Зуда «йитарх» лаьцна

Зуда «йитарх» лаьцна

16.07.2021 Выкл. Автор Zama

Дукха хан йоццуш тхо долчу, «Зама» газетан редакце хьошалг1а веанера Шелан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочун г1оьнча, 1еламстаг Ахматов Мохьмад. Тхан дехарца, цо дийцира зуда «йитаран» хьокъехь бусулба дино х1ун боху.

«Дала Къуръанчохь боху: бахьана а доцуш зуда йитар  – Дела оьг1аз воьдуш х1ума ду. Бахьанаш ду: къола деш елахь, мотт-эладита лелош елахь, шен дег1ан сий дойъуш елахь. Т1аккха а, етта а ца етташ, д1а а йигна шен велига (да, ваша, деваша…) д1ало боху. «Х1ара зуда суна муьт1ахь яц», — алий. Цхьаъ моттаделла суна, я г1иллакх доцуш ю, аьлла, йита бакъо яц. Нагахь цкъа а, шозлаг1а а «йити хьо» олуш, зуда д1аяхийтинехь, кхо бутт юкъа болале иза юхаерзо мегаш ду. Кхузза йитинчул т1аьхьа шафи1и мазх1або юха ца магайо, кхечуьнга маре а яхана ц1аеана ца хилча. Мах юхабан безаш бу.

Вайнахана юкъахь лелаш ду теш х1оттор. Иза оьшуш х1ума дац. Хабар д1атоьхча а, дуьхьал йолуш аьлча а, телефона чухула аьлча а зуда йиталуш ю. Нагахь майрачо, цхьана х1уманна оьг1аз а вахана, цуьнга «ахь кхи и саннарг дахь, ас юьтур ю хьо» аьллехь, цул т1аьхьа 40 шо даьлча а, майрачунна ша аьлларг тоххара дицделлехь а, цо «ахь и кхи дахь ас юьтур ю хьо» аьлларг зудчо дахь, зуда йиталуш ю, церан мах бухуш бу. Мах юха ца бича и зуда цуьнан долахь яц. Церан доьзал а ц1ена хир бац. Ийман долуш ца кхиарна кхерам бу церан бераш. Кхузахь билгалдаккха дезаш кхин цхьаъ ду: зуда юха а ялийна, мах бича а, оцу къонахчо: «Ас сайна хьо юхаерзий, зуда а йина» ца алахь, мах хуьлуш бац.

Доьзална хьалха зудчой, майрачой шайн юкъаметтигаш къестор нийса дац. Иза доьзална т1е1аткъам бу. Стага, ша оьг1аз ма ваххана, зуда йита ца еза. Ламаз эцна а, араваьлла а, парг1ат ойла ян еза. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Бахьана а доцуш гергарло хададар – шен умматах цхьа дакъа д1адалар санна доккха х1ума ду». (Муьлха бахьанаш ду, вай лакхахь дийцина).

— Ахьа х1у хьакъ д1аделира хьайн доьзална а, х1усамнанна а? — аьлла, хоттур ду боху къонахчуьнга Къематдийнахь. Х1усамненан хьакъ д1адалар ду: кхана дог1у долчу Къематдийнахь и х1усамнана бахьана долуш хьо къелоцур волуш долу х1ума ахь ца леладар, цунна ламаз 1амадар, дин 1амадар, рицкъ латтадар. Цуьнга шен ненан кхерч ларбайтар, 1уналла дар ду-кх иза. Оьг1аз ма-ваххана зуда йитар – йоккха г1алатло ю, доккха сакхт ду.

Къонахий зударшна т1ех1иттийна бу ша , бах Дала. Оцо билгалдоккху зударий божаршна муьт1ахь хила безар. Зудчунна, пхи ламаз а деш, шен майрачун кхерч бовха а латтош, цунна муьт1ахь хилчахьана, Дала ялсамане луш ю. Майрачунна ца товш долу х1уманаш а лелош, иза карзахвахар – мегаш дац. Юх-юха а къийзош хилча, майра собарх воха герга ду, т1аккха цуьнан багара «йити» бохуш долу дош долу. Гергарло хадарна кхана – Къематдийнахь – оцу зудчо, майрачунна бахьана даьккхина йолчу, жоп дала дезар ду. Цундела зуда к1еда-мерза, ц1ена хила еза. Йистхуьлучу хенахь, шен ц1ийнадена х1ун лаьа, х1ун ца лаьа хьожуш хила еза иза. Шега схьахьаьжча а, майрачо х1ун боху хууш хила еза зуда.

Масаллина дуьйцу вай: Пайхамара (Д.с.м.) шен елла йолу х1усамнана Хадижат хастийча шена цатайний хаийтина хиллера жима а, хаза а йолчу 1айшата. «Ма алалахь, 1айшат, хьо Хадижатал тоьлла ю, аьллера Пайхамара (Д.с.м.), дерриг дуьнено ша харцвича а, ша бакъвинарг ю хьуна иза, ша къен волчу хенахь, къеллера ша схьаваьккхинарг ю хьуна иза». Цунна ца лаьий хиъча, 1айшата кхин ца динера Пайхамаре (Д.с.м.) иштта къамел.

Стаг оьг1азвоьду волу х1ума лелон ца деза зудчо. Нагахь зудчо сарахь ц1ийнада, к1ад а велла ц1а вог1уш, шен к1адъялар, цатам бита а битина, елаелла, екхаелла дуьхьал а яьлла, «ма к1адвелла хир ву хьо, х1ун кхоллур яра ахь», аьлла, цуьнан дог хьастахь, и цхьа меттиг а тоьар яра-кх цунна ялсамане яха, аьлла ду-кх. Цундела шен х1усам ларъян еза зудчо, ша х1усамнана хиларе терра. Дала ша резавоцчу х1уманах лардойла вай».

 

Д1аяздинарг А. СУЛЕЙМАНОВ.