Наха лоруш вара Ваха
23.02.2021Зама гена мел ели а, карлабуьйлуш, дийцаршкахь, масалшкахь беха къонахий. Нохчийн халкъ довр дац ша жимдаларх, амма бакъболу къонахий дIабовлахь, дан амал доцу хьал хIуттур ду къоме! Ишттаниг хилийта йиш яц!
…Шеларчу Юнусов Юнусан а, Масаран а кIант Ваха дуьнен чу ваьллера 1922-чу шарахь. Шен бархI шо долуш юьртарчу «КIайн школе» вахара иза, юьхьанцарчу классе. Цул тIаьхьа сехьавелира 1938-чу схьайиллинчу шиъ гIат йолчу юккъерчу «ЦIен школа» олучу. И дешаран хьукмат кхиамца чекхъяьккхира кхиазхочо.
1941-чу шарахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, 19 шо долуш, жимстаг чIогIа холчахь вара фашистийн Германис тешнабехкаца диначу тIелатарна. Радиокеда чухула кхунна кест-кеста хезара дикторан Левитанан шех бIобулу аз. Амма оцу радиохаамаша довзуьйтург хIумма дика хьал дацара…
Жималлехь дуьйна харцо ца езаш, гIийланиг хьийзавар стогалла ца хеташ, майраллех вуьззина волу Ваха, шен накъосташца Шеларчу Эльнакаев Башиций, Мусханов ШахIидций, Магомадов Iабдул-Хьалакъций цхьаьна ЦIечу Эскаре вахара 1941-чу шеран 13-чу июлехь. ТIом болабеллачу деношкахь вуьггушехь Генарчу Малхбалера Совгавань гIала кхечира иза. Цул тIаьхьа бархI бутт баьлча кхеран полк Сталинграде юхаялийра. Цигахь йолу тракторийн завод стратегин чIогIа маьIна долуш Пачхьалкхан Оборонан Комитетан тидамехь яра, хIунда аьлча, иза тIеман гIирсаш арахеца кечйина яра. И завод мостагIех ларъян езаш яра.
Цул тIаьхьа Курск гIалахь хиллачу тIаме кхечира Ваха, иза пулеметчик вара. ГIашлойн-пулеметни полкехь волуш Москвана гергахьа чIогIа чов хилира кхунна.
1943-чу шарахь минометчик хилира иза. Смоленск гIала йоккхуш шина баттахь тIемаш бира церан полко. МостагI моссаза онда вара ЦIечу эскаран бIаьхойл. Цул сов цуьнан алсам дара герз а, яккхий тоьпаш, танкаш, хIаваан кеманаш. ХIетте а цIенэскархоша юхатуьйхира фашистийн ордангаш, уьш Москва дIа ца йохуьйтуш.
…Белоруссехь 62-чу ЦIечу Эскаран командующи вара инарла Л.И.Еременко.
– 1942-чу шеран 19-чу ноябрехь тхо инарлаш Н.Р.Ватутин, К.К.Рокоссовский коьртехь болчу фронтех дIакхийтира. Цу шимма йохийнера йовсарийн оборона, – боху дуьйцура В.Юнусовс. – ШолгIачу дийнахь диъ сахьт долуш тхо Сталинградски фронтах дIакхийтира. Оха массара гуо лаьцнарг – ткъа немцойн, шиъ румынхойн дивизеш, дуккха а кхин тIеман дакъош хиллера, шайна юкъахь 330 эзар сов салтий, эпсарш болуш.
Польшина а, Германина а юккъехула охьадоьдучу Одер хин бердан йистошкахула къиза тIемаш хилира. Польша фашистех паргIатъяьккхича, Германехула чекхбевлира уьш, Берлин гIала кхаччалц луьра тIемаш а беш.
– 1945-чу шеран апрелан юккъехь вайн эскарш Одер, Нейса хин бердашка дIанисделлера, – дагалоьцура ветерана.
– Берлин тIе кхача 190 км бен яцара. ХIинца вайн кеманаша немцойн гIаланаш тIе бомбанаш, «Катюша» цIе йолу герз тохара. Цхьаннен шеко яцара кеста сатийсина Толаман Де тIекхочург хиларх. Иза кхача а кхечира – 9-чу Майхь.
Йоккхачу Россера фашистийн Германин коьртачу шахьара кхаччалц тIеман хала дукъ дIакхийхьира Вахас. Минск, Витебск, Смоленск, кхин йолу гIаланаш, бIеннаш ярташ мостагIех паргIатйохуш, доьналлица тIом бира. 1944-чу шарахь Москвана гергакхочуш еза чов йо суна. Цул тIаьхьа иза 6I8-чу полкаца Польша фашистех паргIатйоккхуш тIом беш чекхволу. Уггаре а хала меттиг Польший, Германий йоькъуш, схьадогIучу Одер хина йистехь.
…1945-чу шарахь аьхка Шела цIавеара иза. Ваха тешаш вацара вайнах цIерабаьхна бохучух. ТIамера схьавеана волу хIара юха эскаре дIаваха лууш хьаьвзира. Шеларчу Iедалан милице балха оьшура аьлла дехар дича, оперуполномоченни балха вахара. Амма цхьалха дара цIахь. Балхах самукъа ца долура. Цундела 1947-чу шарахь кхидIа детта са а ца хилла, Iедале дехар дира Вахас Казахстане, гергарниш болчу дIавахийтар доьхуш. Цуьнан декхар кхочушдира. Иза дIакхаьчна ши кIира а далале, кхелхира церан нана Масар.
-Юьртахь товш, лараме воккха стаг вара Юнусов Ваха. ГIиллакх-гIуллакх хаза долуш, жимачуьнца а, воккхачуьнца а бийца мотт болуш вара. Цундела иза дIаваьлча ерриг юьртана тIедеара вуо. И саннарг, юьртана эшна ца Iаш, махкана а эшна даима а. Ишттачарех Къонахий аьлла нохчаша,-дуьйцу евзаш йолчу журналисто Эльдерханова Зайнапа.
… 1962-чу шарера 1984-гIа шо кхаччалц (1973-чу шеран ах шо юкъара даьккхича Шелахь юьртда лаьттира Ваха Юнусов. Атта дацара Советийн Iедална а, нохчийн Iадаташна, гIиллакхашна а юккъехь латта, шен юьртахойн дагтIера ца вужуш массарца а тарлуш, хьанал чекхвала.
Цуьнан хIусамнанас, Юнусова Сацитас, тхан дехарца масех дош элира шен цIийнда дагалоцуш:
-Ямартло, сийсазалла, малар чIогIа ца дезара цунна адамашкахь. ЦIеналла а яра цунна шегахь а, нахехь а оьшург. Даима а къахьега лууш вара иза. Шен доьзале а къахьоьгуьйтура цо. Цо олура: «Юьртахь а Iаш, даьхни ца лелош муха вехар ву? Ма йоккха ледарло ю доьзал хецна битар…»
Вахин даккхий хилла бераш, церан бераш тахана а Нохчийн Республикин пачхьалкхан тайп-тйпана учрежденешкахь белхаш беш ду. Шайн да, денда карлавуьйлу царна. Иза царна масал, юьхькIам бу массо хIуманна тIехь.
Вайна юкъара нийса кхойтта шо хьалха дIавахара и оьзда стаг, майра хилла тIемало. Ткъех шарахь Шелан районан ТIеман ветеранийн Кхеташонан куьйгалхо лаьттира и яхь йолу кIант. Дала гечдойла цунна! Вайн лийрдоцучу иэсехь хила беза и тайпана нах.
А.ХАМИДОВ.

