Нохчийн г1иллакхех коьртаниг – воккханиг ларар ду

01.06.2021 Выкл. Автор Zama

 

 

1аламат хаза а, бух боцуш к1орга а ду нохчийн къоман г1иллакхаш. Газеташна т1ехь, телевиденехула, иштта маьждигаш чохь хьехамашца а (Делан къинхетам бу) дуьйцуш ду уьш. Нохчийн оьздачу г1иллакхех коьртачарех ду воккханиг ларар. Вайна хуъучу аг1ор цунах лаьцна дуьйцур ду вай. Хуучунна карладалар хир цунах, ца хуучунна – хаар хир.

Къонаха мел майра а, онда а хиларх, иза г1иллакх долуш вацахь, вуьззина къонаха ца лерина вайнаха. Йо1, мел хаза, исбаьхьа елахь а, иза г1иллакх долуш яцахь, ч1ог1а сакхте лерина. Суна хетарехь, бусалба дин а нохчаша т1еэцна (хууш ма- хиллара, нуьцкъах т1еэцийтина а дац вайн дайшка и дин) вайн хьалха дуьйна долучу къоман г1иллакхашца цхьаьнадог1уш хиларна. «Г1иллакх шен чуьра дуьйна схьадог1уш ду», – олу вайнаха. Муьлххачунна а хазахета шен бер г1иллакх долуш ду, аьлла, хастийча. Амма берашкахь г1иллакх-оьздангалла хилийта дезарш, и царна чудилла дезарш а вай – даккхийнаш дуй хаьий техьа вайна?

Нохчийн г1иллакхех цхьаъ, к1антехь, я йо1ехь ца хилча, «и г1иллакх цуьнгахь доцуш ду» – олу, амма, жимачо воккхачуьнца лелон дезарг цуьнгахь дацахь, «цхьа а г1иллакх доцуш ву иза», – олу. Оцо гойту жимачо воккханиг ларар – коьртачарех хилар. Ткъа цу г1иллакхан коьртаниг – к1анта, я йо1а шен деца лелон деза г1иллакхаш ду.

Нахаца ч1ог1а г1иллакхе а волуш, деца лерам к1езиг белахь, цо нахаца лелош дерг г1иллакх дац, хьеставалар ду. Ткъа цул осала х1ума дуьнент1ехь кхин хила йиш яц. Да ца лоруш верг, къонах хила йиш яц. Лара ца луучунна бахьанаш каро а там бу; цуо а ца лерина бах шен да, я иза къаьркъа молуш ву, я неханиш санна шортта ахча долуш велахьара лара а мегар дара, бохуш долу х1уманаш. Уьш шена дага даьхкинехь, хаа мегар ду къонахчунна ша ледара стаг вуйла. Сихха дохко ца валахь, иза дакъаза вала новкъа ваьлла ву.

Г1иллакхний, хьеставаларний юкъахь йоккха башхалла ю, цунах лаьцна т1аьхьо дуьйцур ду, цкъачунна, деца лелон дезарг дуьйцур  вай.

Да чу веъча, к1ант дег1 нисдеш хьалаг1атта веза, могашалла а хоттуш, хьалха вистхила веза. Ша лелош дерг, шен кхид1а лелон 1алашо ерг а, дийца деза. Цкъа дийцича ца волу, х1ора дийнахь дийца деза. Хаалаш, дена к1ордор дац шуна, цо ч1ог1а сагатдо шен беро лелочунна, иза схьа ца гайтарх.

Цхьанхьа воьдуш, х1оккху-эцца воьду ала деза, ц1а ван хьелуш велахь а хаам бан беза, кху заманчохь иза хала а дац – телефонаш ю массаьргахь а. Цхьанхьара ц1а веъча, «дада, со ц1авеа, керла х1умма а дуй вайгахь, дег1о са-м ца гатдо?». Могаш воцуш велахь: «Муха ву хьо? Х1ун кхоллур яра ахь?» – масане ду уьш, хаза дешнаш, дена там хуьлучу аг1ор аьлчахьана. Д1авижале т1ех1отта веза, буьйса декъал еш. Цхьаболу кегийрнаш белабала там бу (сайниш а цхьана), и пайдабоцу х1уманаш-м ца лелийча а дацара х1умма а, аьлла. Хаалаш, кегийрнаш, пайда боцу х1уманаш дац шуна уьш, царна т1ера д1адолалуш ду шуна шадерг а. Шаьш даккхий а хилла, дай а хилла д1ах1иттича хуур ду шуна иза.

1еламнаха Делан дош ду боху: «Стаг шен деца-ненаца ма-хиллара, хуьлуьйтур бу Ша цуьнца цуьнан  доьзал а». Иза вайн дахарехь билгалдийлина х1ума ду, цхьаммо а шена т1е ца лацахь а. Шен да ца лоруш волу стаг, нахана а стаг ца хета.

      Ненаца к1еда-мерза хила веза, бер санна, кест-кеста хьаста а хьостуш, дагара а дуьйцуш. Ма кхералаш, цунна хала хетар дац шуна.

Б1аьргашна чу а вог1авелла, к1оршаме дега-нене вист хила а мегар дац. Г1иллакх доцуш х1ума хиларал совнаха, бусалба динехь къа а ду, бах, иза. Нахаца к1еда-мерза а волуш, шен деций, ненаций к1оршаме волчу стагах Дала ларвойла. Х1унда аьлча, иза г1иллакх лелош вац, вай лакхахь ма-аллара, хьесталуш ву. Шел г1ийлачуьнца иза буьрса хир ву, хьаькамца,                      я шел ондачуьнца – г1иллакхе хир ву. Хьеставалар Дала магийна х1ума дац. Ша адамаш цхьатерра кхоьллина ду, уьш вовше хьестадала йиш йолуш дац, Шений бен, аьлла, боху-кха Цо. Хьеставеллачунна ша гечдийр дац, аьлла.

Новкъа воьдуш, наггахь вуха а хьожуш, т1ехьа вог1уш воккханиг вуй а хьожуш, ваха веза, велахь – некъ бита кийчча хила веза, къонаха. Некъ къаьстаче кхаьчча, д1а-схьа а хьаьжна, дехьа-сехьа волуш воккханиг ву-вац а хьаьжна, вала веза. Воккхачуьнан некъ хадабар осала х1ума лерина ду, шен хенара волчуьнца а лелон дезаш, хазачех г1иллакх ду иза.

Воккхачо, шеца лелийначу г1иллакхана, «ирс хуьлда, Далла везийла» эр ду, шен цуьнан тидам хиллий хаийта. Хьан да-нана девзаш велахь, цо, шена гинчахула, цаьрга  хьо хастор ву: г1иллакх долуш ву хьан к1ант, аьлла. Дений-нанний ч1ог1а хазахетар хуьлу цунах. Жимачо, вевзаш вацахь а, дан деза де-дика воккхачуьнга, дуьхьал кхетча. Шена бехкечаьрга (стунцахой, ненахой) салам, я куьг далар нийса дац, г1иллакхехь дац.

Жимачу машенахь вог1уш воккханиг, я зуда хьалха хаийта еза. Автобус т1ехь царна меттиг бита беза. Воккханиг вистхуьлуш велахь, и вист хилла валлалц, ша мел сиха велахь а, собардан деза, юкъа а ца г1ерташ, цо шена дуьйцург нийса ца хетахь а. Воккхачуьнца забарш-бегаш бар, цунна хьехарш далар товш дац. Миччахьа д1а а х1оьттина цигаьрка а уьйзуш латта а мегар дац, хьанна гина а воккхачунна гур ву. Къаьркъа мелла гайтар, гуш малар-м дийца а ца деза, эхь ду.

Тхо кегий долуш, советийн 1едал уггар а ч1аг1делла хан ю и, г1иллакхаш телевизорчухула, я радиохула, газеташ т1ехь а дуьйцуш  дацара. Маьждигаш дан а дацара. Доцца аьлча, чохь дас-нанас лелош гинарггий, я цара хьехнарш бен хаа йиш яцара, х1етте а, таханлерачул а г1олий дара, аьлла, хета суна, г1иллакх лелоран хьал. Амма таханлерачаьргахь уьш дацахь, цунна бехке вай, даккхийнаш ду. Х1унда аьлча, цаьрга уьш д1адала, церан т1амарх долийта ца хиъна вайна. Делахь а, Дала мукълахь, де-дийне мел дели талуш схьадог1уш ду и г1уллакх. Вайн къоман г1иллакхаш хаа а хууш, уьш лела а деш дуккха а кегийнаш бу вайн. Дала сий дойла церан.

      Тойнехь, сакъоьручохь кегийнаш баккхийчаьрца цхьана стоьла т1е охьаховша мегаш дац, царна жимахалла лелор бен. Ши стаг дуьхь-дуьхьал кхетча, жимахверг хьалха д1авистхила веза, могаш-парг1ат а хоттуш. Цхьана хенарниш вовшах кхетча – машенахь вог1ург, я лакхара охьа вог1ург хила веза вист. Дикачу хьолехь верг хьалха вистхила  бохург хир ду иза, куралла йина ца моттийта. Новкъа шиъ цхьаьна д1авоьдуш, воккханиг аьтто аг1ор хила веза, кхоъ цхьана велахь – воккханиг юккъехь, цул жиманиг аьрро аг1ор, уггар жимахверг – аьтто аг1ор. Нагахь тобанца боьлхуш белахь,   кегийрхой хьалха-т1ехьа, баккхийнаш – юккъехь. Тезетана т1ебоьлхуш баккхийнаш хьалха бовлу. Йоккхачу стагаца, я ненаца вог1уш велахь, иза аьтто аг1ор йита еза; х1усамненаца, я йишица – стаг аьтто аг1ор хила веза.

1еламнаха хьехамашкахь а, яздинчу жайнаш т1ехь а дуьйцу маьждига чохь лелон деза г1иллакхаш а, ца лелийча х1умма а дац бохуш дерш а. Масала, коьртахь х1ума хила ца эшар, цхьаъ т1евеъча хьалаг1атта ца эшар… «Ца лелийча х1умма а дац» бохург – «лелон мегар дац» бохург дац. Г1иллакх ма леладе аьлла цхьанхьа а яздина хир ду моьттуш вац со. Мелхо а, Къуръано ч1ог1а деза лерина ду, бах, г1иллакх. Вуьшта, суна цхьа х1ума-м хаьа, миччахьа а, маьждига чохь-м муххале а, воккха стаг т1ех1оьттича хьала а ца г1оттуш хиъна 1алуш волу стаг – шен дег1аца г1иллакхан хьаса боцуш вуйла-м.

Дуьнент1ехь мичча маь11е кхаьчча, вай кхечу къаьмнех дикачу аг1ор  къастош дерг, вайга дозалла дойтуш дерг, вайх диканиг олуьйтуш дерг – жимачо воккханиг ларар ду. Иза вайгара, Дала мукъалахь, д1адер ду аьлла а ца хета. Х1унда аьлча, тахана вайн махкахь, Делан къинхетамца, кхолладелла хьелаш къоман оьздангалла, мотт, г1иллакхаш хьалаайбарна т1едоьг1на ду.

Цу т1ехь къа мел хьоьгуш волчун Дала аьтто бойла. Дуьззина нохчийн оьзда г1иллакхаш шегахь дан а долуш, уьш лардеш волчун Дала сий дойла. Дала т1аьхье беркате йойла.

 

                                                                      А. СУЛЕЙМАНОВ.