Нохчийн мотт
25.04.2025БАНЖАЕВ Аьрзу
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш хезча,
Суна дагавог1у сайн да, денда.
Нохчийн мотт, хьо тесна байча,
Ойла йо: вац-те церан да, денда?
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш дайша,
Муьлхха а сурт мел ч1ог1а лора тан,
Ойла, кхоьссина т1улг санна,
Ца туьгура сан йухайерза ц1а.
Нохчийн мотт, хьо буьйцуш хезча,
Суна дагавог1у сайн да, денда,
Хьо г1елбелла, соьцуш байча,
Хала ду суна т1аьхьалонаш лан.
Нохчийн мотт, хьо иштта байча,
Герга ма ду тхан дайн г1иллакхаш дан.
И г1уллакх коьрто ца лайча,
Нигат хуьлу сан хьоьца вала, ван.