Вай дицдан йиш йоцург

23.02.2025 Выкл. Автор Zama

 

Кху шеран чиллин беттан 23-чу дийнахь 81 шо кхечи нохчийн халкъ, Къилбаседа Кавказерацхьадолу къаьмнаш санна, нуьцкъаха ара а даьккхина, шийлачу, хийрачу Сибреха(Казахстан, Киргизи) д1ахьажийна. Ц1ера арабохучу хенахь дуьненчохь а болуш, и бала буьззина хьега а хьегна, и шийла де дага а дог1уш болу вайн къаной к1езиг бисина. Аммацу хенахь дуьненчохь а ца хилла, Сибрехахьдолчу дуьххьарлерачу шерашкахь дуьнен т1е а бевлла, арадахаран баланаш лан а кхиина болу, вайн баккхийниш х1инца а болуш бу. Царна дика дагадог1у, шайн дай-наноша дийцарехь, шаьш оцу заманчохь новкъахь а, д1акхаьчначу хенахь а хьегна баланаш а, шаьш цигахьлайнарш а.

Ишттачарех ву Шелара 77 шо долу ХалидовСупьян. Иза 1946-чу шарахь Казахстанерчу Кзыл-Ордан областан Чиили олучу меттехь дуьнент1е ваьлла. Кхеран доьзалехь исс бер хилла: ворх1к1ант, ши йо1. Супьянна, ша цаьрца хилча санна,дагадог1у шайн дас, нанас дийцинарш, ша хаъалхилчахьана, шена гинарш, шаьш хьегна халонаш.

Ц1ера арадохучу хенахь Супьянан ден да Халад а дийна хилла. Иза шен х1усамненаца тахана Супьян1аш волчу кертахь 1аш хилла. Цуьнан к1ант 1имран шен х1усамненаца Асмааца лахахь йолчу, кхечу кертахь вехаш хилла. Оцу чиллин беттан шийлачу дийнахь (23-г1а) гулдар цхьанхьа цахилла церан. Цундела ден дай, ден наний Усть-Каменогорск олучу областе кхаьчна, ткъа 1имран а, важа ваша 1абдул-Хьамид а, шайн доьзалшца,  Кзыл-Ордан областе, Чиили олучу станце кхаьчна. 1имранан ваша а, цуьнан бераш Мовсар, Мовла а, Эвтарара нах а хилла гена боццуш бехаш, цигахь д1анисбелира. Бухахь берш казахаш хилла.

Супьянан да 1имран 1929-чу шарахь дуьйна механизатор хилла ву. Тракторист волу дела,«бронь» а йелла, арме ца вуьгуш висина хилла иза.  Аргунерчу МТС-хь волу х1ара Соьлжа-г1аларчу Ханкала олучу меттехь аэродром йечохь болх бешхилла, бригадир а волуш.

Д1адуьгучу шийлачу дийнахь 1имран ахьарангали машен т1е даккха г1оьртича, салташа т1е автоматаш а лаьцна, ца доккхуьйтуш хилла. Цаьргаоьрсийн маттахь ирча бага а тоьхна, гали машент1е диллинера цо. Х1уманна б1окъажор боцуш, сиха а, доьналла долуш а стаг хилла 1имран.

Цундела новкъахь мацалла ца гуш, кхечарна дан г1о а долуш, д1абаханера кхеран доьзал. Ц1ерпоштт1е хьала ма девлла, 1имранан вешин к1анта Мовсара, диг детташ 1уьрг а даьккхина, дуьхьала шаршо а оьллина, хьаштаг1на меттиг нисйинера. Дуккха наха, и дан аьтто боцуш, баккхий баланашхьегнера некъаца.

– Тхан нана Асмаъ Шеларчу ширачу рузбан-маьждигна уллерачу Сулеймановг1еран йу, – дуьйцу Супьяна. – Муьста-моллин к1ента йо1 йараиза. Цига д1акхаьчча, цхьаболчарна кхаба бежана, йа уьстаг1ий луш хиллера. Тхайчарна шинара деллера. Тхан дас, нанас и шинара 1алаш а деш, лела а дина, цунах йетт хиллера. Цо эса а динера, тхуна мала шура а, к1алд а, т1о а хиллера. Цхьаболчу наха (дукхахболчара) «вай кхана-лама ц1а г1ур долуш ду» бохуш, шайна йелларш йайъа а йойъуш, йиънера. Тхуна дуьхьалахь бехаш корейцаш а, немцой а бара. Уьш а, вай саннац1ерабаьхна бара. Шелара нах а бара: Даргаевг1ар, Канкаевг1ар, Муцураевг1ар, Тахаевг1ар. Нохчийч1ог1а бертахь 1аш бара цигахь.

Б1аьста аренгахь к1а хьокхура цигахь. Хьаькхнадаьлча, тхо, бераш, кан лахьо долхара цига. Хехо — казах сийдоцуш стаг вара, цо говрт1ехоьхкуш, д1алоьхкура, лахьо ца дуьтура тхо. Нахе схьа ца лахьадайта, сихха аренгахь долу чадагадора цара. Иштта вокзале а доьлхий, к1ора лахьабора. Ц1ерпошташ  д1асалелаш, охьа1енна хуьлура к1ора. Лахьийна беънарг пеша тиллахуьлура.

Тхан йуьртахь ши школа йара: оьрсийниг –Пушкинан ц1арах, казахийниг – Ломоносовн ц1арах. Со оьрсийн школехь доьшуш вара. Сан доттаг1ий бара казахаш. Нохчашца дика бара царех цхьаберш. 

… Вайнахана ц1а бахка бакъо йелча, д1а маг1ахьара шу, оха Чимкентски область лур йарашуна, цу т1е охьаховшур дара шу, аьллера Казахстанан куьйгалхоша. Амма нохчийн шайнмохк болуш бара. Уьш шайн Даймахка схьабаьхкира. Уггар хьалха бог1учаьрца, 1957-чушарахь тхо а даьхкира ц1а. Тхан деваша 1абдул-Хьалим 1948-чу шарахь, ден да Халад 1949-чу шарахь, Даймахке сатуьйсуш кхелхинера. Цигахь д1абоьхкина бу уьш.

Тхан да 1имран, д1адахчахьана дуьйна тракторист-комбайнер хиллера. Оцу балхахь хилар бахьана долуш, дуккха а нахана г1о дан аьттохуьлуш хиллера цуьнан.  Ц1ера арадахале дика болх барна йелла мидалш а, грамоташ а хиллера тхан ден. Оьг1азвахана, эт1а а йина д1акхийсинера цо уьш. Тхан нана Асмаъ х1ума тоьгуш хиллера. Шайна бедар тегча, казахаша ахчанца а, даарца а г1одеш хиллера Асмаана. Хийла нах мацаллех к1елхьарбаха аьтто хилара шайн бохуш, дийцарацара.

Тхан ден деваша Цакаев 1абдулла к1орггера дешна, 1елимстаг вара. Чиилерачу, «1-ра май» ц1е йолчу колхозехь вехаш вара иза. Ц1адаьхкинчу 1957-чу шарахь Шелахь и санна дешна нах к1езиг бара. 1абдуллин кертахь стоьмийн беш йара.

Марха достуш казахашка долхара тхо. Цара«боврасакъаш» олуш долу, казан (йай) чохь деттина даарш лора тхуна шортта. Леррина уьш йаа долхаратхо цаьрга. Г1азакхийн «пасха» долуш, цаьргадолхара, церан басаршца кечдина х1оаш даа.

1967-чу шарахь Шеларчу «Коммунизман байракх» (х1инца «Зама») газетан типографе зорбанхо 1ама вахара Супьян. Дукха хан йалале 3-г1а разряд а йолуш, зорбанхо болх беш вара иза. Цигахь кхаа шарахь болх а бина, геологоразведке балха вахара. Казахстанехула белхаш беш, «дехасом» доккхуш а лийлира, массо а нах санна. Цулт1аьхьа Нохч-Г1алг1айн цементни заводе вахара. Цигахь слесаран, снабженин хьаькаман г1оьнча, т1аккха домоуправленехь белхаш бира. 1995-чушарахь могуш воцуш а хилла, ц1а а веана Шеларчугазучасткехь мастер, цул т1аьхьа реализацинотделан инженер, оццу отделан а, участкан а куьйгалхочун белхаш бира. 50 шарахь болх бина а волуш, къинхьегаман ветеран ву Халидов Супьян. Шортта совг1аташ – сийлаллин грамоташ а йуцунна йелла дика  болх барна.

А. СУЛЕЙМАНОВ.