза хьуна дуьхьал а вог1ур ву. Ткъа и ши б1е туьма хайра доцуш д1а а дер ду дуьненахь, эхартахь йал а хир йац царна.
– Шайн хьуьжарх лаций дийцахьа, Мадина.
– Х1ара хьуьжар 2011—чу шарахь вайн Мехка-Ненан Айманин лаамца, Мехк-Ден Кадыров Рамзанан омрица Шелан к1оштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-1елас цхьана баттахь йина, д1ах1оттийна йу. Аллах1 реза хуьлийла царна. Х1етахь, оьшучу хенахь, Турпал-1елас г1о а дора — хьехархошна алапаш латтадора. Цу хенахь 10 белхахо вара тхан. Сайна луш дерг хьуьжаран хьашташна хьажадора ас. Х1инца вайна г1о оьшуш дац. Х1унда аьлча, вайн хьалха санна алсам мута1еламаш бац, ткъа цуьнан доккхахдолу бахьана шадолу х1ума телефончу дирзина хилар ду. Вайн хьуьжарна 1едало луш цхьа а х1ума дац. Дала мукълахь, вай сатесна а дац. Дешар махбоцуш ду тхан. Цкъа а спонсорш хилла бац тхан, цхьа Аллах1 воцург. Тахана вайн хьуьжарехь доьшуш 117 мута1елам а, царна йукъахь 10 студентка а йу, болх беш, со а цхьаьна, 3 хьехархо а ву. Бухгалтери, отчеташ айса лелош йу.
Х1ара хьуьжар йеолг1а йухайина йу. Дуьххьара, лач тхов болуш, маьждигах хоьттина чоь йара, шолг1ачух, йаьгча, Къуръанан цхьа аг1о (листок) йисинера, т1ехь 27 айат долуш — «Аль Муъминуна»суратан «Х1ай иман диллинарш», аьлла долу. Оцу айата т1ехь билгалбаьхнарш, валлах1и, зударий ма бу. Вайга кхайкхам бара иза. 21-г1а б1ешо х1ара делахь а, ахь Далла т1е болх биллахь, Цо хьуна г1о до, Иза хьуна дуьхьал а вог1у. Иштта, Делан лаамца йухаметтах1оттийра х1ара хьуьжар.
– Мадина, хьо йохка-эцар лелош а йу, кхузара рицкъане сатесна а йац, Х1ун пайда хуьлуш лелабо ахь х1ара болх?
– Х1ара хьуьжар йацахьара со мегар йара аьлла ца хета суна. Кхузахь коьрте сада1ийта а, ойла Далла т1ейерзо а аьтто хуьла сан. Х1ора адамо Делаца йолу ойла нисйича, Аллах1а хьуна йаздина долу рицкъ схьалур ду. Хьо машен эца водахь, тоьлларг нисйийр йу хьуна, коч эца водахь – уггаре а хазаниг хуьлуьйтур йу хьуна. Массо х1ума а Аллах1а д1анисдо. Хьалха хьо зоь цо, хьан собар делахь(собар – иманца ду, аьлла), собар а деш, до1а а деш д1аводахь, хьо Цо массо а х1уманна т1ехь ойъур ву-кх. Кхин цкъа а олу вай: «1илма дохка (мехах хьехар) нийат а ца хилла, дохка а ца доьхкина».
Цул совнаха, дуьнено адам 1ехадой, цуьнан ойла иман т1ера д1айерзайо. Цхьана х1уманах кхераделча Деле доьрзу адам. Вай махкахь т1омболчу хенахь санна. Тахана вай, нохчий, дуьненаншахвате (марзоне) дирзина. Къаьсттинакегийрхошка ала лаьара: «Кегий болуш йаьккхина йолу г1улч а, дикачу аг1ор йаккхийтина ц1е а, т1аьхьарчу т1аьхьенна а йуьсуш йу. Дала а ма боху: «Хьалха шайн д1абаханчу нехан лоре хьожийла шу. Диканиш белахь – церан лорах г1ойла шу, вониг цара дитинехь – оцу лорах ларлойла шу».
– Хьуна хетарехь, х1ун пайда бохьу зударшна х1окху дешаро?
– Деша йог1уш йерг ханна жима хилар йа йоккха хилар башхалла йолуш дац, Дешна йаьлча диплом ло «Имам-хатыб». Школехь а, хьуьжарехь а,институтехь а д1ахьеха йиш йолуш хуьлу иза. Зудабераш, дукхахьолахь, шайн хинболчу а, болчу а доьзалхошна кхетош-кхиоран болх д1ахьеха хаийта а дог1у кхуза деша. Х1ара дешар х1унда доьшуш ду? Массо а аг1ор корматалла хилийта. Корматалла хилча хьуна дан дезарг карадо, рицкъ даккха хьекъал а кхочу. Суна а карадо. Цхьацца белхаш бо ас йохка-эцарца боьзна болу а, 1едалана. Амма цкъа а 1илма доьхкина дац вай, иза йуха абилгалдаккха лаьа.
2010-чу шарахь Нохчийн Республикин муфтиятехь д1айехьира Ерригроссийски исламски конференци. Россин дуккха а регионашкара зударий-1еламнах бара цигахь. Цигахь ас доклад йира, айса кечйинайолу, «Будущее поколений – в руках верующих матерей» аьлла. Цу йукъахь билгалйинарг вайн Мехка-Нана Кадырова Аймани йара. Х1унда аьлча, иза иман долуш ца хиллехь, цуьнан доьзал зуламе баьлла хир бара халкъана. Цундела, иман, хьикмат (хьекъал) долуш йолчу зудчо кхиийначу доьзалах 1аламат беркат хуьлу, кхерчан йовхоно ца кхиийна болу доьзал махкана а бале болу. Оцунна т1едоьг1на хьоьхуш ду-кх вай х1окху зудаберашна бусалба 1илма. Дала мукълахь, кхарех иман-ислам долуш, беркате х1усамнаной, наной а хир бу-кх.Дешархой Чуьйри-эвлара хилла ца 1аш, гонахьарчу йарташкара а бу.
Дика дош ала лаьа шайн хаарш мута1еламашкахазачу маттаца, к1едачу озаца, кхета а беш,д1акхачош болчу тхайн хьехархойх Берсанова Малканах, Хамаев Саламбеках. Аллах1 реза хуьлийла кхарна, Дала шайн 1илманехь совбохийла уьш.
Тхо Юсупова Мадинех лаьцна йазйан даьхкина дуй хиъна, т1евеара уллехь долчу рузбан маьждиган завхоз Гетиев Исраил.
«Мадина жима йолуш дуьйна Къуръан а 1амийна, йуха и нахана д1ахьоьхуш, ч1ог1а беркате йо1 йу, – бохура цо. — Баккхийчу а, кегийчу а зударшна, зудаберашна д1ахьоьхуш, шен харжаш а йеш, беш бу цо и болх. Цхьана муьрехь накъосталла дина цунна, х1инца д1атесна йитина а йу-кх иза. Махкахь дуьххьарлера зударийн хьуьжар йу х1ара. Доьазлаг1а йухайина йу хьуьжар, амма х1ара болх д1атосур болуш йац Мадина. Шен йохка-эцар лелош а йолуш, кху балхана харжаш йан а ларайо иза. Деш долу тодарш (ремонт) а шенчоьтах до. Тхан йуьртана доккха беркат даьлла, тхуна боккха йуьхьк1ам бу Мадина. Дала дукхайахайойла иза».
А.СУЛЕЙМАНОВ
Суьрта т1ехь: Чуьйри-эвлара «Муъминат» ц1е йолу зударийн хьуьжар.
А. АШАБАН сурт
