Кхочушхилла сатийсам
13.08.2024Вайн цIейаххана махкахой
Йоккхачу АтагIарчу Шемилан Даудан кIентанАндарбекан, Хьалха-МартантIерачу НасухановаАмин доьзалехь 1939-чу шеран хьаьттан беттан(август) йуьххьехь, дуьнентIе йелира йоI, шех ЛяляцIе тиллина йолу. Цуьнан тахана 85 шо кхочуш хирдара.
Цуьнан да цу хенахь вевзаш волурадиокорреспондент вара, 1940—1944-чуйшерашкахь Нохч—ГIалгIайн радиокомитетанкуьйгалхо а Iийра иза. Вайнах цIерабаьхча, Малхбале Казахстанерчу Усть—Каменегорск-гIалахьболх бан волавелира иза. Ткъа 1956-чу шарахьАлма-Атахь нохч-гIалгIайн радиопередачаш йанйолийча, Андарбек цига балха кхойкху. Оцу гIалинуллорчу цхьана поселкехь тIехдика школа чекх а йоккхий, ден-ненан цхьаъ бен йоцу йоI къайлахадIайазло меттигерчу ДОСААФ-н парашютистийнкурсашка.
Иштта дIаболало Лялин стигале болу лаам, цуьнан деган сатийсам. Боккъал аьлча, и болх цабезара дений-нанний, хIетте а Делан рицкъацайоьIан лаам туьйлира. Маре йахча мукъане а кхераме спорт йуьтур йац-те бохуш, дог-ойла йарабаккхийчеран.
ХIан-хIа, шен майрачо аьлча а цо шайуьхьарлаьцна гIуллакх ца дуьту. Кестта къонадоьзал дIасакъаьста. Жимма хан йаьлча дасАндарбека а кхин зуда йалайо, хIетахь йевзашйолуэшарлакхархо Йоккхачу АтагIара Жансари (тIаьхьоцеран йоI хуьлу, иза 32 шо кхаьчна йолуш, ле).
Цул тIаьхьа шен ненаца Хьалха-МартантIехь Iаш, Нохчийчохь йоьIан аьтто бацара шен тIомайаларанговзалла лакхайаккха. Оццу хенахь (1959-г1а шо) цунна хаало Махачкалахь аэроклуб йуй. МассохIума а дуьтий, аьрха амал йолу Ляля оцу гIала Iама йоьду, ткъа кхин а жимма хан йаьлча – Саранскерчу летно-технически училище а. Иза а кхиамца чекхйоккху нохчийн йоIа. Цул тIаьхьацуьнан сатийсам кхоллало СССР-н космонавтийнотрядан могIаршка хIотта. Амма цига некъ бихкинабара хIара хиллачу «спецпереселенцийн» доьзалерасхьайаьлла хиларна.
ХIетахь пачхьалкхех а уггар лоручу «Правда» газета тIехь Насуханова Лялях лаьцна йаздо:
– Стигланан Iаьршашлахь, седарчашна уллохь, лаьмнашна, хIорданашна тIехула шен болатан аьрзухоьхку нохчийн йоIа… шек йоцуш, хIаваэхь йу и йоI, – бохуш.
Иза ларамаза дацара: вайн махкахочо дакъалоцучулаккхарчу пилотажехула долчу къийсадаларшкахь, мосуьйттаза кхунах толамхо а хуьлу. Дерриге а ши эзар ах эзар сов сахьт ду цо хIаваэхь йаьккхина хан.Парашютаца 56-за чукхоссайеллера иза. ХIинцахIара къоначу летчикийн инструктор йара. Оцукъарлурйоцчу йоIах дозалла дан буьйлира йерригеНохчийчуьра бахархой, цуьнан цIе туьллурацхьаболчара дуьнентIе шайн йоI йаьлча…
Вайнехан йоIа – летчика, хIума тоьгу чарх санна,«ловзадора» реактивни «МИГ-I7» олу истребитель, цхьаболчу къонахашка а къар ца луш долу.
Л.А. Насуханова мацах ша аэроклубехь дешначуМахачкала йухайоьрзу эххар а. Лаккхарчу классанлетчик-инструктор йолчу цо Iамабо тIекхуьухIаваан говзанчаш. ТIаьххьарчарна цо дIало шендерриге хаарш а, зеделларг а. Цул сов, иза хIинцашен кхоллам летчик волчу хIирийн кIантаца А.Битаровца боьзна, доьзалан нана а хуьлу.
Даима стигалца доьзна хиллачу дахарехь Л.Насуханована бевза пачхьалкхехь цIейоккхукосмонавташ – Береговой Георгий, Анохин Алексей, Николаев Андриан. ХIара Соьлжа-гIаларчу аэропортехь летчик-инструктор даржехь йолуш, кхунна вевза Советски СоюзанТурпалхо, летчик-космонавт Комаров Владимир (цуьнан хIусамнана кхузара йара!). Уьш массо а даима йуххера гергарло лелош чекхбевлира вайнмахкахочуьнца.
…Хиллачу Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкомо шенмогIарш кадрашца чIагIдархьама, Л.А. Насухановапартин балха хьажайо: цунах Грозненски райкомансекретаран дарж тешадо. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь атта дацара и болх дIакхехьа. ТIетаьIIина къахьега дезара оцу хенан идеологицадогIуш доцу «ширачух бухадисинарг» дIадоккхуш. Къонахчун амалехь йолчу гIеметта хIоьттинчузудчунна, партбелхахочунна дика хаьара вайнеханоьзда ламасташ нахана йукъара дIадовлахь, «къам» боху кхетам вайна йукъара дIабер буйла. Цунделаоьшучохь «гечо а» лохуш, кхочушдо КПСС-н райкоман керлачу секретаро шен декхарш. Кхузараши-кхо шо хан йаьлча, Л.А. Насуханова кхечубалха дехьайолу – республикан культурехула йолчупрофсоюзан куьйгалхо. Керлачу даржехь а белхахошца кIоршаме йоцуш, кIеда-мерза чекхйолуи хьуьнаре, догцIена зуда.
Нийса хир дацара, мел аьлла а кхуьнан доьзалхдош ца аьлча.
Лялин, лакхахь хьахийначу цIийнден АслананкIанттий, йоIIий дара. Казбеках, шен дех-ненахсанна, тIеман авиацин летчик хилира. СССР йоьхначул тIаьхьа пенсе вахана, Москвахь Iен-вахаохьахиира иза шен доьзалца.
Иштта, шен доьзал а болуш, Францехь йехаш йукхеран йоI Ларида. И соьга вайн вевзаш волчупоэта, йаздархочо Кусаев Iадиза хаийтира. Цул сов, цо суна йийшира ша ахбIе шо хьалха Л.Насуханована лерина оьрсийн маттахь йазйинайолу «Сан йиша» ц1е йолу байт.
Халахеташ ду-кх тахана иштта сий-ларам болуш, гIарайаьлла хилла нохчо-зуда хIинцалерчу вайнкегийрхошна башха мила йу ца хаар. Ткъа цунахдолу дерзоран дош олуш, хаийта лаьа, Нохчийчубеанчу шолгIа тIамах йедда шен марзхой болчуХIирийчу йахана йолуш, 2000-чу шеран бIаьстенанйуьххьехь цуьнан кхалхар хилира. Майрачо Аслана шен гергара нахаца цигахь бусалба кешнашкадIайерзийра иза.
Насуханова Ляляс шен оьзда лар лаьтта тIехьйитина а ца Iаш, стиглахь а йитина. Цундела изайицйан ца йеза.
МУЦУРАЕВ Олхазар,
йаздархо.