Ах-Европах чекхваьлларг
23.12.2020Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман тайп-тайпанчу фронташкахь дIадаьхьначу тIеман тасадаларшкахь дакъалецира 40 эзар сов нохчичо а, гIалгIачо а. Еккъа цхьана Брестан-гIопехь тIемаш бира виъ бIе сов вайнехан стага. Тахана вайн дозалла дан йиш ю оцу буьрсачу зерах нохчийн халкъ сийлаллица чекхдаьлла хиларх…
Эвтарарчу юьртан Советехь шен йолчу ханна кхо шо тIе а тохийтина, шен гергарчу шина кIантаца – Умпашаев ШаIраниций, Абдулхаджиев Адамций ЦIечу Эскаре воьду 17 шо кхаьчна Нунаев Хизир. Иза дара 1940-чу шеран гурахь. Машенаш тIехь Грознера – Дона-тIерачу-Ростов кхаьчча, кегийнах вовшахбехира: Х.Нунаев Благовещенск-гIала боьлхучу салтех дIатуьйхира. Кхузарчу тIеман тIелатаран (штурмови) бригадан цхьана минометни взводехь дIанисвелира къона нохчо-бIаьхо.
Амма оцу хенахь Европехь тIеман тонканан хьожа яра йогIуш. Мухха делахь а вайн махкахо кхечу цIенэскархошца Сийлахь-боккха тIом болабалале шен 74-чу стрелкови дивизица цхьаьна, Куйбышев-гIалина генна боццуш дIанисло, коьртехь полковник Казарян Андроник а волуш.
ТIаьхьо, тIом чекхбаьлча, Советски Союзан Турпалхочо Д.П.Сухарниковс шен дагалецамаш тIехь яздийр ду: – «Липецки областан Долгоруновски районера дуьйна Австрин Альпаш тIекхаччалц дIабаьхьира оцу дивизис шен сийлахь бIаьхаллин некъ», – бохуш.
ТIеман хьалхарчу деношкахь дуьйна Х.Нунаевс шен бIонакъосташца дакъалоцу тайп-тайпанчу тасадаларшкахь. Иттех шо хьалха, ша валале, ветерана дагалоьцура:
– Тхан минометчикийн взводана омра кхаьчнера: цхьана эвла йисттехь меттиг теллина, циггахь позици лаца. Барз уллохь тоьлонаш яьхна, дIакъовладелира тхо. МостагIчо танк тIера луьра тохарш дира. Инзаре сурт дара хьалхахIуттург. Оццу хенахь фашисташна тIеета йолийра стиглара вайн фронтан авиацис. ТIаккха хIаваэ хьаладевлира немцойн кеманаш. Дуьйлучу яккхий тоьпийн герзаша, чукхуьйсучу бомбанаша – дерригено латта догуш ду моттуьйтара. Къематде дара иза…
Оцу кхехкачу тIамехь шен взводерчу бIаьхошца немцойн танкашна тIаьхьа боьлхучу гIашсалташна минометийн тохар деш вара вайн майра махкахо. Кху тIамехь шегара турпалалла гайтарна Х.Нунаевна ЦIечу Седанан орденца совгIат до.
Дуьненан тIеман историна юкъаяханчу Орловско-Курски операцехь жигара дакъалоцу вайнехан кIанта, кхин а бIеннаш нохчаша а, гIалгIайша а санна. Кест-кеста хьахадора Хь.Нунаевс оцу луьрачу тIемашкахь шена дуьххьара, ларамаза, цхьа нажиюртахо дуьхьалкхетар. Кхушимма луьйш-олуш, ах сахьт хан яьккхина хиллера цхьана (вовшийн цIераш хатта виц а велла!). Оцу йоццачу хенахь кIанта – ламанхочо Хизире къадийна хиллера шега цIахь хьоьжуш тIехьийза йоI хилар. Цу хьокъехь илли аьлла а хиллера нажиюртахочо. Амма тIеман тревогица хIорш маттахбаьхча, шен саперийн взводана хьалхаваьлла, минаш схьаохкуш, и кIант иккхина хиллера. И киртиг, шена тIамех гиначарахь, уггаре халачех яра, олура ширачу бIаьхочо.
…Центральни Россин шуьйра аренаш немцойн тIелатархойх паргIатйохуш, минометчик Х.Нунаев цхьаьна волу 74-гIа тIелатаран дивизи Киев-гIала агIор, Днепр-хин бердашна тIейодара. Шина баттахь гергга кхузахь тIемаш бича фашисташкара юха схьаяьккхира Украинан коьрта шахьар. Дуккха а вайнехан кIентий турпалаллица ийгира Киев схьайоккхуш а, Днепр-хил дехьабовлуш а.
– И доккха хи цIийх дуьзнера, цу чуьра цIенэскархойн декъий схьалехьо ца кхиайора леррина йолу санитарийн бригада, – бохуш, дагалоьцура Х.Нунаевс. ТIаьхьарчун массийтаза дезна «мотт» бан а, текхаш, тIедеттачу герзаш кIел, километраш дIаваха, аьчган «кIохцалан» серий хедош. Могаш, зоьртал волчу жимстеган аьтто болура шена хьалхахIоттийна муьлхха а тIеман декхар кхиамца чекхдаккха. Цундела вайн махкахочун сий-ларам бора бIонакъосташа а, хьаькамаша а. Аьлларг тIечIагдо хIора бохург санна тасадаларшкахь тIеман хьуьнарш гайтарна, кхунна цхьацца совгIат луш хиларо…
Доьллачу Iай, тIедетташ кегий, даккхий герзаш долуш, Черниговски областехь тIелатаршца Десна-хих чекхвала дезна майрачу эвтархочун. Оцу тасадаларшкахь баьккхинчу толамо чIогIа гIо дира Десна аьрро бердехьа йолу Киев паргIатйоккхуш, цул тIаьхьа – Киевско-Житомирски зIенан некъа тIера мостагIий хIаллакбан а.
Иштта, Украинин 1-чуй, 2-чуй фронташна юкъахь 74-гIа тIелатаран дивизи, Малхбузехьа хьалхатаьIа. Кхузахь хиллачу луьрачу къийсадаларшкахь – Прут-хи хадош, цIенэскархой Румынин лаьтта тIе бовлу и пачхьалкх фашистех мукъайоккхуш. Цул тIаьхьа – Ясско-Кишиневски операци а кхочушйо советски эскарша.
Алунах догучу Европан некъашкахула старшина Х.Нунаевс дакъалоцу Венгри, Югослави, Австри немцойн фашизман олаллехь кIелхара йохуш. Кхузахь а шен бIаьхаллин хьуьнарш гойту нохчийн минометчика. Цунна тоьшалла до кхунна еллачу орденаша: ЦIечу Седанан (шиъ), Отечественной войны II-чу даржан, медалаша – «За отвагу», «За освобождение Бухареста», «За освобождение Будапешта», «За освобождение Белграда», «За освобождение Вены», «За Победу над Германией в Великой Отечественной войне», кхечара.
Шен хьокъалла йоллу хазна юккъе а йиллина, немцойн фашистийн йовсаршна тIехь толам баьккхина, ах-Европах чекхволуш, Хизирна цIавогIуш хиира шен халкъ пхийтта бутт хьалха цIерадаьккхина, Казахстане хьажиний. Некхан у дIалаьцна орденаш, медалаш йолу зоьртала, куц-кеп хаза йолу тIемало-старшина кхочууш, шен йиша-ваша лоьхуш казахийн Кзыл-Орда гIала кхочу. Иза шена кхузарчу вокзалехь цIерпошт тIера охьавуссуш гинчу хазахетарх дийцара сан накъостан дас Эвтарарчу Эльмурзаев Нажмуддис.
– Тхо, цIерадаьхна нохчий, хIора йогIучу цIепоштана дуьхьал долхара вокзале, цхьа керла хабар-кост ца кхочу-те, олий. ДIахьаьжи со, чувуссуш ву-кх орденашца накха а лепаш, соьца кхиъна волу Нунаев Хизир. Кинош мел дукха гарх, иштта товш сурт гина вац со хIинццалц цхьанхьа а…
1957-чу шарахь бIаьста шен воккхаха волчу вешин Лечин доьзалца Нохчийчу цIавирзича, Х.Нунаев «Джалка» совхозан Эвтарарчу отделене шофер балха хIоьттира. Кхузахь дукха хан ялале кхунах тоьллачех цхьаъ къахьегархо а хилира. Кхуьнга кест-кеста тIеман ветеране санна кхойкхура школашка, заводашка, кхечанхьа. Массанхьа а сий-ларам бора тIеман дакъалацархочун а, хIинца – къинхьегаман хьалхелелорхочун а.
Эвтарахь массарна а хаара Х.Нунаевга маьI-маьIнера цхьана полкахошкара кехаташ догIий: Москвара – оццу Д.П.Сухарниковгара, Къилбаседа ХIирийчуьра Ардонерчу М.А.Дулаевгара, Махачкалара М.Т.Исмаиловгара, Казанера К.Г.Гизатуллинера, Нальчикера – Советски Союзан Турпалхочуьнгара М.А.Яхагоевгара, иттанаш кхечаьргара.
Шаьш, цхьаберш, мехкан Турпалхой боллушехь, цара хIоразза а билгалдоккхура и сийлахь цIе вайн махкахочунна а йогIуш хилар. ХIетте а вайнахана Турпалхочун цIе тиллар «лакхарчара» магош дацара, уьш «спецпереселенцаш» хиларна.
…Нийса кхойтта шо хьалха дуьнен тIера ша дIавалале, Нохчийчохь хилла шиъ тIом лан дийзира ветеранан Х.Нунаевн. ХIун дер ткъа, кхолламаш АллахI Делан карахь бу. Амма вай, лаьтта тIехь бухабуьсучарна юьтург – цIена, сирла цIе ю. И юьтуш дIавахна вайна юккъера Нунаев Хизир. Дала гечдойла цунна!
Муцураев Олхазар,
яздархо.