Шелахоша толам баьккхира«Синмехаллашкахь»

28.06.2024 Выкл. Автор Zama

 

      Курчалой-гIалахь асаран беттан 20-чу дийнахь «Синмехаллаш» цIе йолчу республикинпроектан гурашкахь дIахьочу къийсамехьцхьаьнакхийтира Шела-гIалара а, Хьалха-Мартана-гIалара а ши тоба.

Дуккха а хан йу республикин культурин белхахоша«Синмехаллашна» шайн тобанаш кечйеш йолу. Вайн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца йукъайаьккхина йу и мехалапроект. Культурехь бечу белхан доккха дакъадIалоцуш, къоман гIиллакхаш а, ламасташ а довзуьйтуш, культурин хазна шорйеш, мехала болхбу проектехь дакъалоцучу белхахоша беш берг.

ХIора къовсамна кечлуш, алссам къахьоьгутобанийн декъашхоша. Иза гуш хуьлу къийсамдIахьочу хенахь: алссам къахьегначара дика хьуьнарш гойту. Хелхаршкахь, иллеш аларехь, сценкаш хIитторехь, нохчийн маттах долу хааршгайтарехь, куьйган говзалла йовзийтарехь дIахьочукъийсамашкахь гучудолу хIора тобано мел къахьегна, мел говза, хаза, шайн Iалашоне кхочушболх бина хилар.

Маххадорхошна наггахь хала хуьлу, жимма долу кхачамбацарш тергоне а ца оьцуш, богIуш болу мах хадо. Тобано, масала, Iаламат дика илли эли, хаза аьзнаш дийки, музыкин агIор ала хIума дац. Аммакегийчу кхачамбацарша  сурт талхадо: кегийчунаха, стенна делахь а, лергаш къайла а дохуш, дIатуьллу нохчийн иллешкахь бийцина сийлахьхолхаза куй. ХIунда, мича бахьанина до цара иза? Дукхазза дийцина ма ду и хIума: хаза дац, ца тов, иштта ма де, вайн дайша беза лерина холхаза куй, цуьнан сий ма дайа аьлла. Амма хийцам хуьлушбац. И бахьана долуш, маххадор лахара хуьлушметтиг а хуьлу.

  Оцу дийнахь Курчалойн кIоштарчу Майртуьпахь хиллачу къийсамашкахь а кхачамбацарш дара, дийцина куйнаш хилла ца Iаш, хелхаран кеп нийсадIа ца хьош, илли аларна тIехь кега-мерса гIалаташдуьйлуьйтуш, кхин а. Ала дашна, и гIалаташ шина а тобанера дийлира. Делахь а, маххадорхоша коьртатидам хIора номинацин чулацамна а, изакхочушйарна а тIебохуьйтура.