Нохчийн синкъерам

21.12.2024 Выкл. Автор Zama

Массо а къаьмнийн шайн г1иллакхаш а, 1адаташ а, ламасташ а ду. Хазахетар хилча, ловзар х1оттош, халахетар хилча тезет а х1оттош. Амма, нохчийн къоман массо а самукъадолу меттиг шен кеп, башхаллаш йолуш хилла. Зудайалийначахь ловзар хуьлура, хьаша-да веача, йа доьзалхо цхьанхьара ц1а веача (масала, армера) синкъерам бора, цхьа г1уллакх деш г1о оьшучохь белхи бора.

Вайна тахана хьахо луург йукъара д1абаьлла болуш боллу синкъерам бу. Кегийчарна довзийтархьама цуьнан г1иллакхаш, аматаш дуьйцур ду вай. Уггар хьалха ала дезаргнохчийн 1едалехь ловзарга а, синкъераме а, белхе а мехкарий бен кхойкхуш бац. Кегий нах, бу аьлла хезча, хьаьнгга а баха мегаш ду. Амма шен х1усамехь (синкъерам чохь хуьлуш бу) охьа а хиъна, сакъера мегаш дац йо1а а, к1анта а. Шена бехке йо1 (йиша, шича) синкъерамехь охьа хиъна йелахь, к1ант цигахь соцуш а вацара.

Мехкарийн мог1аре, уггар хьалха церан тхьамда хуу, иза, дукха хьолахь, марера ц1а йеана (жеро), маттана шера а, ханна кхечарал йоккха а йолуш. Иштта тхьамда к1ентийн мог1арехь а хуьлу, баьрчче хаийна пондарчий, вотанчий а болуш. Дехьай-сехьай синкъераме хьовсуш берш бу.

Синкъерам д1аболалуш, к1ентийн тхьамдано массеран ц1арах мехкарийн могаш-парг1ат хотту, мехкаршна йуккъехь хьеший белахь цаьрга леррина хотту, шайна йукъахь белахь уьш бовза а бовзуьйту. Хьеший лара безар а, церан г1уллакхе хьажа дезар а д1а а хоуьйту. Мехкарийн тхьамдано жоп деллачул т1аьхьа синкъерам хелхарна т1ера д1аболабо.

Уггар хьалха тхьамда ша хелха волу мехкарийн тхьамдийца, йа, чохь воккханиг велахь, иза волуьйту, т1аккха хьеший хелха боху. Шега вала аллалц йукъалелхаш ца хуьлу, мелхо а, йукъа а тоттуьйтуш вала веза, ца луун кеп а х1оттош. Шозлаг1а бал баккха лаахь тхьамдане хатта деза, цо бакъо ца лахь, оьг1аз ваха мегар дац- иза эхье лоруш ду. Дуьххьаралерниг рог1ехь йоккху, шозлаг1ниг шен безам берг.

Вала луург хелха а ваьлла бал чекхбаьлча, пондар-вотий саца а дойтий, кегий нах мехкаршка б1аьрг тоха х1уьтту. Мехкарий хьала а ца таь1аш 1аш хила беза, б1аьргаш къерзош йолу йо1 эхь доцуш лору. Багахь йай эшар, йа пондарца ладуг1у эшар хуьлу локхуш. К1анта, йукъалелаш йолу зуда, (кертара, йалулара нус) т1е а кхойкхий, шайн безам болчу йо1е т1е хабар дохьуьйту, шега сакъера реза хир йарий, олий. Нагахь, йоь1ан синкъерамехь т1ехьийзаш волу к1ант, йа кхечуьнга къоьрур ду аьлла делла дош делахь, цо иза т1е хабар даийтинчуьнга д1ахоьуьйту.

Хьаьнгга сакъоьруш йелахь а, хьеше са ца къера йиш йац йоь1ан, иза мегаш дац. Хьешан бакъонаш лакхара йу синкъерамехь; раг1 а йоцуш хелха вала а, масийттанга сакъера а. Амма, хьешана шен меттиг ца хаахь, цуьнга д1а ца алахь а, цунна иза доккха эхь лоруш хилла: «Лела ца хаьа хьошалг1ахь»л – олий. Йо1 реза хилча, сакъера долало и шиъ. «Сакъоьруш» верг к1ант хуьлу: йо1е б1аьрг а та1або, д1айог1ий, олий, корта а ластабо, ткъа йо1 наггахь к1анте а хьожуш, йела а къежаш 1адда1а. Т1аккха, вовшен реза а хилла, кхид1а а довзар лууш хилча, к1анта йукъалелачуьнга хабар дохьуьйту, мичхьа гар хир дара: ирахь 1е (лула чукхайкхар), йа хин йисте (хи т1е кхайкхар) ван мегар дарий, олий.

Амма, к1ентан-йоь1ан йукъаметтиг синкъерамехь иштта шера д1а ца йоьдуш а нисло. Масала, к1антана ша сакъоьруш йолу йо1 кхечхьа къайлах сакъоьруш, йа дог-ойла йолуш хаало. Т1аккха к1анта, йа цуьнан накъосто (дика вист хила хуъучо), божарийн тхьамданера бакъо а йоккхий, чохь цу йоь1ан бехке стаг ву-вац а хьожий, синкъерам саца а бойтий, цуьнгара бехк боккху. Бехк баккхаран 1алашо, к1анта шена тешнабехк бина хилар д1а а хоуьйтуш массарна а, и йо1 йуьхь1аьржа х1оттор йу.

Х1ора кегий нехан тобанахь къастийна, дика дош ала хууш верг а, дика хелха вала хуург а хуьлура. Синкъерамаш бохош лелаш йолу тобанаш а хуьлура, питана а тосий, дов а доккхий, йуьстах а бовлуш. Мехкарийн тхьамдано шен мог1арера йоь1ан доладо, бехк боккхучуьнга духьал йист а хуьлуш. Цхьаболчу синкъерамехь, бехк боккхучой, мехкарийн тхьамданой дечу къамелаша ч1ог1а самукъа доккхий, хазахетарца ладог1ара. Хаза хелха волуш волу к1ант а, йо1 а ч1ог1а сий долушхуьлура, леррина цаьрга хьовса бог1ура нах. Забаре хелхарш хууш болчара гуттар а ч1ог1а самукъадоккхура. Х1инца, халахеташ делахь а, синкъераман а, ловзаран а кепаш йоьхна, хелха дийлачхьана иза синкъерам бу моьтту.

Синкъерам массийта кепара дакъанаш долуш хуьлу. Хелхаран бал баккхар, ладуг1а эшар лакхар, вовшашка бистхилар, т1евеанарг т1елацар, забаре хабарш дийцар. Т1евеанарг, цкъа чу ван бакъо а йехна (г1иллакхана), салам а делла, могаш-парг1ат а хаьттина, меттиг белахь охьахуур ву. Хевшина кегийнаш белахь, цара меттиг лур йу, хьала а г1евттина. Д1авоьдуш, мехкарийн а, к1ентийн а1одика а йина г1ур ву. Синкъерам тхьамдано,мехкаршна а, кегийнахана а баркалла а олий, д1абохабо.

Ч1ог1а новкъа ду и санна долу нохчийн г1иллакхаш йукъара д1адовлуш: йо1ана т1ехьийзар, хан а йиллина, ара а йаьлла маре йахар. Иштта маре йахар маьттаза доккхуш дуьйцуш долчу х1умнаша а нохчийн г1иллакхашна ч1ог1а зен до. Вайн бен дан а доцуш, «уникальни»г1иллакхех цхьаъ дара иза. Иштта балийна вай вешан зударий, х1инца уьш дуьйцуш болчу кегийчеран наной. Оьзда г1иллакх дара иза, йо1 хан йиллина ара йолуш нанна а, йижаршна а, хууш хуьлура, ткъа дас, вежарший шайна ца хаьа моттуьйтура, эвхьазло йукъа ца йолийта. Улле цхьа зуда а йоккхий, йига а йуьгий невцан накъосташка д1алора. Цара иза йоссайора накъост волче, зударша иза ларйора, цу сохьтана ц1а хабар дохьуьйтура, «шун йо1 тхоьга маре йеана», олий. Т1аккха, там-мах а бой, д1адерзадора. Вайн дайша а, х1ара бусулба дин довза а девзаш, лара а лоруш лелийна х1уманаш ду уьш. Х1ора къоман шен г1иллакхаш, 1адаташ долун дела. Вайна 1аьрбийн г1иллакхаш коча дохка ца оьшура. 1аьрбийн пачхьалкхашкахь дешна хилча, церан 1адаташ схьаэца деза моьттуш.

  Вайн эвлияаш, хьалхалера хьаьжой а лелла Хьаьж-ц1а а боьлхуш, кхечу пачхьалкхашкахула а, дуьне а, 1аьрбийн а, кхечу къаьмнийн а г1иллакхаш девзаш. Делахь а, вайниш д1адаха ца г1иртина уьш йукъара. Тахана вайн къам къам долчуьра д1адаларна герга ду. Кхечу даккхий къаьмнаша цу т1ехь беш боккха болх бу.

 Вай нохчий ду аьлла х1ун билгало йу? Паспортат1ехь йаздина хилла нохчий ву бохург а д1адаьккхина, вайн йоза а оьрсийн маттахь ду, мотт а, леш болчу меттанашна йукъа бахийтина бу, арахь гуш цхьа а нохчийн маттахь йоза дац. Газет а цхьаъ бен дац, телевиденехь дист-м хуьлийта, иза а вай ах оьрсийн маттахь дуьйцу. Вешан г1иллакхаш, 1адаташ д1адахахь х1ун дуьсу вайн? Цундела, синкъерам, ловзар, белхи йукъара д1абалар доккха маь1на долуш х1ума ду, къомана доккха зе ду. Х1орамма а, шен керта хазахетар деъча, лардан дезара уьш: хьаша-да веача синкъерам беш, зуда йалийча ловзар деш, ткъа дан дезаш г1уллакх хилча, белхи беш.

Нохчийн синкъерам боккха чулацам болуш мероприяти хилла. Цу чохь гойтуш ду  г1иллакх, оьздангалла, хьаша ларар, воккханиг ларар, вовшенца лелон деза г1иллакхаш. К1ентан, йоь1ан вовше кхоллалуш болу оьзда безам. Дукха хьолахь, нохчийн доьзалан кхоллабалар ишттачу синкъерамехь, йа ловзаргахь бовзарца д1адолалуш хилла. Йоь1ан, к1ентан лелар, церан нахаца болу лерам, неха цаьрга болу лерам, ма-дарра гучудоккхуш меттиг хилла синкъерам. «Лела хаар»-олуш хилла цунах.

Х1етахь, кху заманахь санна, малуъу буьйлабелла лелаш ца хилла кегийнаш, зудабераш-м мухале а. Цундела, и санна йолу меттигаш кест-кеста хуьлуш, ларъеш а, йу аьлла хезча, йуьртара-йуьрта а воьдуш хилла. Синкъерам х1оттийначу х1усамдас дола деш хилла цига баьхкинчу мехкарийн. Синкъерамера йо1 йадийна меттиг хилча, цара дуьззина жоп дала дезаш хилла цунах, эхь царна т1е дог1уш а хилла. Цундела вайнехан олуш ду: «Шайга дола далур дацахь ловзар, синкъерам бан а ца беза», олий.

Дала вешан керта деана дика а, вон а д1акхехьа а,доьналлех ца доха а ,вешан г1иллакхаш лардан а собар, ницкъ лойла вайна!

           СУЛЕЙМАНОВ Абубакар.