Ненан мотт – хьо ду сан дахар!

25.04.2021 Выкл. Автор Zama

Сан ненан мотт,

Сан деган мерз,

Сан нохчийн мотт,

Сан Даймехкан орам!

Хьо хууш, хьо буьйцуш,

Со хиларна – ирсе хета.

Хьо 1амош, хьо хьоьхуш

Со хиларна – ас дозалла до!

Хьоста – цхьа ша тайпа, эсалчу озаца къамеле даьлла, лаьттах  бухдуьйлу шийла шовда ду. Иштта дагах бухдуьйлу хьоста ду Ненан мотт. Вай молуш долу хьоста, чуузуш долу ц1ена х1аваъ санна, безам бу вайна вешан Ненан мотт. Иза дебар, стамбар, шарбар, кхиор, 1алашбар вайна т1ехь декхар ду, х1унда аьлча, ненан меттан ц1еналла ларъярехьа кхин а къахьега деза, мотт къоман коьрта билгало йолу дела. Дала адамийн  дахарехь  уьш вовшех кхетийта белла, церан юкъараллин г1ирс бу мотт. Дала вайна динчу коьртачу совг1атех цхьа совг1ат ду аьлла а хета суна иза. Муьллхачу а стагана хаа деза, Дала ша нохчийн махкахь, нохчийн дех-ненах схьавалийтарца дуьненчу кхоьллина хилча, дуьххьара ша 1амон безарг шен ненан мотт буйла. Цул т1аьхьа 1амон мегар ду цо кхечу къаьмнийн  меттанаш а. Делан къинхетамца, таханлерчу дийнахь, вайн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана массо а аг1ор г1о до нохчийн мотт бан ца байтарна а, кхиорна а т1ехьажийна.

Нохчийн мотт гуттар ширачех цхьаъ бу. Нохчийн мотт кхуьу керла дешнаш юкъадовларца. Шен мотт 1аморца бен девзар дац шен къоман г1иллакх-оьздангалла, культура, истории, и. д1. кх. Оьрсийн маттахь шен оьрсийн культура юьйцу, немцойн маттахь шайн немцойн культура юьйцу, ингалсан маттахь шайн ингалсан культура юьйцу, ткъа нохчийн маттахь бен ца дуьйцу шен къоман 1адаташ, г1иллакхаш, культура. Шен чоица, г1овталца, маьхьсешца, сурам-куйнаца, к1алд-даьттан берамца, логера вета къевлинчу кучаца, хьонкица, хьаьжк1ашца… Махьшаре х1отта деза къам, Дала шена еллачу амалца, шен хот1аца, маттаца. Ша мила ву хууш, ваха веза стаг Далла дуьхьал, ша цо ма-кхоллара, нохчо а волуш, ингалсхо, г1азкхи, я немцо хила а ца г1ерташ.

«Хьайн мотт хаахь – нохчо ву хьо. Г1иллакх делахь – къонах ву хьо».

Кхуьуш долчу чкъурана ненан мотт хьоьхуш хиларна, суна со ирсе хета. Берахь дуьйна сайна ишколехь д1оггара ца 1амийнехь а, сан дагчу бижина бу ненан мотт. Хьехархочо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан г1иллакхех, 1илманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен маттаца, г1иллакхашца з1е, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву, цуьнан з1е яц шен махкаца, халкъаца. Вай х1ора дийнахь, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кхио беза кегийрхой. Мила ву уьш кхио безарг? Уггар хьалха дай-наной, т1аккха школа, уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, 1уналла а дан декхарийлахь ерг юкъаралла, республикан куьйгалхой бу.

Мотт шеца боккха ницкъ болуш бу. Матте адамашна юкъахь барт бало, иштта церан барт бохало. Говза мотт хуучуьнга шена т1аьхьа б1еэзарнаш адамаш дигало. Олуш ду-кх: «Хазачу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина», «Хазачу дашо лам башийна». Иза ду мотт мерза, к1еда, г1иллакхе, оьзда бийца беза бохург. Хаза, к1еда, мерза буьйцучу матто схьайоьллу вайна хьалха сирлачу кханенан не1арш.

Нохчашна шайн историн йохаллехь дуккха а хала киртигаш т1ех1иттина. Царех уггар ирчачех цхьаъ  яра – дерриг халкъ махках даккхар. Оцу  къизачу 13 шарахь нохчийн халкъ халонашка, баланашка, лазамашка к1ел ца дитийтинарг – нохчийн мотт бара.

Вовшашка яздеш долу кехат нохчийн маттахь бен яздеш дацара, цуьнца цхьаьна лардеш дара вайн дайша лелийна 1адаташ, г1иллакхаш. Вайн г1арабевллачу яздархоша, журналисташа оцу уггар къизачу, халчу муьрехь арадаьккхира Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» ц1е йолу нохчийн маттахь газета. Кхузахь дало лаьа суна  Кусаев 1адизан дешнаш:

«Нохчий вуй хаийтар

Кхераме хиллачу хенахь,

Хьо бийцар зуламца

Дуьстинчохь харцъ1едало,

Дас элпаш яздина

Г1ирг1азойн аренийн генахь,

Дешдакъойн з1енаш еш,

1амийра, Нохчийн мотт,  хьо!».

Х1инца вайна юкъахь болу 1илманчаш а, яздархой а бу нохчийн меттан мелла а сий дайта, цуьнан лерам байта и марзбан г1ерташ схьабог1уш. Уьш бу: 1илманчаш М.Овхадов, 1.Вагапов, Хь.Туркаев, К.Чокаев, В.Тимаев; яздархой М.Ахмадов, Ш.Цуруев, Л.Абдулаев, Ш.Рашидов, Б.Шамсудинов, М.Бексултанов, дуккха а кхиберш.

Нохчийн мотт, литература талларх шайн дахаран къилба дина д1абахана вайна юкъара 1илманчаш А.Мациев, Ю.Дешириев, Я.Эсхаджиев, Э.Солтаханов, И.Алироев.

Дала гечдойла царна! Диканехь-вуонехь даима а  халкъана юкъахь болчу 1еламнаха, шаьш масла1атана буьйцучу маттаца, нохчийн маттахь бечу хьехамашца доккха маь1на леладо нохчийн мотт ларбарехь. Ишттачарех бу:  Нохчийчоьнан  1еламнехан кхеташонан  коьртехь волу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа, Нохчийчоьнан муфти Мирзаев Султан, Тевсиев Бай-1ела, Шахидов Адам, Хабзиев 1аьрби, Куруев Валид, иштта кхиберш а.

Нохчийн мотт оьзда, мерза бу, и бийца хаахь, хьуна и безахь. Шен мотт ца безачунна шен къам а дезар дац, шен къам  ца дезачунна шен мохк а безар бац. Тахана вайн декхар ду – озаллехь вайн дайша доладеш, х1аллак ца хулуьйтуш схьабеанчу меттан 1алашо яр.

Маттаца боккха ницкъ а, йоккха къайле а ю, хаа ма-беззара мотт хууш хилча, дош лелон хиъча. Шен маттахь аьлла х1ора дош ч1ог1а мехала ду тахана, массо а ханчохь а. Вайн къоман г1иллакх-оьздангалла, эхь-бехк, яхь-юьхь, иман, собар, барт, доьналла т1елаьцна,  церан г1арол хилла д1ах1оьттина бу Ненан мотт. Цундела сий а, лерам а, пусар а дан деза,  сан йижарий, вежарий!

Ненан мотт хаар, 1алашбар вайн массеран а декхар ду. Цуьнан дозалла оза хир дац дуьненчохь цхьа а терза.

Терзан барамца нисбича а хир бу иза массо х1уманал беза. Литтина деши санна ц1ена, мазал мерза, ховха, аьхна вайн мотт бийца хьекъал, кхетам а лойла вайна. Дала шен шортта болчу къинхетамца даржехь совдохийла вай! Тахана, Дала мукъалахь, нисделла, тоделла д1ах1уттуш ду вайн дахар.

Беркате новкъа девлла вай. Дала аьтто бойла вайн! Аса даггара декъалдо нохчийн къам Нохчийн меттан Денца!

Дерзош, дало лаьа суна х1ара сайн дешнаш:

«Хьоьца йолу сан марзо

Кхачалур яц цкъа а,

Сан сица, сан ц1ийц1а беха хьо,

Сан къоман седа.

Сан дег1а чохь са мел ду,

Хьоьх лаьцна ас дуьйцур ду,

Сан Ненан мотт 1алашбар –

И сан декхар ду!».

Байташ:

Нохчийн мотт

Иллешкахь, эшаршкахь хьо хаза бека,

Поэташа байташкахь хьо хаза буьйцу,

Кийрара дилха дог ахь дашадо,

Сан хьоме, хьомсара Ненан мотт!

Буьйцу хьо мерза,

Сан къоманна беза хьо даггара.

Сан хьоме, хьомсара Нохчийн мотт!

 

Хьо оьшу суна х1ора а минотехь,

Ца хезча – сагатло сан,

Дайшкара схьабог1у ненан мотт,

Сан къоман дашо седа!

 

Хьоь болу боккха безам,

И цкъа а кхачалур бац,

Сан сица, сан ц1ийца беха хьо,

Сан оьзда, хьомсара Нохчийн мотт!

 

Хьо хууш, хьо буьйцуш,

Со хиларна – ирсе хета,

Хьо 1амош, хьо хьоьхуш,

Со хиларна – ас дозалла до!

 

Ненан мотт

Сан ненан мотт,

Сан деган мерз,

Сан Нохчийн мотт,

Сан Даймехкан орам!

 

Сан Ненан мотт!

Беза хьо – кхачо йоцуш,

Дагчу бижна хьо,

Цкъа а баккхалур боцуш.

 

Сан Ненан мотт!

Хьо сел ч1ог1а безарна,

Суна ца карадо дешнаш,

Бехар бу хьо соьца – яллалца со!

 

Сан Ненан мотт!

Бека хьо! Бека хьо!

Вайн къоман дагчу буьжуш,

Баха хьо! Баха хьо! Орам ца хадош.

 

Ненан мотт

Аса хьо хьоьхур бу,

Аса хьо 1амор бу,

Везачу Делера совг1ат хьо

Суна хиларна.

 

Хьоьца ду сан дахар,

Хьоьца ду сан лелар,

Дуьненчохь мел еха,

Бехар бу хьо соьца.

Хьоьца йолу сан марзо,

Кхачалур яц цкъа а,

Сан сица, сан ц1ийц1а беха хьо,

Сан къоман седа!

 

Сайн дег1а чохь са мел ду,

Маттах лаьцна – ас дуьйцур ду,

Сайн Ненан мотт 1алашбар,

И – сан декхар ду!

М-А. АБДЫРАШИТОВА,

Шеларчу № 9 йолчу школан нохчийн меттан хьехархо.

Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо.