Элиста г1алахь бисина болу дега1ийжам
23.02.2025Нохчийн халкъ ц1ерадаккхаран хьокъехь дагалецамаш
Вайн къоман историн агlонашкахь йаздина гина а, йаханчу хенийн теш хиллачу къанойн къамелашкахь хезна а долу бакъдерг ду 1943-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан тIаьхьарчу деношкахь, шайн чу богIуш санна, хаттар доцуш, нохчийн доьзалийн хlусамашкахула салтий буьйлабелла хилар.
Дийцарехь, цаьргахь хилла белшаш тIе тесна деха цхьамзанаш долу пхоьазза йолу тоьпаш а, тlеман кхиболу гlирсаш а, ги тесна чохь йуург, мерг йолу тlоьрмигаш а. Шаьш нехан (нохчийн) хlусаме чоьхьабевлича, хlумма эхь а ца хеташ, тоьпаш пенан соне ира а хlиттош, тlоьрмигаш цIенкъа охьа а кхуьйсуш, цу чуьра консервийн гlутакхаш схьа а оьцуш, уьрсаца уьш схьа а достуш, lаьржачу бепигца, тlе хи а муьйлуш, йууш, т1аккха поппаран маьнги тlе, шайн цlахь санна, дlа а тийжаш, лелла и йовссарш.
Иштта, уьш чу-ара а буьйлуш, денош дIаоьхуш хилла, вайн нахана цара лелориг хlун ду а, йа уьш муьлхачу lалашонца лела а ца хууш. Х1етахь чоьнаш хlинца санна йаккхий а ца хилла нехан. Царна мел хало хилахь а, церан маьнгеш, цlенкъаш дlа а лоций, бийшина lохкуш а хилла уьш.
Цхьаболчу наха шайга шу хIунда даьхкина аьлла хаьттича, шаьш «лаьмнийн хьелашкахь тIом бан Iамо далийна», олуш а хилла салташа. Йуьртарчу Iеламнахана а, оьрсийн мотт хуучарна а шаьш лелочух, бохучух тешош, агитаци лелор тIедиллина а хилла эпсарша. Амма, цхьаболчу къинхетамечу салташа, шайна кхераме доллушехь, даьхни дIадахий, ахчане дерзаде, шу махках дохур долуш ду аьлча, теша а ца тешна вайн нах.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, догIуш ло а долуш, сихаллехь арадаьхначу адамашна (къаношна, зударшна, берашна, заьlапхошна) тlехь долу духарш а ца хилла lаьнан шелонна дуьхьал гlо лоцур долчу кепара. Когахь мачаш йоцуш бераш а цхьаьна хилла, бохуш дуьйцу, царна йукъахь. Иттаннаш эзарнаш нохчийн къонахий немцошна дуьхьал тlом беш а болуш, церан цlера доьзалш махках баьхна оцу Делан мостагlаша.
Баккхийнаш а, кегийнаш а, шаьш хIун дан деза ца хууш, хьере хилла вайн нах. Цу тайппана, Iамаркахойн «Студебеккер» цIе йолу киралелон машенаш а йалийна, маьхьарца халкъ цу машенаш тIе а доьттина, ц1ерапоштнекъан станцешкахь, даьхни лелочу «Пульман» олучу вагонаш тIе а дохуш, малхбалехьа дlадига долийна.
Вовшийн лоьхуш, хьоькхучу маьхьарша Iадийна хилла адамаш. Вагонаш чохь долу зударийн, берийн белхарш, маьхьарш – стаг Iадаваллал хьал хилла х1оьттинарг. Ц1ерабохучарна йукъахь хилла, цкъа кхаллал а рицкъ карахь доцурш а. Чехка йоьдучу цIерпоштан вагонаш, чу мох хьоькхуш, шийла хиларна, йовхарш кхеташ а, кхидолу лазарш, цамгарш гучуйуьйлуш а, новкъахь леш хилла дуккха а адам. Кийра бузо кхалла хlума йоцуш, цlанонна хи а доцуш, йаккхий халонаш лайна цара новкъахь.
Берашна а, баккхийчарна а къаьсттина чlогlа ницкъ хуьлуш хиларна, некъаца кегий бераш а, къаной а леш меттигаш а дукха хилла. ХIора Iуьйранна, вагонан неI дIа а йоьллий, «мертвецы есть, а ну-ка выносите», – олий, декъий арадохура бохуш дуьйцура баккхийчара. Вайн къам шайна тIе далош дуйла хуучу меттигерчу нахана, «нах буу къам даладо кхуза» бохуш, дийцина а хиллера. Цундела, йуьхьанца нохчий бIаьрга бан безаш ца хилла бухарчу къомана. Хlетахь нохчийн цхьа а доьзал ца бисина оцу балин сингаттам шена кхачаза.
13 шарахь хийрачу мехкашкахь хан текхна нохчаша. Даймахках а даьхна, вайн халкъе гlело хьегийтина хилла йолчу оцу хенийн ойланаш йо вай хlора шарахь а, чиллин (февраль) беттан 23-г1а де гергакхача доьлча. Хlора доьзалехь дукхахболчарна хууш ду хlетахь шайн дайша лайначу халонех лаьцнарг. Дуьйцуш мел lовжаме делахь а, дийца даьккхинчуьра, тхайн кхоалгlачу ден Матlахьан воlан Адаман («Акхачу» дивизехь дакъалоцуш хилла ву бохуш а дуьйцура иза) доьзалехь лелла долчух цхьадерг жимма довзийта луур ду суна.
Адаман а, Панкин а доьзалехь 5 бер хилла бохуш дуьйцура тхан денанас Тумишас (Адаман воккхахволчу кlентан Мовсаран хlусамнана). Цо дуьйцуш хазарехь, Мовсар (14 шо долу), Шемал (12 шо долу), Шемал-Хьаьжа (9 шо долу), Салман (4 шо долу), Хьава (3 шо кхочуш доллуш) ц1ераш йолуш хилла уьш. Амма, шаьш цlерадохуш, 1944-чу шарахь 4 бер хилла цаьршинца: «Мовсар, Шемал, Шемал—Хьаьжа, Хьава». Ткъа, кlентех жимахверг – Салман, цомгаш а хилла, дlакхелхина уьш цlерабахале хьалха.
Нохчийн кхиболчу доьзалшка санна, гlайгlа-бала хьаьвзира, къонахийн могlаршкахь шен дика цlе йоккхуш хиллачу, Адаман хlусаме а. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, дерриге нохчийн халкъан санна, цlийнах, кертах, йуьртах, махках а валавийзира цуьнан а, шен хlусамненаций, доьзалций. Хууш дацара стенга, йа стенна дуьгу а. Иштта, дlаболабелла кхеран хала а, син-lовжаме а болу беха некъ. Шайн доьзална дан амал доцуш хьийзарал совнаха, шаьш дlадуьгуш хиллачу вагонашкарчу нехан бlаьрахьежа дезар а бара кхарна боккха сингаттам. Чlогlа холчахь дара адамаш, вовшашна дан гlо а доцуш.
Аса лакхахь дийцина ма—хиллара, шелонна цомгаш хуьлуш а, тlехlоьттинчу гlелонна гlора оьшуш а, дlакхелхаш нах гора кхарна а. ГIалмакхойчоьнан (Калмыкия) пачхьене (столица) Элиста гlала кхаьчначу хенахь, lуьйранна сацийна хlорш дlабуьгуш йолу эшалон. «Мертвецы или больные есть? А ну—ка, выносите!» олуш, цхьа ког хlорш болчу вагона чу а боккхуш, чухьаьжна салти. Массо «тапп» аьлла lаш а болуш, цхьаммо «есть один больной мальчик» аьлла, Адаман доьзалехь шолгlа волчу Шемална тlе пlелг а хьажош.
Велларг а, цомгашниг а новкъахь охьавоккхуш хилла салташа. И мотт тоьхнарг вехаш хилла йолчу йуьртан цlе йаккха ца лаьа суна. Хlунда аьлча, оцу кlиллочо тоьхна болу мотт хьахош шен цlе йаккха хьакъ йац и йурт. Вуьшта аьлча, иза цу йуьртахь вехаш хилла алар а ца деза суна. Вайн махкахь цхьаа йурт йац къонахчуьн ког ловзаза. Амма, «кlиллой» — уьш, шайн мохк а, йурт а йу ала хьакъ бац.
Шемал шен дега-нене а, йиш-веше а дlасахьоьжуш хилла. Оьрсийн мотт ца хаахь а, гуш долчу суьрто кхетийнера кlант хиладоллучух. Ша охьаваккха неlарга ваьхьча, гlийла а, экама а, орцане а дара 12 шо кхаьчначу кхиазхочун шен дега а, нене а хьежар. Амма, цу чохь цхьанна а шен маттехула дагара хаийта-м ца хlоьттина иза. Цунна тоьшалла ду, шен доьзалах салташа ша къасточу хенахь, цо шен нене аьлларг: «Баба! (и олуш хилла цо шен ненах) Со охьавоссонза lан бохкуш бац хlорш, хlара сан доьхка… — аьлла, шен гlодайукъа кхевдира иза. — Хьайга дlаэцахь хlара, Баба! Хlун хир а ца хаьа. Сайгахь дитахь, дан там бу сан хlара. Безамна а хьайга дlаэцахь хlара». Цу тайппана, шен гlодайукъара доьхка нене дlа а кховдийна, шаьш кхин ца ган къаьсташ дуйла хууш санна, шен нанна мара а кхетта, чlоггlа шен нана маракъевлина хилла Шемала.
Да а, нана а охьадуссийтар долуш дацара цуьнца. Шайн жимачу доьзалхочунна дан гlо цахиларна, чlогlа гlайгlане хилира да. Нана а, йелхарца, тийжа йуьйлира. Цхьана салтичо аьлла хилла Адамигий, Панкигий (Шемалан да-нана): «Шек дlа ма довлийша, дарбан-цlийне а вигина, и то ма веллинехь, аса, хих дуьзна долу стака а lанор доцчуцlерпоштанца тlаьхьа хьажор ву шуна х1ара кlант». Ша санна дешан да хир ву моьттира Адамна и къамел дийриг. Нанна а чlогlа теша лиира шена хезначух.
Даймахках къастаран балина тlе, доьзалхочух къаьстина къахьо мийла а дийзира церан. Иштта, да гlайгlане хьийзаш, нана йоьлхуш, бехха некъ бира цара. Махках баьхна дlабигина а болуш, Шемал-Хьаьжа ц1е йолу к1ант а кхелхина цаьршиннан. Цигахь дlатарбелла бевлича, кехат йаздира кхара Элиста гlаларчу дарбан-цlийне. Цигара дуьхьал жоп а кхечира: Шемал, то а велла, араваьлла кхузара, дарбан-цlийнехь вац, аьлла.
Цlабахка бакъо ца луш, иштта, шайн сингаттамца хенаш токхуш, lийра Адам а, цуьнан х1усамнана Панка а. Хууш ма-хиллара, 1957-чу шарахь шайн Нохчийчу ц1абахка бакъо йелира вайн нахана. Оцу хенахь шен воккхахволу доьзалхо Мовсар (сан денда) а валош, Даймахка веара Адам. Цlавоггlушехь, Элиста вахара и шиъ, Шемалх лаьцна хlумма а дуйла хьажа. Амма цигахь кхин керла хlумма а ца хиира царна.
Панкий, Хьавай (наний, йоl) а lара, Адаммий, Мовсаррий хаза кхаъ бохьуш ц1акхачаре сатуьйсуш. И шиъ кхаьршинца Даймахка цайаран а шен цхьа бахьана дара. Аннех йина хlусамаш йара церан, шаьш дигинчу хийрачу махкахь. И хlусамаш дlа а йоьхкина, дерриш а цхьаьний ц1адоьрзур ду вай аьлла lалашо а йара. Цундела, массо а ца богlуш, цкъа хьалха Даймахка веанарг Адаммий, Мовсаррий (да а, кlант а) вара.
Эххар а, вайн дукхахболу нах цlехьабирзинчул тlаьхьа, 1962- чу шарахь цlабирзира хlорш а. Цул тlаьхьа а дукха лехна цара Шемал. Иштта, Адаман йоl Хьава а (Шемалан йиша) йахана, шен вешица Мовсарца цхьаьна, шайн ваша новкъахь охьаваьккхина хиллачу Элиста г1ала, цуьнан хьокъехь дерг хуур дацара-те аьлла. Цига даханчохь, меттигерчу цхьана зудчо, тхан дедех Мовсарх шен бlаьрг кхетча, шаьшшинга аьлларг а дуьйцура сан деден йишас Хьавас (хlинца доцуш ду и ший а. Дала гечдойла царна!): «Хlинцачул а 15-16 шо хьалха, сан дог lовжийна хилла долу цхьа сурт дуьхьал хlоьтти-кха суна хlара кlант гича. Хlара хьан мила ву? Хlокхунах ма чlогlа тера вара хlетахь суна тlевеана хилла волу цхьа жима нохчийн кlант».
Цо и аьлча, шайн вайна волу ваша Шемал карийча санна хазахеттера шаьшшинна, бохуш дуьйцура Хьавас ша дlакхалхале кlеззиг хьалха йолчу хенашкахь а. «Хlун аьлла тlевеанера хьуна, кхунах тера волу и нохчийн кlант?» — аьлла шега диначу хаттарна жоп луш, иштта аьлла хиллера Элистан йахархочо: «Дех-ненах а, гергарчех а дlахадийна ша, шен халкъ махкахдоккхуш. Царна тlе муха кхочур вара-те ша, бохуш вара иза»…
Амма, Шемал карор Дала йаздина ца хилла. Хlинца схьавелхьара 90 шо хир дара цуьнан. Беллачарна Дала гечдойла, хаамбоцуш байначарна Дала диканца тlаьхьа а кхиабойла церан верасаш!
И. МАТАГОВ
Суьрташ тlехь: Шемалан да Адам; Шемалан нана Панка а, ваша Мовсар а; Шемала ша вагона т1ера охьавоккхуш шен нене Панке д1аделла хилла долу доьхка.