Шуьйра вевзаш поэт вара иза

02.09.2026 Выкл. Автор Zama

 Нохчийн Республикин халкъан йаздархо ХатуевIарбин Iабдулхьамид дуьненчу ваьлла 1952-чу шеран товбецан (сентябрь) 1-чу дийнахьГIиргIизехь. Шайн доьзал Даймахка ц1абирзинчул т1аьхьа цо дешна Мескер-эвларчу йуккъерчушколехь.

1974-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхануниверситет чекхйаьккхинчул тIаьхьа, шенйуьртахь ша дешначу школехь берашна нохчийнмотт а, нохчийн литература а хьехарца дIаболалоцуьнан къинхьегаман некъ. Цул тIаьхьа белхаш боШелан кIоштан а, республикан «Грозненский рабочий» а газеташкахь, книжни издательствехь, кхечу организацешкахь. Дуьххьара республикехьнохчийн маттахь йукъадаьллачу юморан «ЗIуга» журналан хьалхара коьрта редактор а вара I.I.Хатуев.

Iабдулхьамидан литературица долу гергарлокхолладелла школехь доьшуш волуш. Цо цхьатеррадика йазйора нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Цуьнан хьалхара произведенеш зорбане йевлираШелан кIоштан а, республикан а газеташкахь, «Орга» журналехь, йукъарчу гуларшкахь.

 Поэтан «Бусулба сан Нохчийчоь», «БIаьсте йерйу», «Стиглара дIабайна седа», «Со дIаваьлча, йуртма йелхайе», «ТIаьххьара бал», «ДоттагI», «ХIай, Латта, ахь гечдийр дуй?», кхийолу а стихашмукъаме йерзийра Димаев Iелас, Усманов Iимрана, Эльдарханов Ахьмада, кхечара. Таханареспубликан бевзаш болчу артисташа дIаолучу ши бIе гергга иллин автор а ву I. Хатуев.

 Поэзехь, прозехь санна, Iабдулхьамидакхиамца къахьоьгура драматургехь а. Цо йазйинчусценари тIехь «Азербайджан-фильм» киностудис«Лулахой» цIе йолуш исбаьхьаллин фильм йаьккхина.

Доккха пох1ма долуш поэт а, журналист а, драматург а вара иза. Иштта дика суртдиллархо а вара 1абдулхьамид.

 Нохчийн Республикин халкъан йаздархоIабдулхьамид Хатуев вайна йукъара дIавахана2011-чу шеран чиллин баттахь. Иза кхелхинчулт1аьхьа НР-н йаздархойн Союзо арахийцирацуьнан шиъ гулар

Зорбане кечйинарг

МАТАГОВ Ихьсан.