Ч1ирах лаьцна

11.12.2024 Выкл. Автор Zama

     Нохчаша гуттар а лакхара лоруш хилла стеган дахар. Амма цул а ч1ог1а лоруш хилла стеган сий. Мел халачу хьелашкахь хиларх, мел баккхий баланаш т1ех1иттарх, муьлххачу а стеган сий лардар хьалхарчу меттехь лаьтташ хилла нохчийн. Цул т1аьхьа дог1уш ду дахар лардар. Х1унда аьлча, сий дайначул т1аьхьа, дахар оьшуш а ца хилла нохчочунна. Сий а, дахар а хоттаделла ду нохчашна йукъахь. Цундела йукъадаьккхина хилла хир ду аьлла хета вайна «ч1ир» бохуш долу 1адат нохчаша шен заманчохь.

    Стеган, зудчун сийнна т1екхевдинчуьнга, дахарна т1екхевдинчуьнга санна,  ч1ир кхайкхайо. Дукха хьолахь иза йуьтуш а ца хилла. Ч1ирйекхаран 1адат нохчийн хилла ца 1аш, Кавказан а, дуьненчуьра дуккха къаьмнийн а ду (корсиканцийн, сицилийцийн, жуьгатийн, кхечеран). Цуьнан дика аг1о йу,  муьлххачу стагана (мел вехаш хиларх, мел онда хиларх) ша кхин стаг вийча (мел г1ийланиг, къениг), шен вала меттиг хир боций хаар, шена виэран та1зар хир дуй а, ша дина зулам, ша д1аваьлча а, шен т1аьхьенашна дуьсуш дуй а хаар. Иза дика аг1о йу аьлла хета вайна. Х1унда аьлча, цо стаге зулам дале ойла йойта, ларволуьйту иза.

 Нохчашна йукъахь ч1ирйекхаран 1адат бусалба дин т1едале дуккха а хьалха дуьйна долуш хилла. Цу 1адатан шен билгалонаш а, башхаллаш а йу. Цхьаннан керах веллачуьн наха, шайн ц1ийннехан кхеташонехь, шадерг листа а луьстий, сацам бо: «ч1ир кховдайо, йа ца йо», олий. Вер-ваккхар ца хууш, йа дан г1ерташ а воцуш, хилла делахь, йа къонахчо шен сийнна т1екховдарна дуьхьал дина делахь, цунна т1ейожош ца хилла ч1ир.

    Сийнна т1екховдар – тайпан йа гергарчу, чуьрчу йо1ах, зудчух куьйгаш тохар, эвхьаза валар, хьийзайар ду. И тайпа боьха г1уллакх нохчашна йукъахь наггахь бен нислуш ца хилла. Цкъа делахь, нохчий шайн ц1ийца ц1ена, оьзда къам ду, шолг1а делахь, и тайпа х1ума дуьтуш ца хилла, ц1ийца бен (вийча бен) декхалуш доцу иэхь лоруш хилла.

    Зуда йадайар а нисло вайн къомана йукъахь. Шен заманчохь к1анта шега, шена йезаш йолу йо1 ца йаийтича, йа ца йеъча, иза йадош хилла. Иза ч1ог1а харцахьара г1уллакх делахь а (йадош йолчу зудчунна орцах а ваьлла,  йадошверг вийна хилча, ч1ир кховдош а ца хилла, мелхо а, вийначераниш бехкала боьлхуш хилла), иза сийнна т1екховдар лоруш ца хилла, х1унда аьлча, иза х1уьттаренна йа гамонна, йа ца вешаш дина х1ума доцуш, гергарло дан г1ерташ дина хилла дела. Ишттачохь, дукха хьолахь, шайн йо1 схьа а йоккхий, г1уда а тухий, и стаг 1адвуьтуш хилла. Зуда шегара схьайаьккхинчунна т1ейеънарг хуьлу т1аккха йуьхь1аьржо. Амма, йо1 реза йолуш хьал делахь, и схьа ца йоккхуш, цунах гергарло деш а хуьлу.

   Советийн 1едалан заманахь законо ч1ирйекхар дихкина дара. Гучудаьлча, зулам ч1ирйоькхуш дина хилар хьесапе оьцуш дацара, мелхо а, та1зар дар ч1ог1а хуьлура. Цундела йукъадаьлла дара хеча йаккхар олуш долу та1зар. Зудчунна йа йо1ана т1екхевдина волу стаг, иза вен ца верхьама, схьа а лоций, т1ера хеча а йоккхий, нахана д1агойтура. Бакъволчу нохчочунна шена и тайпа эхь ца дойтуш, валар г1оле ду. Кхечу аг1ора а д1анисдора и тайпа дов. Куьг бехкечуьнга маре д1ало цо хьийзийна йа куьйгаш тоьхна йо1. Иза йоь1ан, мелла белахь а, бехк хилча, иза йен ца йерхьама д1алуш йу цуьнга маре. «Ахь иза ц1а йаийтахь могуьйтур дац» – к1анте олий, «хьо ц1а йаг1ахь хьо а йуьйр йу» – йо1е олий.

  Виэран ч1ир д1айекхча йа йитича бен, т1ера йолуш йац. Куьг бехкениг велча, цуьнан наха, йуха шайн ч1ирхошна т1е нах бохуьйту, шаьш маьрша дитахьара, олий. Нагахь, куьг бехкениг воцург, цуьнан нах хьалха битина белахь, и дов д1адоьрзу. Нагахь цу наха, шаьш ца дуьту шу маьрша, шайн стагана дуьхьал вен стаг кхочу бахахь, и дов кхид1а а лаьтта, цхьаъ вен а вийна д1адерззалц.

    Ч1ирйекхар муьлххачу а 1едало ца могуьйтуш х1ума ду. «Цуьнан бехк белахь, суьдо кхел а йийр йу, чувоьллина шена йог1у хан а йоккхуьйтур йу», боху законо. Амма иза гуттар а ца нисло. Суьдо нийса кхел ца йан а тарло, йа бехк бац аьлла, д1ахеца а тарло. Мухха делахь а, шен стаг вийначунна цунна деш долу та1зар виэран кхиэл ца хилча, тоам ца хуьлу. Амма вай лакхахь ма -аллара, ца хууш виэр-ваккхар хилахь, масала, машенца хилла авари, нах   т1ебахкийтича, бехкениг вуьту. Х1унда аьлча, кху заманчохь массо а машенашца лелаш ву, хьанна а т1е1оттадала йиш йолуш г1уллакх ду иза. Амма куьгбехкечунна а, цуьнан нахана а иза заманан йохалла а боккха сингаттам бу, х1унда аьлча, веллачу стеган нахана бехкала бахана уьш, г1иллакх лелон а деза церан.

  Ткъа шар1о х1ун боху техьа ч1ирах лаьцна?

  Исламан динехь стаг вуьйш ч1ирйекхар (кисас) кхачадо нагахь хаа а хууш, виэн а г1ерташ стаг (зуда) вийначу стагана. Иза шар1ан суьдо бина сацам хила безаш бу. Къедин бакъо йу виэрна дуьхьал гергарчаьрга рицкъанца (ахчанца) д1адерзаде аьлла, д1ахьедар. Амма иза т1едожийна хила йиш йолуш дац. Нагахь виэр-ваккхар йа чов йар, ца хууш, дан г1ерташ а воцуш хилла делахь, къедас бог1уш болу мах (дия) т1ебожабо куьг бехкечунна. Цигахь кисас ца дог1у.

   Нохчийн «шена диннарг йуха д1а дан деза» бохуш долу 1адат ду схьадог1уш. Амма дов д1адерзон йукъабоьллачу дешначу наха бусалба дино (шар1о) х1ун боху ишттачохь, олий, цуьнан билгалонаш бохам хиллачу нахана йовзуьйту. Бусалба динехь ч1ирхо виэн кхачош воллушехь, иза Делан дуьхьа ч1ирах хьалха витинчунна Делера йоккха йал хирг хилар а, и тайпа бохам (нехан стаг шен карах йа доьзалхочун карах валар) хьанна а т1е1оттабалар герга хилар а, т1аккха цуьнан нахана дуьхьалваха йуьхь ца хирг хилар а довзуьйтуш, дехаре боьлху дешна нах. Уьш бусалба дин девзина ца 1аш, нохчийн г1иллакхаш а девзаш, багахь бийца хаза к1еда мотт а болуш, наха лоруш болу нах хила безаш бу.

     Нагахь виэр — ваккхар хууш, дан а г1ерташ дина дацахь, цара, шина аг1ора нах куьге а бохуьйтий, дов д1адерзадо. Уггар хьалха куьгбехке боцу гергарниш буьтуьйта, цул т1аьхьа зуламхо витийта а хьовсу. Цхьана йуьртара белахь, бехкечеран доьзал йуьртах болу. Стаг веллачарна хьалха ца хьийзийта, церан дог ца 1ижийта йа дов йуха марса ца далийта деш ду иза. Уьш веллачун гергарчарна белла д1абовллалц несалахь хир бу, церан диканехь, вуонехь уггар хьалха д1а а х1уьттуш, уьш г1ийла бохкуш белахь а, веллачун доьзал белахь а, рицкъанца царна г1о а деш. И тайпа г1иллакх т1едожийна дац, амма и ца лелийначеран «ледара нах бу» олий, ц1е д1айоьду нахалахь.

  Йекха аьтто ца болуш (йа ницкъ ца кхочуш), иттаннаш шерашкахь лаьтташ дуккха а ч1ираш йара вайн махкахь. Нохчийн Республикин  Мехк-Ден Кадыров Рамзанан т1едилларца, кхоьллина къанойн тоба йара и девнаш д1адерзон арайаьлла. Делан лаамца дукхахдерш д1а а дирзина.                                                       Цу йукъахь дакъа мел лаьцначунна Дела реза хуьлда. Делан дуьхьа ч1ир йитинчунна меле дуьллийла. Дала т1аьхье беркате йойла.

СУЛЕЙМАНОВ Абубакар.