Поэтан Саиев Iумаран – 65 шо

28.06.2024 Выкл. Автор Zama

Тахана, асаран беттан (июнь) 27-чу дийнахь, 65 шо кхечи вайн махкахочун, Россин йаздархойн Союзан декъашхо волчу Саиев 1умаран. Россехь дика вевзаш хиллачу поэта Шайхиев 1алвадис (Дала декъалвойла иза) иштта далийна дешнаш ду цунах лаьцна:

«Саиев 1умара шен х1ора байт лерина йара бустамашца кхелина, иза кечйой, дешархочун кхиэле йуьллуш. Цундела цуьнан байташ къаьсташ хуьлу шайн к1орггерчу чулацамца а, къегинчу вастаца а. Уггаре коьртаниг1умаран кхоллараллин шатайпана хат1 хилар ду. Иза тера вац кхечу поэтех. Цо поэзехь хаьржинарг шен некъ бу. Иза ду вайна хазахетарг».

  Саиев 1умар вина Нажин-Йуьртан кIоштан Мескита йуьртахь. 1977-чу шарахь Гуьмсера №4 йолу йуккъера школа чекхйаьккхина. Цул т1аьхьа г1ишлошйаран урхаллашкахь, т1аьхьо республикан гуманитарни институтехь белхаш а беш, цо заочно чекхйаьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет.

  Амма Саиев 1умар шен кхоллараллин новкъа 1976-чу шарахь дуьйна ваьллера. Цуьнца тасаделла гергарло ч1аг1далар бен, г1ел цалуш тахханалц схьадог1уш ду 1умаран. Карарчу хенахь кхиъна ваьлла, Россин тоьллачу йаздархойн мог1арехь а волуш, кхоллараллин декъехь кхиамашца схьавог1уш ву поэт.

  Коьртаниг ду шен къоман дахарца, амалца, товш а, дог1уш а долчу васташца цхьаьна хан-заманца халкъалахь йемал хиндерш а 1умарна дика девзина хилар. Масала, исбаьхьаллин аг1о, забаран амал, адаман 1ер-дахаран васт, иштта къоманаларш, и. д1.кх. а.

  Вайн зама хийцайаларх а, 1умаран кхоллараллин, иэсан байташ, говза аларш, дахаран масалш шайн маь1на довр доцу хьашт долуш санна хета. Иза вайна санна оьшу т1екхуьучу т1аьхьенна а, х1унда аьлча, исбаьхьаллин дош халкъаца даха дезаш ду даим а. Цундела оьшу вайна иштта дешан говзанчаш.

  1умаран тоьллачу говзарех йу 2010-чу шарахь арайаьлла цуьнан «Дагара дийцахьа, Нохчийчоь» ц1е йолу байтийн гулар.

 Шен махкана т1ех1оьттина доьхна хьал санна, йеттачу бомбанаша т1е-к1ел кхуьйсу г1ишлош, х1усамаш, денна х1уьтту тезеташ, доьхна, даьржина лела адамаш... И дерриге дагна 1еткъар, т1еман къизалла, адамийн адамаллин а, акхараллин а йукъахь цхьа ге хиллал бен боцчу бараман хьолах инзарваьлла поэт. Адам экханал а къиза хилар ца лов цо. Поэзин маттахь и къизалла ма-йарра 1орайаккха кархдаьлла I.Саиевн:

Со-м ца кхета, аса х1ара муха лов?

Дийнахь-буса 1ожалла йу детташ ков.

Ас сатуьйсу нехан болчу машаре,

Нохчийн барт хилла, вовшех дашаре.

Со-м ца кхета ас х1ара муха лов?

Холчу вохуш карзахйуьйлу дагт1ехь чов.

Мича йаха хьо, сан мехкан хазалла?

Йа йу теша, Даймохк, лелларг азалла?

  Цуьнан кхоллараллин белхан тоьллачех цхьа дакъа ду 2018-чу шарахь зорбане йаьлла «Ойланийн дуьне» ц1е йолу говза аларийн гулар.

  Саиев 1умаран кхолларалла йевзинчунна цунах лаьцна дийца к1ордор а дацара. Делахь а цхьа барам боцуш х1ума дац дахарехь

М. АЛАВДИНОВ.