Керла ц1енош деш ду Шела г1али йуккъехь
26.02.2025
Кху тlаьхьарчу ткъех шарахь дукха гlишлошйина вайн махкахь, цу тайппана тахана а, х1окху 1аьнан муьрехь а бу цхьаццагlаланашкахь дlахьош гlишлошйаранбелхаш.
Иштта, Шела а йу шо-шаре мел дели тlеттlахазлуш, толуш лаьтташ. Хьалха хиллачусуьртаца дуьстина аьлча, тахана дуккха а хаза йу иза.
2023-чу шеран, мангалан (июль) беттан 20-чу дийнахь Шела г1алин Мухьаммад Пайхамаран(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цlарахдолчу «Бусалба нехан дозалла» маьждигнагена доццуш дан долийра дукхапетарийн диъцlа – «Ахмат» ц1е йолу дахаран-1еран комплекс хир йу цунах. Йерриге оцуцlеношкахь хир йолуш йу 680 квартира. Вуьшта аьлча, хlора а цlийнан тхов кlелахь 170квартира. Нах охьа-хьала баха ши лифт а, йиълифт киранан а (грузовой) хир йу хlорацlийнехь. Тахана а хаддаза белхаш бу оцудекъахь ООО «Горстройторг» компанинбелхалоша дlахьош.
Гlишлоша д1алоцун йерг йерриге а 14,523 гектар майда йу. Цlенош 22 гlатташ (этажаш) долуш хир долуш ду, ши гlатт — лаьтта бухахьа, ткъех гlатт — тlехулахь а долуш.
Билгалдаккха лаьа, лаьтта бухахь долу гlатташ совдегараллина (коммерцина) къастийна деш хилар а, ткъа тlехуларниш –нахана lиэр-дахарна лерина хилар а.
Шела гlалин мэрин гlишлошйаранотделехула хиллачу хаамца аьлча, и диъ цlадина даккха лерина ду 2031-чу шеран оханан(апрель) беттан 1-чу дийнахь.
МАТАГОВ Ихсан.
Суьрташ т1ехь: де-дийне мел долу хьаладоьлхуш ду Шела г1али йуккъехь дешдолу керла ц1енош; дахаран-1еран «Ахмат» комплексан диъ ц1а иштта хир ду дина даьлча(«Шали-ситина» аьтту аг1ор лаьтташ дерш).