«Хезча хьан пондаран аз…»

«Хезча хьан пондаран аз…»

12.10.2026 Выкл. Автор Zama

118 шо кхаьчна шуьйра вевзаш хилла пондарча Димин Iумар дуьненчу ваьлла. Иза вина 1908-чу шеран эсаран (октябрь) беттан йуьххьехь. Iумар бераллехь дуьйна хилла боху кехат-пондаре, вуьшта аьлча, музыке шовкъ-безам болуш. Цундела Хьалха-МартантIехь I924-чу шарахь радиоузел схьайиллича, кхуза музыкантан балха кхойкху I6 шо долу Iумар. Кхечу артисташца цхьаьна иза концерт луш лела, кху кIоштахь хьовха, йерриге Нохчийчохь а. Цундела ларамаза дацара кхин пхишо даьлча республикин драмтеатрехь композитор волчу А.Н. Александровс I. Димаев ша куьйгалладечу инструментальни оркестре солист схьаэцар.

Цул тIаьхьа, кхин а пхи шо даьлча, Нохчийчохь гоьваьлла волу пондарча кхойкху республикин радиокомитетан оркестран солист. Ала догIу, Iумаран профессиональни зеделларг лакхадоккхуш вай хьахийначу Александр Николаевича алсам гIолаьцна хилар. ПохIма долу нохчийн пондарча I939-чу шарахь I-чу Ерригроссин халкъийн инструментальни конкурсан лауреат хилира.  

Хьахийначу оцу йоккхачу конкурсехь хьалхара меттиг казахийн ашугна – Джабаев Джамбулна йелла хиллера. ХIетахь шолгIа сийлаллин меттиг йаьккхинчу Димин Iумарна. «Халкъий дас» – И.В.Сталина шен цIарца йаздина дашо сахьт делла хилла.

Оцу совгIато I. Димаев, кхин пхи шо а далале дерриге нохчийн халкъаца цхьаьна Сибреха вуьгуш (шен пондарца цхьаьна!) г1о динера. Х1ара цхьана станцехь цIерпошт тIера накъосташца охьавоьссича, хIорш Iедало сацийна хилла, бовда гIоьртина, аьлла. Джамбуле, набахте д1абигина хиллера уьш (чIогIачу шелоно Iумаран когийн пIелгаш гIорийнера). ТIеман-полевой суьдо тоьпаштуху кхиэл кхайкхийна царна. Амма, Делан къинхетамца, «гIуллакх» лелийначу следователо, Москвара бинчу хаамца, I. Димаев – И.В. Сталинадашо сахьтаца совгIат дина пондарча-артист вуй хиъча, хIорш паргIатбаьхнера…

Билгалдаккха дог1у, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелчахьана, вайнах цIерабаьхна Казахстане а, Йуккъерчу Азе а дIабиггалц (I944-чу шеран февраль бутт) Димин Iумар Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан артистийн тобанца цхьаьна концерташ луш лела фронтан аренашкахь а, тылехь а, тIемалойн а, бахархойн а дог-ойла ира-кара хIоттош. Ала догIу, оццу муьрехь I.Димаевс музыкица дIайазйо керла патриотически эшарш. Царна йукъахь уггаре а йевзашйерг «ЦIечу Армин марш» йу.

Шен ма-хуьллу фронтан дуьхьа, вайн Толаман дуьхьа къахьоьгуш волу Iумар, дерриге а нохч-гIалгIайн халкъаца нуьцкъала цIеравоккху. Кхеран доьзал, лакхахь хьаха ма-дарра, Киргизерчу Бишкек станце кхочу. Халахеташ делахь а, цу генарчу махкахь кхуьнан корматалла оьшуш стаг вац, коьртаниг – мацаллех доьзал кIелхьарбаккхар ду. Цундела Iумар меттигерчу «Сельхозмаш» заводе кочегар балха хIутту. Iай цIадан бепигдацахь а, карахь-кисанахь кIоран гIорза йан йишхуьлу. Ткъа цо мелла а йовхо лора…

  I956-чу шеран аьхка Алма-Атахь йуха арахецадолийра «Къинхьегаман байракх» цIе йолу нохчийн газет. Кестта иштта Казахстанан радиохь йолчу передачашкахь йека йолайелира вайнехан эшарш, иллеш, мукъамаш. Уьш эфире кечйешверг вара КазССР-н йаздархойн Союзан консультант, драматург Хамидов Iабдул-Хьамид, ша Нохч-ГIалгIайн эшарийн, хелхарийн ансамблан (тIаьхьошех «Вайнах» ансамбль хилла йолу!) куьйгалхочун дарже ваххалц. Оццу къоначу коллективаца Даймахка ц1авирзира Димин Iумар а. ТIаьхьарниг цIакхелхина ахшо а далале цунна ло «Нохчийн Республикин сийлахь артист» цIе.

XX-чу бIешеран 60-чу шерийн йуьххьехь I.Димаевга кхойкху М. Эсамбаевх лаьцна йолчу «Со хелха вер ву» цIе йолчу кино йоккхуче. Кхузахь, съемкашкахь, I. Димаевс кхин цкъа а хоуьйту шел похIме пондарча вайн махкахь цахилар. Цундела делахь а, I96I-чу шарахь кхунна «НГIАССР-н халкъан артист» сийлахь цIе туьллу. Оццу хенахь дIайолало кхуьнан концертан шуьйра кхолларалла.

Билгалдаккха деза, I960-I972-чуй шерашкахь йерриге а Нохч-ГIалгIайчохь йевза I. Димаевн пондарчин говзалла. Цо жигара дакъалоцу республикехь дIахьочу йукъараллин а, культурин а дахарехь. Схьахетарехь, оцу I2 шарахь, синоьздангаллин декъехь цхьа а мероприяти дIацайахана I. Димаевс дакъа ца лоцуш. Иза вевзара муьлххачу а йуьртахь баккхийчарна а, кегийрхошна а. Оцу муьрехь арайелира иттех грампластинка («винилови» олуш йолу!).

Вуьшта аьлча, гоьваьллачу пондарчин репертуарехь хилла 400 сов шен а, кхечу композиторийн а музыкин произведенеш. «РСФСР-н сийлахь артист» цIе йала чуделла кехаташ а долуш, кхеттачу чIогIачу цамгаро хададо сийлахьчу пондарчин дахар. Иза дара I972-гIа шо чекхдолуш.

Шайн цIейахханчу ден лорах боьлху цуьнан кIентий — СаьIид, Iела, Iамарбек. Цу кхаа вашас билгала йоллу лар йитина хIинцалерчу нохчийн музыкехь.

  Димин Iумаран кехат-пондаран аз хезча, вайнахана йух-йуха а карладолура генарчу, амма дагна уллорчу Даймехкан исбаьхьа сибаташ. ТIаьхьарниш дагчу йиссийначу ойланаша кийрараса мелла а паргIатдоккхура, хинболчу кхоэ болу тешам совбоккхура, гIеххьа дицдора гина вуон а, хилларш а, лелларш а.

Оцу дерригенах а ткъех шо даьлча эр ду Нохчийн Республикин халкъан поэта Рашидов ШахIида:

Дара и Йуккъерчу Азехь,

Хезча хьан пондаран аз,

Бацара вайнах вон ганза,

Массаьрца йоллура вас.

 

Мукъамаш хаза йиш йоцуш,

Йаьккхира кхойтта шо хан,

ЦIеххьана баланаш отуш,

Билхира и пондар хьан…

 

 

Зорбане кечйинарг — И. МАТАГОВ