Самадовлийша, нохчий!
25.04.2025Массех шо хьалха цхьа г1уллакх эцна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин институте ваханера со. Заочни декъан деканата чу вахча, цу чохь болчара сайга хаьттинчо цецваьккхира со. «Бехк ма биллалахь, хьуна нохчийн маттахь йеша хаьий?» — иштта дара соьга дина хаттар. «Суна-м йазъян а хаьа нохчийн маттахь», — сайга забар йо моьттуш, жоп ло ас. «Тахана кху чу баьхкинчу иттаннах хьо дуьххьарлера ву-кх и хаьа олуш», — боху цара.
Кхузткъа шарал т1ехваьлла волчу соьга а «хьайн ненан мотт хаьий хьуна?» — боху хаттар луш хилча, вайн меттан г1уллакх мел эрча даьлла гуш ду. Нохчийн мотт ЮНЕСКОс дуьненчуьра д1абаларна кхерам болчу меттанашна йукъабахийтина аьлла хезча, «бакъ дац иза, вай цадезачара кхоьллина эладитнаш ду уьш», — бохуш маьхьарий хезара вайна. Бакъ-м муххале а дара иза. Х1унда ду а дуьйцур ду ас.
Х1аъ, Нохчийн меттан де ду даздеш. Амма, боккъалла а аьлча, даздан дезаш де дацара иза, вай делха дезаш де дара. Оцу дийнахь а, цунна т1екхочучу муьрехь а нохчийн маттана т1е тидам бахийтарх тоьаш дац.
Нохчийн Республикин Конституци т1ехь нохчийн мотт, оьрсийниг санна, пачхьалкхан мотт бу аьлла, т1еч1аг1дина ду. Амма иза йаздина хиларх тоьаш дац. Массо а меттехь, цхьа закон йукъадаьккхича, цуьнан кхочушдар дика хилийта, оьшучу министерствоша жоьпаллин стаг билгал а воккхуш, муха, х1ун дан деза, олий, нормативни акташ кхуллу. Ткъа вай иза дина дац. «Пачхьалкхан мотт» бохург дукхахболчу нахана х1ун ду а ца хаьа.Уггар хьалха, муьлххачу а структуре д1ахьедар (заявлени) нохчийн маттахь йаздан а, цу маттахь хьайна жоп деха а бакъо хилар ду. Ткъа цу балхана вайн чиновникаш нохчийн мотт шайна хууш хила беза. Цундела, 1едалан балха оьцуш волчу стагенохчийн меттан экзамен йалийта йезара. Ткъа иза лелон дезар дацара, вай шерашкахь дийца а дуьйцуш, кечам бац бохуш, кхочушдеш стаг а воцуш, лаьттина долчу, школашкахь йуьхьанцарчу классашкахь къоман маттахь хьехар йукъадаккха деза бохуш долу х1ума чекхдаьккхина хиллехьара. Кечам беш стаг а волчух тера дац, школашкахь нохчийн меттан сахьташ жимдалар доцург, толуш х1умма а дац. Цу хьокъехь аьлча, къоман школа кхиорехь российски кхидолчу къаьмнел дуккха а т1аьхьадисина вай (йа т1аьхьакхиа г1ерташ къахьоьгуш а дац).
Цунна тоьшалла до нохчийн г1араваьллачу йаздархочо Ахмадов Мусас. Цо нийса жоьпаш делла нохчийн маттана дуьхьалболчу вайн оппоненташна (ма-дарра аьлча, къам цадезачарна).
Цо билгалдоккху: «Нохчийн мотт цахаарх стаг вахалур ву, рицкъа а даккхалур ду (иза коьртаниг делахь), амма шен къоман башхаллех, билгалонех стаг д1ахедар ву. Шен дайшца йолу з1е д1айер йу-кх. Дийнатех тарлур ду-кх вай». Жам1 деш, бохуцо: «Дела реза хинволу г1уллакх а дац иза. Сийлахьчо вай нохчий долуш кхоьллина, вайга иза хетта ца хоьттуш. Делан лаамна вай реза ца хилча довлац». Ас цуьнан дешнаш хийца а ца г1ерташ, ма-дарра схьайаздина, уьш сан даггара долун делаа, цул дика суна ала хуур доцун дела а.
Кхозлаг1ниг – коьртачех. Вайн г1аланашкахь,йарташкахь, наггахь а къоман маттахь йоза гой вайна? Дера, пачхьалкхан учрежденешкахь гочдарш-м ду. Амма цхьа урам, наггахь йолу туькайоцург, кхийолу объект нохчийн маттахь йоза долуш йац, моьттур ду вай цхьана оьрсийн г1ала кхаьчна. Хала ду иза йаздан? Оьрсийн меттан санна «кириллици» т1ехь йу вайн алфавит, цхьаъ бен вешан элп а доцуш. Вайн халкъан йуьхь ма йу иза, муьлххачу а т1евеанчу хьешана уггар хьалха д1агуш. Хала нисдан дезаш х1ума а дац иза.Меттигерчу 1едало цхьа омра (распоряжени) тоьхча тоьардолуш, нийса ца йаздинчунна г1уданаш а тухуш. Вайн законо магош х1ума а ду иза. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах урам» — аьлча хаза хир дацара? «Магазин» меттана «туька» аьлча дика хир дацара? Йа, «Кафе» меттана –«Кхачананчоь». Масане ду уьш вайн к1оргачу, хазачу нохчийн маттахь йаздан йиш йерш. Кхечу къомах берш ца кхетарна кхоьру техьа вай? Ма сиха 1емар бара уьш.
Тидам хиллий вайн, вовшашца къамел деш,баккхийчара а цхьана, терахьаш муха дуьйцу? Цхьаболчарна «терахь» боху дош х1ун ду а ца хаьа.
Вай лакхахь дагардина кхо х1ума вовшашца хоттаделла а, доьзна а ду.
Уьш кхочушдича г1уллакх меттахдер дара. Муьлхха а мотт кхиорехь кхолла дезаш ду иза дахарехь оьшун болу хьелаш (востребованный хилар). Школехь 1амош а хилча(х1инца 1амабар 1амор дац; шена луучо 1амабо,ткъа лууш берш к1езиг бу), балхахь а, дахарехь а оьшуш хилча мотт толур бу, хазлур бу, кхуьур бу.
Вайна массарна хаа а хууш, аьлча дуккха нахана 1отталур дуй хууш, вай ала ца х1уттуш кхин цхьа х1ума ду. Вайн къомана йукъахь т1ебаьхкина нах дукха бу: суьйлий, г1умкий, 1аьндий, кхиберш. Уьш шаьш нохчий бу бохуш лелаш ма буй, царех дукхахберш, нохчий а хилла, нохчийн г1иллакхаш а лелош, нохчашна бохам т1ебеъча хала а хеташ, нохчашца белшах белш а тухий д1а а х1уьттуш болу нах бу. Цара шаьш мичхьара, хьанах схьадевлла лечкъа а ца до, и эхь доций хууш. Амма цхьа дакъа ду вайн махка т1ом чубеъча самукъадолуш, вай – нохчий – майра нах ду, т1ом бан беза вай даллалц, бохуш, марса а дохуш, шаьш йуьстаха а 1аш, вайн къам х1аллак хилча хазахеташ болу нах. Уьш тахана а, цхьацца даржашкахь а болуш, нохчашна нохчийн мотт а, г1иллакхаш а 1амош, йаккхий таронаш а йолуш нах бу. Церан ца лозу нохчийн къомах, нохчийн маттах цуьрриг дога, цара а дуьтур дац вай вешан къоман мотт кхиорехь аьтто хилийта.
Х1инццалц хилла йац вайн къоман мотт кхиорехьа йолчу аг1ор йоккха г1улч йаккха тахана санна аьтто болуш зама. Суна билггал хаьа, и г1уллакх кхочушдалур долуш вайн Мехка-Да Р.А.Кадыров бен вац. Вайн ма хаъара, Рамзана Ахматовича д1айолийна 1алашо (проект), цо «дан деза» аьлла долу г1уллакх кхочуш ца хуьлуш дисина дац цхьа а. Амма оццул къомана оьшуш долу коьртаниг – мотт кхиор цунна т1едахьа балаболуш стаг волчух тера дац. Иза дан ца оьшу олуш берш -м шортта болчух тера ду. Суна-м ца хаьа, стенга йахана вайн къоман интеллигенци, къомах дог лозуш болу нохчийн меттан 1илманчаш?
Хьалха а ваьлла цу г1уллакхан кхачо йинарг т1аьхьенехь турпал санна хестош, къомо вазвина,айъина хир ма ву аьлла ч1аг1о йан ваьхьар вара-кх со.
Самадовлийша, нохчий!
А. СУЛЕЙМАНОВ.