«Далла гергахь хьо мел сийлахь ву хаьий хьуна, хIай Джулейбиб?»

11.12.2024 Выкл. Автор Zama

      Шаьш хезча вайн бIаьргаш белханза ца Iелучу, бIаьрга гина а боццушехь, барам боццуш вайна дукха а безаш болчу, Элчанан Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабех лаьцна (Дела реза хуьлда царна) дуккха а дийцарш ду-кх вайн – хуучарна карладаха а, ца хезначарна довза а.

   Царех хир ду, Делан пурбанца дуьйцур долу, «Джулейбиб» цIе йолуш хиллачу цхьана асхьабан хьокъехь долу хIара дийцар а. Iеламнахера дуьйцуш хезна ма-хиллара, цхьа кlеззиг, хуучу барамехь дуьйцур ду и муха къонах хилла а, цуьнан кхолламан цхьадолчух лаьцна а.

   Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабийн куьцаш дийца даьхча, царна юкъахь, куьцана чIогIа ирча хилла ву Джулейбиб – лохачу дегIахь а, оза а, гIийла (таро йоцуш) а волуш. Амма, Пайхамар шена чIогIа дукха везаш а, цунна ша дукха везаш а къонах хилла иза.

   Цхьана дийнахь, Джулейбиб базарахь хиина Iаш а волуш, (юхкуш, я оьцуш ца хилла) тIехьахула тIе а веана, Джулейбибан бIаьргашна дуьхьал ши куьг дуьллу сий долчу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). ТIаккха мохь туху цо: – «ХIара лай муьлхачо оьцур вара аш?» Шен асхьабаш шена дукхабезарна, цаьрца забаре а хилла иза. Цуьнан (Элчанан) аз довза а девзина, шен корта сий долчу Пайхамаран белша тIетаIабо Джулейбиба. Цо олу Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): – «ХIай Делан Элча! Ма чIогIа вон мах хилийта воллу хьо церан. Шех хIун лур ю? Ахь вухкуш хилча а, ша-м ма вац цхьаммо оьцур волуш лай а. ТIаккха Элчано (Делера слам-маршалла хуьлда цунна), иза хьостуш аьлла-кх цуьнга: – «Далла гергахь хьо мел сийлахь ву хаьий хьуна, хIай Джулейбиб? Далла дукхабезачарех ву хьо!»

   Иштта, цхьана дийнахь, Джулейбибе, «ахь зуда хIунда ца ялайо» олий, хаттар до Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Джулейбиба, вела а лой олу: – «ХIай Мухьаммад! Соьга мила йогIур ю? Сан бахам а, хьал а ма дац. Цул сов, ирча а ма ву со. Алахьа, хьа йоуьйтур ю соьга зуда? Сан хIусам а яц, я зуда кхаба рицкъа а дац. Соьга цхьаммо а йоуьйтур ма яц зуда».

   Цу юкъа жимма хан юлу. Цул тIаьхьа шаьш вовшахкхетначохь юха а хотту Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Джулейбибе: – «ХIай Джулейбиб! Ахь зуда хIунда ца ялайо?» Хьалха цо (Элчано) шега хаьттича ша делла ма-хилла жоп ло Джулейбиба Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Кхуьнан жоп дуьххьара ма-даллара а хуьлуш («шега цхьаммо йоуьйтур ма яц зуда»), Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Джулейбибе кхузза хаьттина хилла бохуш дуьйцу, «зуда хIунда ца ялайо», аьлла.

   Цхьана дийнахь, ансарех волу, цхьаъ вогIу Мухьаммад волчу (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цо олу: – «Йисина Iаш йоI ю сан. шен хIусамда гIазотехь дIакхелхина». ТIаккха, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олу цуьнга: – «Хьан йоIана маре дан лаьа суна». И олуш шена хезча, цунах кхаъ хилла, вистхиларна сихо йо цо, иза (Элча) шен йоI шена езаш ву моьттуш. ЧIогIа самукъадаьлла, хазахетта хьаьвза иза. «Дика ду. Ларамца.., сов тIех резахиларца хьуна кхачайо ас иза, хIай Делан Элча,» – олу цо. «Со, сайна езаш вац иза. Джулейбибна йига лаьа суна иза» – хазадо, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). «Джулейбибна?» – цецваьлла хьожу, важа. Джулейбибан хьал девзаш хуьлу йоьIан дена. Шен йоI цуьнга яла резахиларна башха тIера ца хуьлу иза дуьххьара. Цкъа хьалха, йоьIан ненех дагавала бакъо а яьхна дIавоьду ансар.

   «Вайн йоIана маре дан воллуш ву Делан Элча Мухьаммад Делера салам-маршалла хуьлда цунна)» – дуьйцу цо шен хIусамнене. Важа, гуттар а чIогIа гIадйоьду, Пайхамар, шен йоI шена долаерзо лууш ву моьттуш. «Дукха чIогIа резахиларца дIалур ю-кх вай цуьнга вешан йоI», – бохуш къамеле йолу иза. ТIаккха, йоьIан дас, долчух ма-дарра кхетайо шен хIусамнана. Шен йоI Джулейбибна хьахийний хиинчу нанас оцу захалонна ша дуьхьал хилар хоуьйтуш къамел доладо. «ХIан-хIа… Ас аьттехьа а йохуьйтур яц сайн йоI Джулейбибе. Иза къен стаг ву, чу ваха лортIехь хIусам а йоцуш. Ирча стаг а ву. Цул дуккха а тоьлла болчу къонахашка а ца яхийтина ас иза. Мила хир вара цуьнга шайн йоI яла реза? Ас муха йохуьйту сайн йоI Джулейбибе? Хьолана шорто а йолуш, куьцана товш а болуш дуккха а ма бу вайн йоI шайга яийтича юьгур йолуш.» – бохуш, оьгIазе дуьйцу йоьIан нанас.

   Шен нанас дуьйцург дерриге а дIахеза, ша йолчу дехьа чохь Iачу йоIана. Цунна а вевзаш хуьлу Джулейбиб. Иза ирча вуйла а, къен стаг хилар а хууш хуьлу цунна. Цо схьа мохь а тухуш, нанас дуьйцучунна ша реза йоцийла а хоуьйтуш къамел доладо: – «ХIай сан да! Со Джулейбибна хьахош хьоьга и захало кховдийнарг мила ву?» «Делан Элча, сий долу Мухьаммад ву», – олу, дас. «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьакхийдочу некъана инкарло ян дохкуш ду шу?» – аьлла, чура ара схьа мохь а тухуш, да-нана долчу сехьайолу йоl.

   Тоьллачу зударех цхьаъ хилла иза. Массо а заманна, кхиболчу зударшна дика масал а ду и. Хьолана гатто йолуш вуй, ирча вуй аьлла, куралла ца йина цо Джулейбибна. Йоlа, мах хадийнарг цуьнан (Джулейбибан) таро а яцара, куц-кеп а дацара, Цо лийринарг Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  дош а, Джулейбибан бусалбаналла а яра. Ткъа, дуьненчохь хир долу рицкъа, Дала хила леринарг ду массеран а. 

   Йоl, цецъяьлла, lадийча санна, юх-юха карзах юьйлу шен дений, нанний. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллачул тlаьхьа, «мегар дуй-даций» бохуш долу хlума дийца а хlунда дуьйцу аьлла а, ойлаяр доцуш чекхдаккха дезаш а хета цунна.

   Мухьаммада боххуче маре дlало ша, Валлахlи и Мухьаммад ша зен йойъур йолуш вац шуна, олу цо шен дегий, неней. 

   Сийлахьчу Дала бах, Цуьнан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бах аьлча, цу хlуманна кхечу агlор ойла хилар, я къамелаца инкарло яр, — иза чlогlа ирча хlума дан а ду. Иза ду йоlана цатайнарг а. Цунна хууш хуьлу, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллачунна тlе а тевжина, цо бохург дича ша зен йовр йоцийла. 

   Тlаккха, шаьшшинан нийса йоцучу ойланех самадолу йоьlан да-нана. Цул сов, шаьшшинан йоlехь долчу ийманах доккха а диэ и шиъ. Йоьlан къамело дегнаш чуьра ийман самадоккху цу шиннан.

   Цул тlаьхьа, шен и йоl а оьций, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу а воьди, «хlай Делан Элча! Хlара ю-кх сан йоl», олу дас. Иштта шайн барт хилла баьлча, Джулейбиб схьа а кхойкхий, йоl цуьнан дола а йоккхий, шен беркате ши куьг хьала а ойъий Джулейбибна а, цуьнан хlусамнанна а доlа до Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): — «Хlай Аллахl-Дела! Хьайн беркаташ тlедоттахьа кхаьршинна!» Оцу йоlа, шен дегий, неней «цо зен йойъур яц ша» аьлла, шен хьокъехь аьлла долу дешнаш а Дала дlакхачийна хилла Пайхамарна.

   Мила хир яра кхин доккхачу ирсе кхечнарг? Ма ирс долуш зуда хилла-кх иза, Мухьаммада ши куьг а айъина шен хьокъехь доlа дина йолу. И яра-кх иза, Джулейбибан къелле а, куьце а, тайпане а ца хьоьжуш, Мухьаммадан лаамна тlе а тевжина, ийман долчу Джулейбибе маре яхана йолу сий долу зуда!

   Джулейбиб цуьнца дукха а ца веха, баттахь, я шина баттахь бен. Цо и ялийна дукха хан ялале Джихад (гlазотан) долало, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бlонна куьйгаллехь а волуш. Джулейбиб а хуьлу цу тlамехь дакъалоцуш. Иза цу гlазотехь дlакхелха.

   И тlом дlабирзинчул тlаьхьа, (чевнаш хилларш а, кхиберш а хилла церан) вовше тlегулбелча, «цхьанна а, цхьа а вайний» хотту Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Хlора а дlаволало тlаккха, «шен ваша кхелхина, шен да, шен хlара-иза вац карош» бохуш. Кхелхинарш а, бlаьрг тlе ца хlуттуш байнарш а хуьлу цигахь. Юха а хотту Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), «кхин цхьа а вайний шун», олий. Вукхара дуьххьара санна, охьабуьйцу «хlара кхелхина, важа кара ца во» олий. «Сан Джулейбиб а вайна. Гуш вац-кх суна иза. Мичахь ву-те и?» бохуш хьаьвза Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Асхьабаша лоху иза. Царна кара а во Джулейбиб (Дела реза хуьлда массо асхьабашна). Джулейбиб, шена уллохь, ша вийна ворхl мушрик (мостагl) а волуш, гlазотехь воьжна lуьллуш хуьлу. Иза Деле вирзина хиларца хаам бо цара Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Воьжначу Джулейбибна тlе а хlуттий, шен бlаьргаш хих буьзна а болуш, иштта дешнаш олу Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): — «Хlай Джулейбиб! Уьш а байъина ахь, цара вийна-кх хьо. Хlай Джулейбиб! Хьо — сох а ву, хьуна, со — хьох а ву, хьуна!» Сий долчу Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и аларал а доккха, кхин хlун хир дара къонахчунна? Голаш тlе а воьжна, Джулейбиб маравуллу Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Тlаккха, иза шен карахь дlа а вуьгий, каш даккхийша Джулейбибна олу цо, шен асхьабашка (Дела реза хуьлда царна). Уьш каш даьккхина бовллалц, жима бер санна, шен карахь, мара а воьллина латтийна хилла цо Джулейбиб.

МАТАГОВ Ихьсан