Иза шен халкъана орцах ваьллера

21.08.2025 Выкл. Автор Zama

Нохчийн халкъан сийлахь кIант Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) шен халкъана орцах ваьллера, вайна тIе кхераме хьал хIоьттича. Иза вайх, нохчех, бусалбанех, цхьаъ вара, амма иза шатайпа стаг вара, шен халкъ дезаш, цунах дог лозуш, дахар дика девзаш, шеца кIорггера Iилма долуш, кхерамна, халонна хьалха вухавер воцуш. Делан лаамца цо тIелаьцнарг доккха декхар дара: шен къам баланах, хIаллакь хиларх кIелхьардаккхар. Цо и декхар кхиамца кхочушдира, халкъан дуьхьа шен са дIа а луш.

Вайн халкъана тIе бохам беача, иштта доьналла а, йахь а йолу къонах волу вайна йукъара. Хьалхалерчу заманашкахь буьззина нохчийн къонахий, халкъан турпалхой хилла бу Шайх Мансур, Адин Сурхо, Мадин Жаьммирза, Жумин Акхтула,Таймин Биболат, Бенойн БойсагIар, Харачойн Зеламха, дуккха а кхиберш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа церан могIарехь волу вайн заманан турпалхо, халкъ кIелхьардаккха араваьлла йахь йолу къонах вара. Цунна дика девзара шен халкъ, бевзара цуьнан лазамаш, цо халахеташ тIеоьцура цунна тIехIуьтту бохамаш.

КIорггера дешна Iеламстаг ша хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжа, хIора а боккху ког динца а, Къуръанца а, Мухьаммад-Пайхамаран (1.с.в.) хьадисашца а бустуш, схьавогIуш вара. Хьалхара тIом дIа а баьлла, вайн республикехь ваххабисташ а, церан идеологаш а баьржича, муфти а, Iеламстаг а волчу цунна хиира, мел боккха кхерам бу цу телхинчу наха бусалба динна а, ворхIе а дайшкахь нисделла схьадогIучу нохчийн йукъараллин дахарна а бахьаш берг. Нохчийн амалца, вадца, гIиллакхашца аьттехьа ца догIу хIуманаш вайна йукъахь даржо гIертара и йовссарш,

Дела а, дин а, Къуръан а дуьйцуш. Ахьмад-Хьаьжас луьра къийсам болийра цаьрца. Цунна йуххе хIиттира кIант Рамзан а, кхин шортта тешаме къонахий а. МостагIо тешнабехк бора, шен ка ма-делли, цо йамартлонан некъаш лоьхура Ахьмад-Хьаьжина а, цуьнан накъосташна а дуьхьал ша бечу тIамехь. Мосуьйттаза лелхарш хилира Ахьмад-Хьаьжа нахаца къамел дан веанчу меттигашкахь, цунна уллера кегий нах, шен гергарниш а тIехь, декъал хуьлуш меттигаш а нисйелира. Дала гIазот къобалдойла церан! Иза онда къийсам бара, халкъан дуьхьа Ахьмад-Хьаьжас болийна болу. Дала аьтто бира цуьнан цу къийсамехь толам баккха.

Нохчийчохь шолгIа тIом болчу халачу муьрехь халкъе хаьттира Ахьмад-Хьаьжас: «Шуна гуш ду хуьлуш дерг. Вайна тIехIоьттинарг хала киртиг йу. Кху баланах довла некъ ца лехча ца болу. Вай хIун до?» Халкъ, шеко йоцуш цунах теша а тешна, машаре боьдучу новкъа делира. Нахана кIордийнера тIом: денна хезаш долу ирча кхаьънаш, дойу адамаш, тIеман кIуьрлахь тIепаза бовш болу махкахой, отуш йолу гIаланаш, йарташ – и дерриг а лан  хала дара. Бохийна, баржийна мохк гуш, шайн синош довдийна, махках дуьйлучу адамех дог лозуш, холчохь бара нах. «Вайна ма ца оьшура тIом, дохар, даржар. Халкъе хаьттина дина хIума ма дац, йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхош!» – бохуш долу хабарш хезара халкъалахь. Иза иштта дан а дара.

Хьекъалечу наха ма бехира, Соьлжа-ГIалахь майдане а хIиттина: «Маршо! Нохчийчоь!» – бохуш, маьхьарий хьоькхучу нахе: «Сих ма ло, ма баийта кху чу тIом! Халкъ хIаллакдан гIерта шу?» Амма цаьрга ла ца дуьйгIира, «национал-предательш» аьлла, цIерш техкира царна. Вайн халкъана йукъара Iилманчаш, йаздархой, журналисташ, хьехархой, лоьраш, нохчех къахеташ, хиндерг хууш нах ма бара уьш. Амма оцу халачу хенахь «паргIато йаккха» хьалхабевллачу лидерша дIатеттира интеллигенци, политика хIун йу а хууш, махкахь хIоьттинчу хьолах дика кхеташ болу хьекъале нах.

Ткъа хилларг хилла даьлча, тIом гена а баьлла, мохк хIаллакбича, дерриг а дIадерзо Ахьмад-Хьаьжин дийзира. «Патриоташ» а, «Iасанашца кеманаш чуоьхуьйтуш берш» а къайла бевллера, миска халкъ дIа а тесна.

Ша Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийча, уггаре а шен коьрта декхар тIом дIабаккхар лерира Ахьмад-Хьаьжас. Цо дерриге а дуьненна хоуьйтуш, дIахьедар дира: «Со тIом сацо веана вац, со иза дIабаккха веана ву», – аьлла. Иза уггаре а хьалха дан дезарг дара. Цо дукха цхьаьнакхетарш дIахьора аренца болчу тIемалошца, церан командирашца, уьш машаре новкъа баха царна хьехарш деш. БIеннашкахь, герз  охьа  а дуьллуш, тIамна йуккъера схьабевлира уьш. Ша царна делла дош, цхьана а хIуманна тIехь ала хIума ца дуьтуш, кхочушдора Ахьмад-Хьаьжас. Берриш а аьлла герз охьадилинарш машаречу дахаре баьхкира. Царах цхьаберш керла кхоьллинчу нохчийн милицин могIаршка а хIиттира, Iедал а, къепе а, машар а ларбархьама. Нохчийчоь машаран новкъа йаьллера, цуьнан теш хилла дIахIоьттира 2003-чу шеран 23-чу мартехь республикехь дIайаьхьна референдум. «КхидIа вайн некъ Россица бу», – цу ойланна тIехь сецира нохчийн халкъ.

2003-чу шеран 5-чу октябрехь дIабаьхьначу харжамашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент хаьржира, 80 процент сов бахархоша шайн кхаьжнаш цунна дIа а луш. Халкъо ша цунна белла тешам тIечIагIбира цу дийнахь. Ша гуттар а вара шен халкъах тешаш, олура Ахьмад-Хьаьжас. Цунна чIогIа дезара шен халкъ, ша деш дерг дерриг а цуьнан дуьхьа деш, цуьнан халонаш дIайаха гIерташ, мискачу нехан дог эца гIерташ вара иза. Нахана а чIогIа везара Ахьмад-Хьаьжа, царна хаьара, цо шаьш нийсачу, машаречу, беркатечу новкъа даьхнийла.

Республика, халачу тIамех чекхйаьлла, денлуш, когаирахIутташ йара цу шерашкахь. Ахьмад-Хьаьжа ша ца кхоош къахьоьгуш вара, республикин экономика меттахIотто гIерташ, нахана белхан меттигаш хуьлуьйтуш, дешаран а, могашалла Iалашйаран а, культурин а гIуллакх дIанисдеш.

Амма мостагIий а бацара йухабовла дагахь. Ахьмад-Хьаьжина тешнабехкаш бора цара аьтто баьллачохь.

2004-чу шеран 9-чу майхь, йерриге а Россехь Толаман Де даздечу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу стадионехь эккхар дира Делан а, халкъан а мостагIаша. Цу дийнахь кхалхар хилира нохчийн халкъан сийлахьчу баьччин, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!).

Халкъана ла цайаллал хала чов йира йамартхоша. Цара вийнарг халкъан тхьамда вара, адамаша машаречу, ирсечу кханенга сатесна йолу догдохийла шеца йахьаш вогIу сийлахь къонах.

Историкаша, политикин Iилманан талламхоша, журналисташа лаккхара мах хадийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн республикехь тIом дIабаккхарехь а, машаре дахар дIахIотторехь а бинчу белхан. «Феномен Кадырова Ахмата-Хаджи» олу цара цуьнан дар-леларх шаьш йазбечу белхашкахь а, статьйашкахь а. Уьш талла гIерта, политик ца хиллачу стагах дуьненна а вевзаш, массара а цунах тамаша беш, политик а, куьйгалхо а муха хилира. Замано а, хIоьттинчу хьоло а вира цунах политик а, дипломат а, халкъан баьчча а. Амма иштта жоп а дуьззина хир дац. Цунах лидер винарг а, дуьненна а иза вовзийтинарг шен халкъе цуьнан болу безам бара, цуьнан дуьхьа вала а иза кийча хилар дара.

Шен дас вайга кховдийначу сирлачу новкъа а ваьлла, йоццачу хенахь вайн республика йухаметтахIоттийра Мехк-Дас Кадыров Рамзан-Хьаьжас, ша регионан куьйгалле веача. Вайн гIаланийн а, йартийн а хьал цкъа а ца хиллачу кепара хазделла, хийцаделла дIахIоьттира. Соьлжа-ГIала тахана къилба Россехь уггаре а хаза гIала йу. Иза машаре а, беркате а шахьар йу.

Тахана вайн догдохийла йу кханалерчу ирсечу дахаре. Ахьмад-Хьаьжас, шен халкъана беркат дахьаш йогIур йу аьлла, сатийсина хан тIекхаьчна.

А. МУСАЕВ