«Нохчийн меттан говзанча» къовсамехь дакъалацаран дехарш схьаоьцу чиллин беттан 20-гӀа де кхаччалц

02.02.2023 Выкл. Автор Zama

01.02.2023 г.

Карара шо, хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указца дӀакхайкхийна ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Оцу шарца боьзна хьалхара къовсам а бу цо дӀакхайкхийна — НОХЧИЙН МЕТТАН ГОВЗАНЧА.

Цигахь дакъалаца йиш йолуш муьлхха а ву, цхьа а къестамаш а боцуш.

Къовсаман совг1аталлин фонд 8 млн ₽ барамехь йу: хьалхара меттиг йаккхарна — 5 млн; шолг1а меттиг йаккхарна — 2 млн; кхоалг1а меттиг йаккхарна — 1 млн.

Лехамаш а, дакъалацаран бехкамаш а хӀокху контакташца бевзар бу:

WhatsApp: +7(964)074-86-33;

Тилпон лоьмар: +7(8712)29-26-44.

Дакъалацаран косташ хӀокху адресца дӀатосур ду (20.01.23 — 20.02.23 шш.): govzancha95@mail.ru.

ИА «Грозный-информ»