«Тхан школа кийча ю»
05.07.2021Шела г1алахь керла йинчу школех цхьаъ ю Демильханова Хедас куьйгалла ден № 11 йолу юккъера йина школа. Ши шо хьалха вайн республикехь, «Дешар» къоман проект кхочушъяран гурашкахь ян йолийнера 15 школа. Царна юкъахь яра вай йуьйцург а. 2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь дуьйна болх бан йолайелла и кхо гlатт долу школа.
Дешарца а, спортаца а доьзна хила дезаш долу, кхузаманахьлерчу лехамашна жоп луш, массо кепара хьелаш ду цигахь кхоьллина. 720 дешархочунна лерина йолчу оцу керлачу школехь 2020-2021 дешаран шарахь доьшуш 706 бер дара. Х1инца аьхкенан каникулашна д1ахецна бу цигара дешархой. Тахана керлачу дешаран шарна х1ун кечамаш беш бу № 11 йолчу юккъерчу школехь хааран 1алашонца, тхо хилира цигахь кху деношкахь.
Тийна дара йоккхачу школин г1ишло чохь. «Марша дог1ийла шу, хьеший!» – олий, духьал вог1у тхуна хехо Арсалиев Исраил. Цо школин директоран заместительна Губаева Хедина т1екхачадо тхо.
– Школан г1ишло керла хиларна, башха дукха белхаш бан а ца дийзира тхан, – дуьйцу Х. Губаевас. – Керлачу дешаран шарна кечам беш дан билгалдинарг дерриге а х1инцале дина яьлла школан коллектив. Хьехархой а тоъал бу, царех 60% къонаниш бу. Цхьа а тlеоьшуш хlума дац, бераша дика дешчахьана.
Дика болх беш схьабог1учеран мог1арехь ц1ерш ехира цо директоран заместителан Шахаева Зулиханан, техничкийн Мусрапилова Маьлх-Аьзнин, Ясуева Хедин, Абакаева Жанетин, хехойн Арсалиев Исраилан, Дунаев Аптин, кхечеран а.
Лакхахь ц1ерш яьхна техничкахь мукъа 1аш бацара. Каде къахьоьгуш бара уьш классийн чоьнаш а, коридораш а къагош. Цара шайн болх дукхабезарца беш хилар гора.
Доцца аьлча, Шела г1алин 11-г1а школин г1ишло а, цуьнан коллектив а керлачу 2021-2022 дешаран
шарна кийча ю.
Дала т1аьхье беркате йойла.
И. МАТАГОВ.
Суьрташ т1ехь: Шела г1алин № 11 йолчу школин г1ишло; школин белхалошца къамел деш ю директоран заместитель Губаева Хеда.
1.САЛАМОВн суьрташ.



