Къонахий леш бац!
21.08.2025
Ахьмад-Хьаьжа Кадыров! Билггал бакъ а долуш, нохчийн къам х1аллакьхуьлучуьра к1елхьарадаьккхинарг иза ву. Цхьаболчара дуьненан ирс лоьхучу хенахь Ахьмад-Хьаьжас шена т1елецира къоман бала. Шолг1а а Нохчийчу и къиза т1ом ца баийта г1ерташ, цо латтийра къийсам Масхадовца а, Басаевца а, церан ц1уьх1аршца а. Цу хенахь бакъдерг ала ваьхьаш цхьа а вацара, цхьа Ахьмад-Хьаьжа воцург. И бакъ вуй хуъушехь, къоман бала боцуш берш шаьш хьарам гулдинчу рицкъанийн 1индаг1ехь токхе меттиг а карийна, х1ун хуьлу-техьа кхид1а, бохуш, тийна 1ара.
Цхьаболчара хьалххе кечйинера шайна а, шайн доьзалшна а кхечу пачхьалкхашкахь 1ан а, даха а меттигаш. Нохчашка ц1ера цадовлар а доьхуш, цара шайн доьзалш хинболчу т1амна гена баьхнера, хьарамчу рицкъанах цу пачхьалкхашкахь ц1енош а, виллаш а эцна. Ткъа къам, миска къам, т1амо шолг1а а хьаьшира, човхийра, сийсаздира, дагийра, этира, г1елдира, амма эша-м ца дира. Г1ийлачийн, мискачийн, заь1апхойн, хьалхарчу т1амехь байш дисина долчу берийн дуьхьа, т1амо 1адийна латточу мотт ца хуучу хьайбанийн дуьхьа, Дала нохчийн къомах къинхетам а бина, къомана хьалхаваьккхира къонахчех а къонах волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Нохчийн Республикин цкъачунна х1оттийна куьйгалхо волуш а, цул т1аьхьа Нохчийн Республикин Президентан дарже халкъо ша хаьржича а, цуьнан хилира доьналла а, майралла а, хьекъал а нохчийн халкъ нийсачу новкъа дига, машар йухаметтах1отто, цакхетарг кхето, харцонна дуьхьала х1отта, бакъдерг толо.
Цунна карийра накъостий, шеца вон а, дика а, хало а, аьтто а цхьатерра доькъу дерш, шен к1ант Рамзан хьалхара а волуш. Цо д1агайтира дерриге а дуьненна нохчийн къоман бакъдолу сурт, бакъдолу васт.
Ахьмад-Хьаьжас нохчийн къомана бина болу дика болх бийцина а вер вац. Д1адаьлларг, мел йоккха хало йолуш и хиллехь а, цул т1аьхьа, цхьа хан йаьлча, атта хета. Амма и т1ом болчу хенахь, т1ом чекхбаьлчахьана, и т1ом боцург, х1уъа хало а лан милла а реза вара, мел кхуссу герз а шен керта кхуссу моьттуш, доьзална а, шена а дан х1ума доцуш. Мел ойла йарх, хууш дацара аьттехьа а, х1ун хир ду нохчийн къомах, маца чекхбер бу т1ом. Адам хьере дара. Буьйсенга ваьлларг 1уьйренга вер ву ала хала долуш, дикка хан йелира.
И иштта хир дара йеххачу хенахь, нохчийн къам кхачадаллалц, нагахь санна и къам нийсачу некъа т1е х1отто Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ца хиллехьара. Цуьнан йуьхь-сибат, вистхилар, болар, д1ах1оттар, б1аьргийн хьажар, багара долу дош – къонахчун дара. Бусулба дин а, дуьненан г1иллакхаш а шена довзаре терра, цунна хиира бакъболу некъ бовза, цу некъах нах кхето, уьш шена т1еберзо. Бакъ а долуш, Дала дика дина стаг вара Ахьмад-Хьаьжа: къонах хила, шен къоман дуьхьа ваха, шен къомана ваца, шен къоман дуьхьа вала, цу къоман иэсехь гуттаренна а виса йаздина хиллера цунна азаллехь цуьнан са кхуллуш. Х1ун хира ду цул доккха, цул деза х1ума, ойла йича?!
Цо шен халкъан дуьхьа динарг цкъа а довр дац. Къизачу куьйго т1ехулара д1ахадийча а, бухахь бисинчу орамо марг1ал а тосий, и доккха хуьлий, йуха а маьлхан з1аьнарша хьоьсту стоьман дитт. Цунах терра, Ахьмад-Хьаьжина лиънарг кхочушдан шел т1аьхьа цо витна шен к1ант Рамзан.
…Къонахий леш бац. Уьш даима а бехаш бу нохчийн къам а, Нохчийчоь а мел йезачийн дегнашкахь.
Дала церан г1азот къобалдойла!
Дала декъалбойла шен къоман маршонан дуьхьа кхелхинарш!
Б. МАГОМАДОВ.
