Къомана оьшуш йолу фонд

Къомана оьшуш йолу фонд

06.07.2021 Выкл. Автор Zama

Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1арах йолу Региональни юкъараллин фонд кхоьллина 17 шо кхечи кху деношкахь. Массарна а евзаш йолчу Кадырова Айманис куьйгалла а деш, болх бан йолаелира и Фонд 2004 шарахь.

Х1ун бахьана долуш, муьлхачу 1алашонца кхоьллина яра и Фонд, цо х1ун пайда бохьу халкъана а, республикина а? Коьртаниг – г1ийла-мискачу нахана х1ун г1о хир ду техьа? Кхечу кепара – 1едалан аг1ора хилийта ца мегара техьа и г1о нахана? Иэша а оьшарий техьа и тайпа г1о, пенсеш а, пособеш а луш хилча, бан луучунна болх а хилча? Иштта хаттарш х1уьттура цу шерашкахь дуккха а нахана хьалха.

Дукха хан ялале, цхьажимма хьекъал-кхетам болуш волчу стагана гучуделира цу Фондо махкана бохьуш болу пайда а, цул г1оле а долуш, нохчийн къоман амалшца, г1иллакхашца дог1уш долу х1ума атта карор доций а.

Вайна дагадог1у 2000 шераш дуьйладеллачу муьрехь вайн нахехь хилла г1ийла хьал: дохийна, даьржина къам Россин кхечу регионашкара ц1адерза доладеллера, Нохчийн Республикин Куьйгалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а тешна. Меттах1итто езаш яра т1амо йохийна г1ишлош, нехан х1усамаш, социальни объекташ, кхечу кепара аьлча, шаболу мохк. Оцу халачу заманчохь, 2004 шарахь, Делан мостаг1аша эккхар а дина, вайх д1акъаьстира нохчийн къоман баьчча Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Амма цуьнан к1анта Рамзана тесна ца дитира къам. Шен дас юьхьарлаьцна нийса некъ кхид1а бахьа болийра цо. Амма дан дезаш дерг дукха дара. Г1ийла нах шайн доьзалшна чохь1ен х1усамаш йоьхуш, шайн хьашташна оьшуш долу х1ума доьхуш Рамзанна т1екхача г1ертара. Царна хаьара, цо шега дина дехар жоп доцуш ца дуьтий.

Рамзан Ахматович д1акхаьчча меттехь, бухахь дехархой хуьлура, нах саг1ане боьрзуш бохкуш бара. Нохчийн къомана юкъахь цкъа а хилла доцуш долу саг1адехар, т1ебаьхкинчу къаьмнийн векалшна мегаш дара, царна иза эхье дацара. Цара цунах пайда а оьцура буьззина. Цхьаболчу нохчийн къомах болчара а, шайн доьзалийн дуьхьа деш ду шаьш бохуш, шайна маго долийра и «г1иллакх». И шадерг гуш волчу Кадыров Рамзанна и г1уллакх ч1ог1а лазаме даьллера. Цо мосуьйттазза кхайкхам а бира халкъе цу хьокъехь.

Оцу заманчохь, шен хеннахь юкъадаьккхина х1ума дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах, Аймани Несиевна коьртехь а йолуш, юкъараллин фонд кхоллар. Цо аьтто хилийтира, цхьаболчу, саг1а деха эхь а хеташ, амма шайн хьелаш ч1ог1а ледара а долуш болчу (цомгашниг дехьа-сехьа ваккха, г1ишлош меттах1итто я г1ишло эца), аьтто боцчу нохчийн Делан дикане сатийса. Фонде кехат яздар, дехар дар, цхьана стаге саг1адехар санна лазаме а, эхье а ца хета, я иза дан а дац. Цул совнаха, дукха хьолехь дехар ца дича а, хаа ма-хиъинехь, г1о дина карадойтура Фондо. Цкъа делахь, цхьаммо  дехнера аьлла луш а дац Фондо саг1а а, деш дац г1о а. Фондан комиссино 1ер-дахаран талламаш а бой, цо доьхург оьшуш ду-дац а хьожий бен, ма диххи д1алуш а дац. Шолг1а делахь, оцо озабезамаш бар а д1адоккху юкъара.

Цхьаболчу къам ца дезачу наха дуьйцу, яздо: царна стенгара даьлла оццул ахча, ц1ена даьккхина дац иза, иштта деш ца хуьлу г1о, бохуш долу, цхьана а тайпана бух боцу х1умнаш. Схьалоцур вай г1ийла стаг: ша а цомгаш ву иза, доьзал кегийра бу, орцах вала гергара стаг а вац цуьнан. Фонд йоцуш хилча, стенга яздийр дара цо, жоьпе мел хьежа везар вара цуьнан, х1ун жоп хир дара цунна 1едалера? Ткъа цунна х1ун башхалла ду, шена деш долчу г1он х1уъа ц1е хилча а? Цхьаммо шегара керара луш, схьаэца эхь хетар долуш саг1а а дац иза. Фондо г1о дина аьлча цунна эхь хета х1умма а дац.

1едалехула дан деза г1о а, яла еза х1усамаш а, ала там бу цхьаболчара. Вайна ца йевза 1едалан бюрократически система? Хьуна йог1уш ерг а схьа ца луш шераш д1адоьлху, дукха хьолахь яла а ца ло.

Ткъа меттах1итто езаш йолу г1аланаш, ярташ? Федеральни 1едална бага а хьоьжуш 1ан дезаш дара вай? Цара йе аьлларг еш, шо чекх долуш ахча кхача а деш, еш йолу объекташ совцош. Фондо аьтто хуьлуьйту ца соццуш, шена лууш йолу объект хьалха а йоккхуш, федеральни программашна юкъа ца йог1уш йолу объекташ а (маьждигаш, хьуьжарш, кхиерш а), сихачу боларца хьалайоттар. Иштта, массо а дуьне цец а дуьйлуш, меттах1оттийра вайн пачхье – Соьлжа-г1ала, цуьнца цхьаьна шайолу республика а. Массо а к1ошташкахь совцуш а боцуш д1абоьлхуш бу тояран-меттах1итторан а, керла яран а белхаш: некъаш, школаш, дарбанийн ц1енош, берийн бошмаш, хьафизийн школаш, маьждигаш, чохь1ен х1усамаш (дийнна поселкаш), адамийн сада1аран меттигаш.

Ша болх бан йолаелчхьана, массанхьа а: вайн республикехь а, Россехь а яьлла ца 1аш, дерриге дуьненахь а г1ийлачу нахана г1о дарехь г1араелира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу юкъараллин фонд. Д1аяханчу заманчохь Россера а, цул арахьара а цхьа миллион сов адамана г1о дина фондо. Таро йоцчу нахана 600 ц1ено, квартираш а нисйина. Региональни юкъараллин фонд бахьана долуш, Россин тоьллачу медицински центрашкахь, кхечу пачхьалкхашкахь лаккхарчу технологийца долу дарбанаш леладайта аьтто бина вайн республикерчу а, кхечу регионашкарчу а цомгашчу нахана. Х1ора шарахь ахчанца г1о до нуьцкъалаллин структурашкарчу, шайн белхан декхарш кхочушдеш декъал хилла болчу белхахойн доьзалшна а, чевнаш хилла лазийна болчу дархошна а, царна х1усамаш а нисйо. Фондо мел дина а, деш а долу дика г1уллакхаш, даьхна долу саг1анаш дийцина ца валлал дукха ду. Аймани Несиевнас тидам боцуш ца дуьту Фонде дина долу цхьа а дехар, иза кхечу пачхьалкхера делахь а.

Кхузахь цхьадолу терахьаш дало лаь суна:

— 300 тонн кхачанан сурсаташ (шекар, дуга, дама, жижиг, консерваш, чай, даьтта, гарзаниш, печенеш) дахьийтина Самалилендерчу 320 000 бахархошна;

— хиций, даарций г1о дина Малхбалерчу Гутин 100 000 бахархошна;

— Халидан ибн аль-Валидан ц1арах маьждиг юхаметтах1оттийна Хомс г1алахь;

— шиъ школа схьа йиллина, 1000 сов берана дийнахь шозза даар а луш, т1амах бевддачу Бирмерачу бусалбанашна. Къуръан 1амош ду, цу школашкарчу 60 хьехархочунна алапа а ду луш;

— 50 хи доккхуш йолу скважина яьккхина Кутупалонг а, Унчипранг а олучу лагершкахь. Даарца, духарца г1о дина 2000 стагана. Цу лагершкахь болх беш болчу 100 имамана ахчанца г1о дина. 3000 Къуръан делла.

— даарца, духарца, молханашца, школин г1ирсашца г1о дина Малайзерчу лагершкахь болчу, Бирмера бевдда баьхкинчу 10 000 бусалбанашна.

И шадерг а д1адаханчу 2017-2019 шерашкахь хилларг ду, цул хьалха даьхначу саг1анийн терахьаш дагардан воьлча, д1аяздина а вер вац.

2020 шеран т1аьххьарчу 9 баттахь фондо екъна  вайн республикехь – 2 343459, Россин регионашкахь — 117214 а, кхечу пачхьалкашкахь – 42967 а, шаерг —   503 640 кхачанан набораш.

ОАЭ-на совг1атна 50 тонна даарш дахьийтина: 15 тонна жижиг а, 25 тонна стоьмаш а, хасстоьмаш а, 10 тонна моз а.

КОВИД–19 къийсам латточу хенахь 94 525 доьзална 1млрд. 110 млн.975 эзар соьмана ахчанца г1о дира.

Фондо эцна 42 «чехка г1одаран» машенаш, царех 22 – «В» классан  машен, 20 – «С» классан реанимобиль.

Карарчу шеран Рамадан баттахь х1ора дийнахь 7 эзар доьзална кхачанан сурсаташца г1о дира. Цул совнаха, Курчалойн к1оштахь 4800 мозан банканаш а йийкъира.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана ч1ог1а резаволуш къобалдо шен нанас Айманис фондехула г1ийлачу нахана деш долу г1о.

-Ас даггара баркалла олу хьомечу нанна Аймани Несиевнийна, цо гуттар а санна, хала мур т1ех1оьттина долчу адамашна деш долчу г1онна а, бечу тидамна а. Везчу Аллах1ера диканца бекхам бойла хьуна, мама, кху дуьненахь а, эхартахь а, оццул къинхетаме дог долуш хьо хиларна, — элира Кадыров Рамзана.

                                                                                                А. СУЛЕЙМАНОВ.