Сан юьртахой, къонахий!

Сан юьртахой, къонахий!

09.05.2021 Выкл. Автор Zama

1945-чу шеран 9-г1а май!  Толаман де!  Цу дийнан мехала хиларе хьаьжча, мел доккха маь1на долуш, мел доккха хазахетар шена чохь долуш де ду и – фашистски Германина т1ехь толам баьккхина де!

И толам боккхуш доккха дакъа лаьцна сан юьртахоша а. Г1араваьлла хилла волчу нохчийн яздархочо Ошаев Халида шен «Брест – орешек огненный» ц1е йолчу произведени т1ехь хьахийна ду Шелан к1оштахь уггар а жима хилла йолчу Белг1атой-Эвлара цу Даймехкан т1амехь хиллачех 80 стаг ц1а ца веана аьлла. Ткъа ц1абаьхкинчарех а тахана цхьа а вац дийна. Царех массарех а лаьцна-м дийцина вер а вац, амма цхьаберш мукъна а хьахо лаьа суна.

Къаьсттина ала лаьа Брест-г1опехь т1ом бина болчу сайн юьртахойх. Уьш бу: Худаев Сайд-Хьамзат – сан шича ларалуш хилла волу, Умаев 1абдул-Межед – сан ненаваша, Эльдарханов Мохьмад, Мусхаджиев Нура, Дагаев Мохьмад, Муситов Хьамзат, Митаев Хожа-Ахьмат. Багарбинчех Эльдарханов Мохьмад немцойн концлагерехь велла 1941-чу шеран 22-чу сентябрехь, Митаев Хожа-Ахьмад  велла ц1а веанчул т1аьхьа, 1946-чу шарахь Казахстанехь. Важаберш т1епаза байначеран ц1арах язбина бу военкоматан спискаш т1ехь.

Суна а дагадог1у сан ненавашас, Умаев 1абдулмежеда, Даймехкан т1ом болабала диъ де хьалха  яз а дина, сан нене кхаьчна хилла долу кехат. Цу т1ехь цо яздора тхан юьртара Кумин к1ант дуьхьал ца валахь, ша ц1а вог1ур ву, шен хан а яьккхина, сан воккхах волчу вешина Увайсана ловзо пулемет а йохьуш, бохуш. Кумин к1ентан ц1е Герман яра. И стохка велла. Дала гечдойла цунна! Фашистски Германис т1ом ца болабахь, бохург хиллера цуьнан и.

Массарна а хууш ду, кхузахь ца дийцича а, мел ч1ог1а дуьхьало йина немцошна Брест-г1опехь хилла болчу б1аьхоша: фашистски ардангаш Киев-г1алина т1екхочуш а, т1ом болабелла бутт баьлча а, Брест-г1ап йоьжна а ца хилла.

…Со университетехь доьшуш волуш, 1969-г1а шо хила мега и, со гал ца ваьллехь, университетан актови зала чохь гулдира тхо цхьана дийнахь. Толаман де – 9-г1а май т1екхочу денойх де дара и. Тхоьга вистхила веана вара цу хенахь массарна а вевзаш хилла волу нохчийн яздархо Муталибов Зайнди. Цуьнан къамел Даймехкан т1амах лаьцна дара. Шен къамел доладелла дукха хан ялале, цо хаттар дира зала чу, Шелан к1оштарчу Белг1атой-Эвлара цхьа а студент вуй зала чохь, аьлла. Жимма соцунг1а а хилла, со хьалаг1аьттира, со Белг1атой-Эвлара вуй хоуьйтуш. Цул т1аьхьа Зайндис сайн юьртахойх лаьцна аьллачу дешнаша ч1ог1а хазахетар дина, со цу зала чохь мел болчу студенташна хьалха мелла а дег1ана зоьртала а, доьналла долуш а, къонах а хетавелира суна. Ала деза, со цу студенташна юккъехь ханна жима а вара, дег1ана зоьртала а вацара.

— Хьо Белг1атой-Эвлара велахь, ахьа дозалла дан мегар ду. Къонахий схьабевллачу юьртара ву хьо! — аьлла, цо дийцира шен т1еман накъостий хилла болчу сан юьртахойх Истамулов Абух, Солтамурадов Жалилах, Виситаев Сайд-1алех лаьцна. Церан доьналлех, майраллех, нохчаллех, церан оьздачу г1иллакхех довха дешнаш элира цо студенташна хьалха.

Аса дозалла дора! Со воккхавера сайн юьртахой иштта хилар бахьана долуш, цара со юьхьк1айчу х1отторна. Цул т1аьхьа сан накъостийн-студентийн соьга болу ларам кхин а алсамбаьллера. И гуш дара церан соьца йолчу юкъаметтигца. Лакхахь хьахийна болчу т1емалойх  Муталибов Зайндис дийцина шен Даймехкан т1амах лаьцна долчу дийцаршкахь. Царех цхьаъ – «Б1аьхочун весет» цу хенахь ишколехь ненан меттан, литературин  урокашкахь 1амош а дара. Царех массарех а, шех-шех лаьцна дийца дуккха а х1ума ду, церан майралла, яхь, доьналла, нохчалла гойтуш, муьлхха а нохчичо дозалла дан а мегар долуш.

Сан юьртахой: Музаев Нурди – г1араваьлла хилла волу нохчийн яздархо, Алмаханов Мохьмад, Агамерзаев Шепа1, цуьнан ваша Агамерзаев   Шамсти, кхиберш а, суна дагабог1урш а, цабог1урш а, кху т1ехь хьахоза биснарш а – уьш мел берш а таханлерачу дийнахь шайх дозалла дан меттиг а битина, къонахий хилла, нохчийн къоман сий айбина, д1абахна вайна юкъара. Халахеташ делахь а, тахна а, т1ом чекхбаьлла 76 шо даьлча а, цу т1амехь хилла сан юьртахой буьззина билгалбевлла а бац, уьш билгалбан цу т1ехь бан безаш кхин а болх бу.

…Белг1атой-Эвларчу юьртан администрацин уьйт1ахь, и уьйт1е хаз а йина, юьртахочун Идрисов Лечин говзачу куьйгашца боьттина лаьтта Даймехкан т1амехь, сан юьртахойн а, сан къоман а сий лардеш, и ойбуш, шайн дог1маш а, синош а ца кхоош, леттачийн, цу т1амехь эгначийн, т1епаза беллачийн, ц1а а баьхкина, цул т1аьхьа кхелхинчийн сий деш, церан ц1ераш т1е язйина болу «Иэсан пен». Цу т1ехь 60 фамили а, ц1е а ю. Амма уьш кхин а алсам бу хила безаш. Бисинчийн ц1ераш а, фамилеш а, Дала мукълахь, герггарчу хенахь билгал а йина, цу т1е д1аязйийр ю. Лахахь яздина ду дешнаш:

         «Юьртахой, къонахий,

         Лардинарш къоман сий,

         Шу тхуна дицлур дац,

         Шу дицдан тхан йиш яц!»

Дала г1азот къобалдойла Даймехкан т1амехь эгначийн, т1епаза байначийн! Дала гечдойла, ц1а а бирзина, луьрачу цу т1ам т1ехь  вайн къоман сий а лардина, цул т1аьхьа а шайн дахар ца кхоош баьхна, эхарта бирзинчарна!

Дала маьрша дахар лойла дуьнент1ехь мел долчу массо а къомана!

                                                                                            Бадруди Магомадов.