«Ца г1атта со воьжна…»
09.05.2021Мохьмад ЭПЕНДИЕВ.
Ца хилла со шоьца Толаман Де даздеш
Ракетийн фейерверк кхиъна вац ган.
Кхеттачу цу дашо х1ара дуьне маждеш,
Ца г1атта со воьжна цу т1еман арахь.
Берлине боьдучу бехачу новкъахь,
Фашистийн и г1ера лоьхкучу хенахь,
Исбаьхьа маьлхан нур лепачу дийнахь,
Ца г1атта со воьжна цу т1еман арахь.
Тахана дуьненна маьлха де гайта,
И стигал массарна а хилийта екхна,
Сатоссуш б1аьхошца т1елата вахча,
Ца г1атта со воьжна цу т1еман арахь.
Ткъа х1инца безаман х1олламаш хилла,
Дуьне ду т1еоьхуш тхоь кадам беш,
Лаккхара та1ам беш дистхуьлу г1ийла,
Б1аьрахиш эгадо 1одика еш.


