Рузбане ца ваха бахьана дан а дац!
05.12.2024П1ераскан дийнахь рузбане воьдуш-вог1уш гуш хуьлу арабевлла 1аш а, шайн г1уллакхе боьлхуш а, кегий а, баккхий а нах. Рузбане бахакечам беш а, йа баха дагахь бу аьлла а ца хетауьш. Кегийниш-м хьекъал доцуш, йаг1уллакхаш дукха ду аьлла, бахьана лохуш хирбара, ткъа баккхийчара х1ун леладо техьа, царна х1ун бахьана карадо техьа к1ирнах цкъабен дог1уш доцчу, доккхачех бахьана а доцуш,кхузза т1е-к1ел рузбане ца ваханаргкерстаналле верзарна кхерам бу бохуш, 1еламнаха схьакхийкхош а долчу, вахча, мел дукха дайъича 2 сахьт а дойъур доцчу, Дала фарз дина т1едиллинчу пхеа х1уманна (ламаз, марха, рузба, хьаьжц1а вахар, закат далар) йукъахь долчу Рузбане ца вахар. Ма даккхийбахьанаш хила деза церан.
Уггар цецволург ду, шен чохь ламаз деш а, тезета воьдуш а, марханиш кхобуш а волуш, аммамаьждиге вахар доцуш волчух. Жама1ат ламазаш-м дийца а ца дезара, рузбане а ца вог1у. Х1унда цавог1у, аьлла, шега хаттар дича, цо олу «цумаьждигехь хьехам беш волчу имамана реза вац со, и ц1ена вац бах, цунна т1аьхьа а х1оьттина ламаздича, иза д1акхочур дац».
И тайпа х1уманаш дийца ваьхьаш волу стаг, сунасхьахетарехь, дикка тиларчу вахана ву. Шена гина а доцуш, хазарехь дуьйцуш г1ийбат до цо — цхьаъ,ламаз дича хир ду-дац аьлла, Далла бен хаа йишйоцуш долчух шеко кхоьллина цо – шиъ, рузбанецавахаран къа – кхоъ ду.
Цунна ца хаьа, маьждигехь рузба дар, йа тезетахьвелларг декъал вар, йа кхидолу Делан дуьхьа дешдолу г1уллакх х1ораммо а шена мелана деш дуй. Нагахь къеда, йа маьждигера имам «мегаш» вацахьиза царна шайна ду. Ткъа хьо царна т1аьхьа а х1оьттина хьайн декхар кхочушдичхьана волуш ву. Маьждигчу лелаш цхьа хьенех-минех а ву, изац1ена вац, цул доьхнарг – цу чохь берш шаберш а боьха х1уманаш йу, уьш лелачу маьждиг чу г1урволуш вац со, олуш верг а нисло.
Т1аккха ахь: со а ма ву цу чу лелаш, кхин а масийтта эзар стаг а ма ву (Шелара рузбан маьждигду дуьйцург), тхо шайерш а боьха х1уманаш йу?» —аьлла, хаттар дича: «Иштта ца бах ас, хьо ца вуйцуас», — олу. Хьо цуьнца къовсаме волу; цу чохьцхьаъ, шиъ, итт йа эзар хьо реза воцург хиларх, хьоцеран ц1а чу воьдуш ма вац, хьо Делан ц1а чу воьдуш ма ву, ткъа цу чу муьлххачу а бусалбастеган ваха йиш йу. Кхи шайн ала х1ума ца хилча,цара олу; цу чохь шу рузба деш 1ашшехь шунмачаш ма лечкъайо, ткъа иза муха ду?
Цунна жоп луш цхьа х1ума дийца лаьасуна. Х1ора шарахь Макка, Хьаьжц1а доьдушмасех миллион адам хуьлу. И йеза хан т1екхаьчча кху дуьнен т1ехь мел йолу «жуьлик» (къола дешболу нах) цига д1агулло бах, цара Хьаьж данбаьхкинчу нахана, хазанеха санна, къоланаш а до бах (вайн махкара баханчарна дина меттигаш а бу).Ткъа х1ун де вай т1аккха? Цигахь къоланаш дешнах бу алий, Хьаьжц1а а ца доьлхуш 1ей вай?
Цул а атта ду-кх рузбане воьдучу стагашен кога, лачкъийча шена халонга дер доцуш йолумачаш а йуьйхина, уш хьалххе саг1а а йина, шенрузбане вахча. Олуш ма ду: «Лачкъийначунна –цхьа къа, йайначунна – исс къа». Амма, сунасхьахетарехь, вай лакхахь дагардина бахьанаш,рузбане ван ца луучо шена а, нахана а хьалхабехказлонна дуьйцуш х1уманаш ду. Иза ша а, исаннарг а теша а мегара царех, ткъа Далла хьалхачекхйеврий техьа и бехказлонаш? Цо бохий техьахьуна цига ца ваха бахьана карадахь, ца ваха мегарду? Дера ца бах. Муьлхха г1уллакх дитий а, шенхеннахь рузбане вахар фарз дина т1едиллина ду-кхЦо. Шена вон мелдерг хьоьхуш долчу шайт1ан (Дела не1алт хуьлда цунна!) букъ а кагбина, цкъарузбане веанчун, цу чуьрачу оьздачу къанойх,тоьллачу къонахойх, йалсамане беснаш т1ехь долу йаххьаш йолчу кегийчу нахах (де-дийне мел долу,Далла бу хастам, алсам бовлуш болчу!) б1аьрг кхетча, царна йуккъе охьа а хиъна, дагара вон ойланаш д1а а йаьхна, хьехаме ладоьг1ча, тешна вусо, иза йуха а, йуха а цига леларг хиларх. Шах1инццалц цига ца леларна боккха дагахьбалам а буьсуш. Воккхачунна шен берашна гайта масал дуиза, кегийчара шайн дений-нанний беш синтем а,хазахетар а ду иза.
Хьалха, кест-кеста цхьацца «мода»йукъайолура (х1инца а йолуш хир йу): зударшнайоций кучамаш, «полоска» тиллар; божаршна йехамесаш, шуьйра хечийн когаш – масане йара уьш.Тахана а, цхьаволчо, зудаберехь коьртахь йовлакхгича йа къонахчуьнгахь нохчийн куй, пес,бустамаш болу коч гича, иза-м мода йара, кесттахийцалур йолуш, олу. Хилийтахь иза «мода», дика мода йу-кх иза, хийца йала дагахь а йоцуш, де-дийне мел дели ч1аг1йалар бен. Иштта «мода»халкъан ламаст а хилла д1ах1отта йеза.
Ткъа вай дог тешна хир ду: Рузбане баха мало йеш берш а, кханий-кханий, бохуш, т1ехьа тоьттушберш а, дагахь вон ойланаш йерш а, хьекъалчу а баьхкина, шаьш цига Делан дуьхьа дог1уш дуй а хууш, т1едог1учу Рузбан дийнахь дуьйна шайнфарз д1адолориг хиларх.
Дала т1аьхье беркате йойла.
А. СУЛЕЙМАНОВ.