Беша кхоьссина ши котам
23.02.2021Т1ера х1усамда д1а а ваьлла, шина бераца хенера йолуш йолу Сапият доьналла долуш зуда ю олуш яра. Иза билгал а делира къам ц1ера доккхучу доьхначу дийнахь.
Сапият, салтий керта баьхкича, йоха ца юхуш, оцу сохьта, керахь даххьал ахьар схьа а эцна, уьйт1ахь хьийзачу з1акардаьхнех кхаа котамана сихха лулахочуьнга урс а хьакхийтина, тила а ца еш, уьш т1оьрмиг чу а тесна, ши бер а кечдина, массаьрца, к1отарара Шела охьабог1учу новкъа елира. Кхарна г1аролла деш, т1аьхьах1оьттина вог1уш милцо Хьамад вара, гихь цхьамза болу топ а йолуш. Ша кхечу къомах велахь а, нохчийн мотт дика хаьара цунна. Делахь а, цхьа дош а ца олуш, вог1ура иза. Керахь цхьаъ, куьг лаьцна важа бер а долуш, белшах тесна таьлсаш охьашершича, уьш хьала а тоттуш, хала йог1уш яра Сапият. Цуьнан таьлсашчуьра схьакъедачу котамех б1аьрг бетташ вог1уш хиллера Хьамад.
Шела чу кхочуш, Бесан — т1айт1ехула кхеран тоба сехьа ма-еллинехь, милцочо, т1ехьа йог1уш йолчу Сапиятана улле а вахана, вист а ца хуьлуш, таьлсашчу а кхевдина, катоьхна, шена караеана, кхаа котамах шиъ, хьала а яьккхина, некъа йистерачу кертал дехьа кхоьссира. Цецъяьлла, цкъа соцунг1а а хилла, кхин дош ца олуш, тобанна т1аьхьайолаелира жима зуда. Гуттар т1аьхьа бен ца хиира цунна милцочо котамаш шен керта кхийссина хилар.
Нохчийн халкъ – жима а, воккха а, бехк а боцуш, Сибреха, шийлачу махка, д1адигира. Хьамадар ц1ера ца бехира. Ткъа Сапиятг1ар, 13 шо Сибрехахь а даьккхина, дерриге халкъ Даймахка ц1адоьрзучу хенахь ц1абаьхкира. Делан къинхетамца, бераш а хенера даьхнера Сапията.
«Хьамадарна» х1умма а хаза ца хеттера нохчий ц1абоьрзуш. Дуьххьарчарех шен доьзалца ц1а веанчу, шен лулахочуьнга 1усмане аьлла хиллера Хьамада: «Шу, нохчий, цигахь дика 1аш ду ма-бохура, ц1а а ца дог1уш, шайн Сибрехахь 1а дезаш ма-хиллера шу».
«Тхешан лаамца махках а ца девллера, тхайна бакъо елча ц1а а даьхкина.
Шу г1ойша, цулле а, шайн махка д1а, нагахь шайн мохк белахь», – жоп деллера 1усмана.
Амма Хьамадарна кхузахь тайнера. Хьалха милцо лелла волу Хьамад, х1инца, верстина ватт1а воллуш, хаспаш а деш, базарахь жижиг духкуш вара.
Цхьана дийнахь Сапият яра Шела базара еана. Д1ахьажаеллачу цуьнан б1аьрг кхийтира, хаьнт1е куьйгаш а дехкина, жижиг духкуш лаьттачу «къонахчух». Цунна вевзира 14 шо хьалха, доьхначу дийнахь, шен берийн багара рицкъа даьккхинарг. Т1е а яхана, цуьнан б1аьра хьоьжуш лаьттира Сапият. Ша цунна дагайог1ий хьожуш хиллера иза. Хьамадана-м тоххара йицъеллачух тера дара х1ара. Я дагахь хиллий а ца хаьа.
– Зуда, жижиг эца г1ертий хьо? Цхьа кийла эццал ахча дуй хьоьгахь? – курра хаьттира Хьамада.
К1ирандийнахь кийла жижиг а эцна, доьзална пхьор далуш дукха нах бацара цу хенахь. Ша цунна ца йевзий а хиъна, цо ца вешаш аьлларг дагах а кхетта: – Схьаозал цхьа барх1 кийла! – элира Сапията.
Цкъа цец а ваьлла, юха жижиган дакъош оза а оьзна, кехатан т1оьрмигчу а дехкина, цо юха а хаьттира: «Шиб1е гарам сов хилча мегар дуй хьуна?»
– Дера мегар ду-кх ши кийла хилча а -м, аьлла, жижиг чохь долу т1оьрмиг схьа а эцна, д1айолаелира Сапият. Цкъа, цецваьлла, т1аьхьа хьоьжуш а лаьттина, юха, ахча схьадала дицделла йоьду моьттуш, мохь туьйхира Хьамада:
– Х1ей йоьдург, ахча схьадала дицделла хьуна? Схьало жижигах ахча!
Дикка дехьа а яьлла, сецира Сапият. Адам а дара, лерг диллина, ладуг1уш. Юха а йирзина, Сапията дуьхьал мохь туьйхира:
– Дейтта шо хьалха ахь схьа ма эцна кхунах дог1ург…
– И бохург х1ун ду? Ас маца эцна хьоьгара ахча? – оьг1азвахнера Хьамад.
– Дагадог1ий хьуна, сийдоцу йовссар, – мохь туххуш, элира Сапията, – нохчий ц1ерабохучу доьхначу дийнахь, ги цхьамза болу топ а оьллина, тхо схьадалош вог1уш, ахь, катоьхна, сан т1оьрмигчуьра хьала а яьккхина, тилоза ши котам хьайн беша кхоьссина?! Царех д1алору ас х1ара барх1 кийла жижиг. Хьо реза воцуш х1умма а дуй?
Адамаш, г1аг1-аьлла, деладелира. Юьхьа т1ера бос а байна лаьттачу Хьамада кхин дош ца элира.
2015 шо.
Сулейманов Абубакар


