Беркате тIаьхье – вайн дика кхане йу

01.02.2023 Выкл. Автор Zama


Йу
къараллин кхиар, коьрта долчудекъана,тIекхуьучу тIаьхьене шен хаарш, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, дахарехь шеназеделларг дIадаларца доьзна ду. Цхьа тIаьхье, шен оьмар чекх а йолий, дIайолу, тIекхиъначодIахьо шен халкъан дахар. Иштта ду дуьненандIахIоттар, Веза-Воккхачу Аллах1а иза нис ма-дарра.

Нохчийн Республикин Правительствон декъахошца а, районийн куьйгалхошца а шен хуьлучукхеташонашкахь вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас билгалдоккху синан культура кхиоран болх вайн йукъараллехь, коьртачарах цхьаъ хилла дIахIотта безаш хилар. Цул сов, цо къаьсттина боккха тидам тIебахуьйтухалкъалахь нохчийн метан хьал тодарх долчугIуллакхна.

«Школашкахь а, дешаран лакхарчу а, корматаллин а хьукматашкахь нохчийн мотт хьехаран а, Iаморан а гIуллакх тодан деза, хьалхалерчу шерашкахьхиллачу хьоле кхачо деза иза, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзан-Хьаьжас ишттачу цхьанакхеташонехь. – Вайна хаьа,мотт ца хилча, къамхуьлуш доцийла, цундела и ларбар, иза Iаморехьоьшург дерриг а кхочушдар вайн декхар ду».
Регионан Куьйгалхочо предложени йалийра, школашкахь нохчийн мотт хьехарна сахьташтIетоха деза аьлла. Иза ца хилча йиш йоцуш хIумаду, хIунда аьлча дешархошна уггаре а оьшучупредметех цхьаъ йолчу нохчийн маттана сахьташкIезиг ду. Ц у хьокъехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу говзанчаша дукхазза а дийцина шайнцхьаьнакхетаршкахь, дехарийн кехаташ йаздиналакхарчу инстанцешка, зорбанехь и гIуллакх дукхадийцина, амма цуьнан хIинццалц йист йаьллайацара. Ткъа хIинца Республикин Куьйгалхочо изатIеддиллина хилча, цунах дика тIаьхье йолушгIуллакх хир ду.

Нохчийн маттах а, ненан мотт санна иза мехалахиларх а лаьцна ша кхеташонехь дуьйцучу хенахь Кадыров Рамзан-Хьаьжас элира: «Жимачу беранашен ненан маттахь ойла йан Iамо деза». ИзаIаламат нийса хIума ду. Шен ненан маттахь бероойла йеш хилча, и мотт цуьнан кхетаман а, хьекъалан а мотт ма хуьлу. Iилманчаша ма-баххара, берана уггаре а хьалха хаа безарг ненан мотт бу, дуьненах долу хаарш тIеэца атта хир ду цуннатIаккха. ХIора дийнахь шена хезаш болчу маттах кхета а, доккха мел хили а, иза дика бийца а Iемарду берана.

ТIекхуьуш йолу тIаьхье вайн къоман синанхьостанашна тIейало йеза. Къам синан агIорюхаметтахIотторехь, цуьнан культура кхиорехькхин некъ бац вайн. Ткъа и болх дIахьочу хенахьвайн кегийнаш  –тIекхуьуш йолу тIаьхьеюкъаозойеза, царна уллера довза деза шайн дайн синанорамаш, царах марзо эца а, уьш лара а, царахдозалла дан а хаа деза царна. Къомо шен синанорамаш дIатеснехь, мотт бийцар, иза кхиоргалдаьллехь, и къам доха герга ду, цуьнан кхане хирйац.

Дуьненчуьра халкъийн исторехь дукха масалш дуцхьадолу кегий  къаьманаш дайна, хIаллакь хилла. Дукхахьолахь уьш шайн мотт а, культура а лар цайарна дIадевлла. Мел боккха эшам бу иза – дийннакъам дуьненчуьра дIадалар. Цу къоман адамашкхечу къаьмнех дIа а оьй, шайн мотт а, орамаш а дицлой, дIахIуьтту. Цхьа тIаьхье дIайаьлча, шаьшдIаийначу къомах болу нах хуьлу царах. Ткъа кхоам бац дайначу халкъан? Довш дерг цу къоман са ма ду, мотт а, культура а, истори а хилла ца Iаш.

Ткъа вайх лаьцна аьлча, вайн мотт бан мега аьлла,дIакхайкхийна  ЮНЕСКО-с. Цара 90-чу шерашкахьвайн республикехь талламаш бина. Схьадийцарехь, нохчийн маттахь  йеша хууш школехь и моттIамийнарг массо а ву, амма йиллина я кест-кестанохчийн маттахь газет, журнал йа исбаьхьаллин литература йоьшуш д ерриге а халкъах масех процент бен нах бац. Цу тIе а доьгIна, шаьш бинчуталламашца вайн мотт бовш болчу меттанашнайуккъе йазбина цу организацерчу говзанчаша. Вайна иза тIелаца хала ду, амма долуш дерг чолхехьал ду. Цундела йан йеза ненан метан тергопачхьалкхан тIегIана тIехь. И болх вайнРеспубликин куьйгалло шен лерринчу тидаме эцна, ткъа цуьнан дика тIаьхье хиларан вайн цхьа а шекойац.

Ткъа вайга, могIарерчу бахархошка, далун дерг хIун ду вешан къоман мотт ларбархьама? Уггаре а хьалха: иза бийцар, зорбане даьлларг дешар, берашка иза бийцийтар а, ларийтар а. Цхьаболчарна тамашийна  хета а там бу ас ишттааьлча: вешан маттехула а ма кхачало вайцивилизацин хьосташка, историн баххашка, дуьненан культурин хазнашка. Амма иза оьрсийнмотт дIа а тасий, беккъа вайн мотт бийца бохургдац. Хьайн маттана эшам ма бе, цуьнга ларам хила, иза дIа ма таса бохург ду. Маттах лаьцна дуьйцургдерзош, цхьа масал дало лаьа суна. ВайнлуларчуДагестанехь 30 сов къам ду (дийцарехь, уьш-м кхин а сов ду), цара вовшашлахь оьрсийнмотт буьйцу, шайна ма-хаъара. Ткъа иза шайна дика ца хаьа, массеран а, иза бежIу йа академик велахь а, чолхе акцент йу аьлла, сагатдеш а бац уьш. Шайнметтанаш лардо вайн лулахоша. Цхьана джайхойнматтахь (аварцы) масех газет а, журнал а дузорбанера долуш. Бахархой цу изданешкайазбаларехь йаккхий халонаш а йац церан. ВайхIунда ца оьцу царах масал? Цу тIера дIа ма долаломотт а, къоман культура а ларйар.

А. МУСАЕВ.