Шелара Дуьрда-Шайх

26.02.2025 Выкл. Автор Zama

   Дуьрда-Шайх Шелахь ваьхна вуй а, цо шен болх кхузахь д1акхехьна буй а, кхузахь д1авоьллина а, цуьнан зийарт дуй а вайна хууш дара. Амма и хаарш ч1ог1а к1езиг дара х1инццалц.

   Тахана вайн аьтто бу Дуьрда-Шайхан ц1ийнах волчу, Гелдаганарчу  Джаблаев Аюбханца (Леча) цунах лаьцна къамел дан. Къамелехь дакъалоцуш вара Шеларчу Дуьрда-Шайхан ц1арах йолчу Хьафизийн школин директор Джамбеков 1абдул-Малик а.

  Джаблаев Аюбхана (Лечас) дуьйцу: «Дуьрда-Шайх (Дардал) маца вина билггал хууш дац. Тхан ц1ийнах боьрша нах к1езиг кхуьуш бу. Шелара ду тхо, тайпана эрсаной а долуш. Шелара Сту бийна аре (Туба бохуш тхан дайх стаг хилла, цуьнан хилла и меттиг) къевсина, шайн тайпанах стаг (эрсано) кхелхина цуьнан жимахволчу вешин Дожин карах. И бахьана долуш, «кху йуьртахь 1ар вайна г1иллакхе дац», аьлла, «д1а ма-г1ахьара шу» бохуш, Гермачига кхаччалц дехаре баьхкина нах а болуш, Дуьрда-Шайх а, Дожа а Гелдагана д1абахана. ДуьрдаШайхаца гергарло ч1ог1а хиларна, цаьрца цхьаьна йалхойн тайпана волу Умха а вахана.

   Гелдаганахь эвла йуккъе охьахиъна иза а, цул лакхахь, цуьнан ваша ву а олуш хилла волу, Умха а. Тхо а, Умхин т1аьхьенаш а цигахь дехаш ду х1инца а.

   Гелдаганахь ворх1 (7) шо а даьккхина, Дожа Гелдаганахь д1а а нисвина, шайн дай баьхначу метте Шела (хьалха районни суьдан г1ишло лаьттина, х1инца Хьафизийн школа йолу меттиг) йухавеана Дуьрда-Шайх.

  Илсхан-йуьртарчу Киши-Хьаьжин уллера мурд хилла ву иза. Дуккха а бу Шелахь цо бусалба дине а берзийна, нохчий а бина, эрсаной бу, аьлла, т1елаьцна нах. Церан т1аьхьенаш йолуш йу х1инца а Шелахь.

   Гелдаганара Эсамби-1ела (Дуьрда-Шайхан йо1 хилла цаьргахь марехь) хьалха а волуш, йоккха тоба йеана хилла шайхана т1е, «хьайца тоба дайта» аьлла.

Х1ан-х1а, со вац шу т1аьхьах1итта дезаш верг, Эвтарара «баккхий когаш берг» Баматгири-Хьаьжа (1овда) ву, аьлла цо. Цул т1аьхьа ворх1 (7) шо даьлча, 1овдица тоба дина хилла цара. Лерича,1830-1900 шераш хуьлу Дуьрда-Шайх ваьхна хан.

  Делан некъа т1ехь къахьоьгуш, г1иллакхца, г1ийла лелла стаг ву иза. Вайгахь Дуьрда-Шайхан оба а, кхин а цхьацца х1уманаш йара хьалха. Дукха готта йолуш, суна г1одайуккъехь т1е а ца кхочура иза (со верстана а вац). И кхелхича, лийчош волчунна хиъна, цхьа дакъа а лоций, гайн меттана, йуккъе ч1епа т1улг а буьллий, важа дакъа т1ехула доьхкуш лелийний цо шен оба. «Векъа к1ант», «1аьржа к1ант» олий, ц1е йоккхуш хилла цуьнан. Басана 1аьржа а, дег1ана лекха а волуш хилла иза.

   Дуьрда-Шайхан да Хьаммирза хилла. Цуьнан дай Абу, Ахьмад хилла, цаьршиннах хьалхара-т1аьхьара билгалваьлла вац. Дуьрда-Шайхан йиъ(4) йо1 хилла. Цхьаъ хьалхе кхелхина. Кхин цхьаъ Гелдаганахь марехь хилла, важа Шелахь хилла, цхьаъ Гермачигахь хилла.

   Дуьрдин цхьаъ бен воцу ваша Дожа, къола деш а волуш, харцхьа лелаш стаг хилла. Тхо цуьнан т1аьхьенех ду. Дуьрдас дукха баьхна цуьнга «1ад1ахьара хьо, хьоьца цхьана тхов к1елахь 1а ца ваьхьа со, рицкъанах кхета ца ваьхьа». «Д1айаахь, наха а йууш хилча, хьуна х1унда ца мега иза?»жоп луш хилла вукхо. И волчехь буьйса йоккхуш а ца хилла Дуьрдас.

  Заг1ир бохуш волу, кхаьрга хьажа-х1отта вог1уш волу стаг волчехь буьйса йоккхуш хилла Дуьрда-Шайха. Заг1иран ваша хилла Идал ц1е йолуш. Иза а хилла Дуьрда-Шайха лелориш бозбуанчаллаш ду бохуш. Цкъа гомаш-буг1а а йоьжна, дечиг дан вахана хилла иза. Ц1а вог1уш, буг1а йохйелла, хит1е ма кхеччи, охьайижна, вордан т1ехь дечиг а долуш. Идал буг1ина дов деш хилла, боьха бага а лейеш, ира дечиг а 1уьттуш ца торруче. Буг1а меттах а ца йолуш, 1аш хилла. К1ад а велла, Идал охьахиъна. Буг1а меллаша хьала а г1аьттина, х1умма а ца хилча санна, ц1ехьа йолайелла. Цец а ваьлла, ц1а веана Идал. Шозлаг1чу дийнахь Дуьрда-Шайха Заг1ире аьлла: «Тхо селхана цхьана х1урда-кеманна накъосталла дехна дахана дара. Идала и боьха багайетташ, царна йукъахь суо муха 1а ца хууш 1аш вара со. Буг1ина коьртах куьг а хьаькхна, «д1айолалохьа, д1авигахь х1ара кхузара», аьлла, ц1а валавайтира ас.  Идална хиъна, цо лелориш бозбуанчаллаш доций, цуьнгахь авлийаийн дакъа ца хилча, цунна хаа йиш йоцчехь ша варий а. Цул т1аьхьа Идал котамна а сара ца ластош, зингатна а новкъарло ца йеш, битаме веана хилла.

    Киши-Хьаьже хоттуш хилла боху наха: «Хьан мурдаш Хьаьжин ц1ахь ламазаш деш бу ма олу, муьлш бу, дийцахь». Цо жоп луш хилла: «ДуьрдаШайх». Йуха а, йуха а хаьттича а, изза олуш хилла цо. Хьаьжц1а боьлхучарна т1едуьллуш хилла, цигахь шайна и гой хьовсалаш, олий.  Хаамаш бохьуш хилла, кхоалг1ачу мог1арехь, ворх1олг1а лаьтташ вара, олий. Т1аккха а, ца тешаш, йуха вахийтина, шайна тешаме ву аьлла хетарг. Цуо а изза аьлла. Т1аккха Мохьтуху Ибрах1им олуш волу стаг вахийтина, цо а иза бакъ дина: «Кхоалг1ачу мог1арехь, ворх1олг1а лаьтташ вара иза», аьлла. Шеларчу маьждигчуьра, рузбан дийнахь, нахаца цхьаьна мачаш т1е а йухий, араволуш а хилла Дуьрда-Шайх.

  Тхан нана Эвтарара йара, 1овдин кертара. 1овдин йо1 Пет1амат, Яндыркехь марехь хилла йолу,цуьнан шича йара. Кест-кеста вайга йог1ий хуьлура иза.

  ДуьрдаШайхах лаьцна, цо аьлла, дина бохуш долу дийцарш шортта долуш ду. Дала мукълахь, т1ейог1учу заманчохь вай уьш зорбане дохур ду. Дала т1аьхье беркате йойла вайн.

 

                                                                                  СУЛЕЙМАНОВ Абубакар.

Суьрта т1ехь: Шелара Дуьрда-Шайхан ц1арах йолу Хьафизийн школа.


АШАБ
Ахьмадан сурт.