Нохчийн мотт – сан дозалла

25.04.2021 Выкл. Автор Zama

 Кху т1аьхьарчу шерашкахь алссам тидам т1ебохуьйтуш бу вайн республикан куьйгалхоша нохчийн мотт кхиоран хаттаршна. «Нохчийн меттан Де» — аьлла, Р.А. Кадыровн Указаца билгалдина а ду х1ора шеран 25-г1а апрель. 

Хууш ма-хиллара, Россин Федерацехь дехаш 180 сов къам ду, дерриг а лаьрча. Ткъа цара буьйцучу меттанийн а, диалектийн а терахь дича,  и терахь ши б1е ткъе иттанга хьалакхочуш хуьлу.

Россин 19 субъекташкахь, Нохчийн Республика цу юкъа а йог1уш,  оьрсийн маттаца цхьаьна пачхьалкхан мотт лоруш ду цу субъекташкахь  дехачу даккхийчу къаьмнийн меттанаш. Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдина ду нохчийн мотт, оьрсийн мотт а санна, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу аьлла.

«1аьрбийн мотт 1амабелаш — ийманан мотт бу шуна иза, нохчийн мотт ларалаш — г1иллакх-оьздангаллин мотт бу шуна иза, оьрсийн мотт хаалаш -вайх хила доллург хуур ду шуна, ингалсан мотт 1амабелаш — бахаман мотт бу шуна иза», — аьлла Шелара ваьлла волчу эвлаяа Соип-Моллас шен хенахь.

Ойла йича, ма дика а, нийса а, хаза а, к1орггера маь1на долуш а, таханлерачу хено и бакъ дуй хоуьйтуш а, аьлла дешнаш ду уьш!

Нагахь бусулбий, керстий къастош дерг деш долу ламаз делахь, къаьмнаш къастош дерг — буьйцуш болу мотт бу. Дала вайна диначу диканех уггар а доккха совг1ат а ду мотт. «Моттт бацахь, къам а дац!»- олуш кица ду вайн къоман.

Дуьненахь ду бохучу  6000 эзар сов меттанаш юкъахь шен хьакъ йоллу  меттиг д1алаьцна, хьалхарчех мотт бу вайн нохчийн мотт.

Доьзалехь дас-нанас, йиша-вашас нохчийн мотт буьйцуш хилча, уггар а хьалха, цара вайн меттан сий-пусар деш хилча, доьзалхочо а до меттан сий-пусар, и мотт бийца а буьйцу. «Нохчи ву со», — бахарх тоьаш дац, нагахь хьайн къоман  мотт (аса дайн мотт а олу цунах, ненан мотт ца олуш: нана кхечу къомах хила а ма тарлой) хьо хууш а, буьйцуш а вацахь.

Баккхий нах юкъара д1абовларе хьаьжжина, доьзалехь нохчийн мотт бийцар лахделла, нагахь бийцахь а, оьрсийн дешнаш юкъа а далош буьйцу и.

Мел ца товш хуьлу цхьаболчу кегийчара, г1е-метта х1оьттинчара а цхьаьна, нохчийн мотт оьрсийн маттаца иэбеш, талхош бийцича, оьрсийн дешнаш нохчийн дешнел сов а долуш!

Ма ца товш хуьлу цу тайпа, нохчийн мотт талха а беш, вайн цхьаболчу  даржехь болчу наха телехьожийлашкахь и буьйцуш ! Цаьрга ладог1а дог а-м ца дог1у ! Сайх доьзна хилча, шен къоман мотт бийца хууш воцург куьйгалхо а х1оттор  вацара аса:  яхь йолуш велахь, шен къоман мотт а  хууш хила ма  веза стаг!

Хуучо, мел хаза а, дагах кхоьтуьйтуш а буьйцу вайн мотт, мел дукха цо къамел дарх, ладог1а дог а дог1уш. Кхечу къаьмнийн 1илманчаша а, яздархоша а, поэташа а, вайн къомах берш ца бийцича а, хестийна вайн меттан хазалла, к1оргалла, исбаьхьалла.

Вайн эвлаяаша, шайхаша, дайша, наноша бийцина нохчийн мотт.

Цу маттахь йийцина эвлаяаша бусулба динан хазалла, дийцина и бакъ дин хилар. Нохчийн маттахь цара  дийцинчух кхетта, т1е ма эцна вайн къомо а, г1алг1аша а бусулба дин!

Ма ладог1а дог доуьйтуш, дуьйцучух к1орггера кхетам луш, бийцара нохчийн мотт вайн республикан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза, Дала г1азот къобалдойла цуьнан)! Ша ханна жима велахь а, къаночунна санна, шен къоман мотт хууш ву цуьнан к1ант, вайн республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо волу Кадыров Рамзан а.

Нохчийн мотт кегийчеран чкъурана ледара хааран, цара нохчийн мотт ц1ена цабийцаран бахьанаш, соьга хаьттича, х1орш ду: лакхахь аса ма-яздарра, доьзалехь нохчийн мотт дас-нанас цабийцар — уггар а хьалхара бахьана ду. Мотт кхиориг, цуьнга шовкъ а, безам а кхуллург — доьзал а, ишкол а ю.

Ишколехь нохчийн мотт хьехаран сахьташ хьаьнг-хьаьнгга а д1а а ца луш, и мотт хьеха корматалла йоллучу хьехархошка хьехийтахь, цу хьехархочун хила деззачу кепара ишколехь сий-пусар  а дахь, цу хьехархочо ша а ша хьоьхучу меттан сий-пусар деш а хилахь, дешархошна а безар бу нохчийн мотт. Халахеташ делахь а, таханлерачу хьоле хьаьжча, нохчийн меттан сахьташ и корматалла  ша 1амийна а воцуш волчу хьехархочуьнгахь нислуш дуккха а меттигаш ю. Ткъа урок яларан некъаш дуккха а ма дай, дешархошка мотт дика 1амабайта а, и безийта а.

Нохчийн мотт 1амо хала бу, элпаш дукха ду, алфавит чолхе ю, бохуш, 1илманчаша а цхьаьна, дукха къамелаш ду нохчийн маттах лаьцна деш кху т1аьхьарчу шерашкахь. И къамелаш дещархошна а хеза, дукха хьолахь. Со цу къамелашна реза вац. Аса а, кхечара а, сан хенара болчара а, боцчара а, цу 1илманчаша а х1инца долуш долу элпаш а долуш, х1инца йолуш йоллу алфавит а йолуш, 1амийна нохчийн йоза деша а, яздан а. И къамелаш а дитина, нохчийн маттана шена чохь долчу дешнаш т1ехь, уьш яздаран бакъонаш т1ехь (нагахь и тайпа дешнаш делахь), пунктуацин бакъонаш нисъярна т1ехь (нагахь уьш нийса яц аьлла хетахь), оьрсийн маттера т1еэцна я хила еззачу кепара йоцуш йолу нохчийн маттахь йолу терминаш нисъярна т1ехь бан беза 1илманчаша  болх. (Масала: «запятой» я гуттар а доьхнарг – «ц1оьмалг» — олучул, ала дог1у, соьга хаьттича: «к1ажалг»). И санна кхачамбацарш кхин а ду.

Нохчийн мотт ша хьакъ боллучу т1ег1ана т1ехь хилийтархьама х1инца а дуккха а болх бу бан безаш. Лакхахь хьахийнарш доцурш а, дуккха а кхачамбацарш ду цу балха т1ехь. Царех лаьцна аса а, нохчийн маттах дог лозучара – кхечара а, дуккха а дийцина газетийн аг1онаш т1ехь а, цхьаьнакхетаршкахь а. Со тешна ву, де дийне мел дели, нохчийн мотт 1аморца а (хьехарца а), и бийцарца а, цуьнан ларам барца а йолу нехан а, 1едалан а юкъаметтиг толуш д1аг1уриг хиларх.

Дуьне мел лаьтта, сий-пусар а долуш, гергарлонийн, уьйрийн, марзонийн мотт хилла, хазлуш, кхуьуш хуьлда-кха вайн сийлахь Нохчийн мотт!

                                                                                           Бадруди МАГОМАДОВ.