Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъал а, кхетам а, доьналла а дара нохчийн халкъ балех, халонех хьалхадаьккхинарг
23.08.2026Тахана Нохчийн Республика кхузаманан, сиха кхуьуш йолу регион йу. Кхузахь машар а, барт а бу. Иза беза х1оллам бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин майраллина, доьналлина, турпалаллина, боккхачу тешамна. Цо дозалла дора шен халкъах, цунна ч1ог1а муьт1ахь а вара иза. Халкъийн барт баран теоретик а, практик а хиларца вевзира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Оцу г1уллакхо таро йелира йукъараллин-политикин хьал тодан.
Нохчий Россица машаре хиларе кхойкхура Ахьмад-Хьаьжас. Халкъе шен цхьана кхайкхамехь иштта бохура цо: «Исторнс ма-дарра гойтуш ду вайна цхьа бакъдерг: нохчашна уггаре а кхиаме даьхкина шераш Россица экономикин йукъаметтигаш а лелош, машаре хилларш ду…»
Россин 1едалца болу къийсам сацабаре кхойкхура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, XXI-rla б1ешо долалуш хиллачу анархин а, дуьхь-дуьхьал латтаран а шераша баккхий эшамаш бина долу нохчийн халкъ хIаллакьхиларх к1елхьарадаккхархьама.
Вайи республикин халкъаш Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, социально-экономикин а, политикин-бакъонийн а, культурин-синъоьздангаллин а дахаран лаккхарчу кхиамашка кхаьчна. Таханлера Нохчийн Республика — дуккха а къаьмнаш деха, масех дин лело векалш болу, цхьанаэшшара кхуьуш болу мохк бу, шена чохь бертахь бехаш а, цхьаьна кхоллараллин г1улчаш йохуш а дуккха къаьмнийн векалш а болуш.
Оцу кхиамашка вай кхаьчна хир дацара, масех шарахь халкъехь лаьттинчу балех, халонех чекхдовла Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, России Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьекъал а, кхетам а, доьналла а ца хиллехьара.
Динан а, политикин а кегари йуккъе ша нисвелчахьана Ахьмад-Хьаьжас луьра къийсам д1аболийра боккъал а долу Ислам-дин вайн дайша ма-леллора лардарехьа а, къоман синъоьздангаллин мехаллаш талха ца йайтарехьа а. Кхераме а, хала а къийсам бара цо йуьхьарлаьцнарг. Цу шерашкахь хиллачу хьолах лаьцна дуьйцуш, А-Хь. Кадыровс ша йаздора: «Со т1арикъат, бакъдолу ислам-дин лардаран новкъа велира, и бахьанехь соьга т1ом кхайкхийра. Суна хаьара, суо муьлхачу новкъа ваьлла. Делахь — х1ета кхечу тайпана со хилалур вацара. Эхь-бехко а, халкъана хьалха долчу декхаро а вуьтур вацара».
Нохчийн халкъана кочабоьллина динан-политикин шад баста г1ертара А-Хь. Кадыров. Цо йуьхьарлаьцначу некъа т1ехь 2000-г1а шераш дуьйлалуш цуьнан г1олаьцнарг Россин коьрте х1оьттина В.В. Путин вара. Т1еман а, политикин а кризисах Нохчийчоь а, Россин Къилбе а хьалхайаккха цо мел динарг а, деш дерг а хьесапе а эцна, 2000-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь Нохчийн Республикин куьйгалле х1оттийра А-Хь. Кадыров.
Оцу даржехь Ахьмад-Хьаьжас дерриге а дуьненна д1агайтира нохчийн халкъана коьрте х1оьттинарг хьекъале, доьналла долуш, пох1ма долуш, Делах тешаш стаг хилар. Шен дахаран маь1на массо а тайпанчу боьхаллех мохк д1ац1анбар, машаре а, кхиаре а халкъ д1адигар дуйла а хаийтира. 1аламат чолхе, кхочушдалур а дуй-те аьлла хеташ, хала декхар дара цо шена хьалха х1оттийнарг. Д1абоьдуш т1ом бара, эзарнаш къоман мостаг1ий герз охьадилла дагахь бацара, халкъ дакъошка декъна дара, синъоьздангаллин а, психологин а чевнаш дарйелла, лозуш йара, адамийн вовшашца хилла шира гамонаш йерзаза йара.
А-Хь. Кадыров кхетара оцу т1аьхьалонаш т1ехь машаре а, кхиаран новкъа йаьлла а Нохчийчоь йалург цахиларх. Цундела шен дерриге а доьналла, кхетам, хьекъал, ницкъ т1ехьажийра цо берриге а политикин ницкъаш машаран новкъа бахарна а, халкъан дуьхь-дуьхьал лаьттачу дакъошна йукъахь масла1ат дарна а, къоман цхьабарт хилийтарна а.
А-Хь. Кадыровс йуьхьарлаьцначу некъо хьоьхуш дерг толам баккхалц т1ом бар дацара, ткъа къоман барт хилар, дин ловза ца дайтар, кескашка а, тобанашка а декъна долу халкъ цхьаьнатохар дара. Оцу тайпанчу беркатечу некъо бен Нохчийн Республика денйан, когах1отто таро лур йацара.
«Вайн халкъана, цкъа а ца хиллачу тайпана, цхьаалла оьшу», — бохура цо оцу чолхечу муьрехь ша хезаш мел волчуьнга. «Нохчийн Республикина пайда хила лууш мел верг, ц1а а волий, машаречу новкъа д1ах1отта!» — бохура цо х1оранга a. Шен коьрта 1алашо тайп-тайпанчу бахьанашца т1аьххьарчу итт шарахь декъаделла Нохчийн Республикин халкъ цхьаьнатохар лорура цо.
А-Хь. Кадыровн боккха кхиам бара вайн махкахь бехаш болу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш Нохчийчохь хуьлуш болчу кхолламе хийцамашна йукъаозор. «Нохчийчоь – нохчашна», «Росси – оьрсашна» бохучу зуламечу кхайкхамашна даима а дуьхьал хилла вара иза. 2001-чу шеран кхолламан (январь) баттахь халкъе ша бинчу кхайкхамехь цо элира: «Нохчийчоь даима а хилла дуккха а къаьмнийн векалш шена чохь бертахь бехаш мохк. Иштта иза йухакхолла а йеза вай!»
Дукха хан ца хиллера Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дуьненчохь йаккха Дала йелларг. Республикина коьртехь дукха ца лаьттира иза. Амма оцу йоццачу хенахь Нохчийн Республикин дахаран дерриге а дакъошкахь баккхийчу кхимашка кхечира иза. Махкана а, халкъана а уггаре а чолхе беанчу муьрехь, иза воха а ца вуьйхира, мел чолхе киртиг т1ех1оттарх йуьстах а ца велира, дуьненан хьолах 1ехавелла шен халкъ дохка а ца доьхкира.
Тахана суьрташ т1ера вайга хьоьжу Ахьмад-Хьаьжа, шен уггаре а боккха сатийсам – машаре Нохчийчоь, берийн йелайелла йаххьаш, нанойн б1аьргаш чуьра синтем – кхочушхиларна воккхавевеш.
Деган 1ийжам а, лазам а бу Ахьмад-Хьаьжа вайна йукъахь, вайца цхьаьна цахилар. Шен дег1, са ца кхоош, йоккхачу къонахаллица бинчу сацамаша, хьекъалечу г1уллакхаша вайн халкъ машаран некъа т1е даьккхира. Х1инца вайн маьрша Даймохк бу, байракх йу, герб йу, гимн йу, уггаре а коьртаниг – сий а ду, ларам а бу, бусалба дин лело маршо а йу. Цундела, мехала а, ч1ог1а оьшуш а ду А-Хь. Кадыровн политикин некъан а, стратегии а, тактикин а к1орггера хьесапдар. Х1унда аьлча, цо таро лур йу вайна Ахьмад-Хьаьжин доьналлин, стогаллин, нохчаллин, хьекъалан, собаран, ийманан мах хадо.
Цуьнан х1ора дош, х1ора г1улч адамашна синтем бохьуш, кхане маьрша хирг хиларх тешош йара. Цхьана а хьолехь шен амал ца хуьйцура цо. Хила везачохь к1еда-мерза вара, хадам боллуш дош ала дезачохь шога, мокхазал ч1ог1а вара, дашах вухур волуш вацара. Оццу хенахь самукъане а, комаьрша а вара. Ахьмад-Хьаьжа вайна массарна а хьоме ву. Вайн халкъ, вайн мохк токхе, маьрша хилийтаран дуьхьа шен мерза са д1аделла цо. Везачу а, Сийлахьчу а Аллах1ан лаамца шах1ид хилла д1авахара иза вайна йукъара. Дала г1азот къобалдойла цуьнан! Дала йалсаманица совг1ат дойла цунна!
АТАБАЕВ Султан
