Ширачу хlусамах ойланаш…

04.02.2026 Выкл. Автор Zama

Деллахь.., со-м кхузахь хlумма дуьйцуш вацара. Со кху меттехь ваьхна а вацара. Дуьйцуш йерг хlара меттиг йара-кх — хlара аре а, кху аренгахь lуьллуш йолу хlара тиша хlусам а, кху хlусаман уьйтlе а, кораш, неl, рагlу, тхов а. Тхов-м тlаьхьо хийцина хир бу цуьнан, хетарехь… …Цаьргахь дитира ас дош, суо цаьрга ладогlа а вуьсуш. Мел хаза а, дагах кхеташ а дуьйцура цуо — оцу хlусамо. Суна-м ца довзара оцу цlийнах хlумма а. Ца йовзара оцу чоьнашкахь лелла йолу йовхо а, шело а. Йа цу чохь хьийзинчу а, цу уьйтlа хlиттинчу а адамийн йаххьаш а ца йовзара суна. Суна цхьа герггарчу хьесапехь дуьйцура-кх кху суьрто. Ткъа ас лорре ладоьгlура машен а сацийна, кху хlусамна уллохьа-а а вахана.

Масане дара цуо дуьйцурш: цкъа велош, йуха дог дуткъадой гlайгlане вожош, йуьхь кхолош, бlаьрг тlунбеш. Со-м йукъкара, «ванах кхузахь lийна сан дахарх хьакхалуш хlумма ма дац» олий ойла а эккхар сан коьрте. Дан а дацара хlумма а.., оцу хlусаман сох хьакхалуш шеца хlоттаделла хlумма а, деккъа хlинцца тасаделла долу къамеллий, суний бен хезаш доцу кхуо соьга ден цхьа къора мохь-арззий бен хlумма а. Суна-м.., сан дог хьаша-м.., со верриге а кху дахарера ара а ваьккхина цхьана пана вахьа-м иза а тоьуш дара. Бехк а бацара тоьича а, цуо дуьйцурш сан даге тардала амал боцу дуьне дуззал хlуманаш дара.

Хlай шира хlусам! Маса мостагl хlун бекхам бохьуш хlоьттира хьан уьйтlа? Масане хаза кхаъ кхечира хьан пенашка? Маса нана йилхи хьуна чохь? Маса ненан бlаьрг бийли?.. Маса дуьнен чу вели? Масанне са дели? Буьйса йеача, маса чlурам беги серло луш? Буьйсанашкахь бутт кхетарий хьан уьйтlа? Беттаса тергалдеш масанне цхьаъ ваьллира хьан корехь ойланаша гуо а бина? Тlом а ма хала лайна хир бара ахь. Маржа-йаl, маржа!.. Суна даим хьоьга ладоьгlуш lиэ-м лаара хьуна, хlай шира гlишло! Хьан куц-м, ас шира аларх, хазачу вастехь ма ду. Хьо тесна йитина-те кхара хlинца? Йа безамна аьлла, хьуо ма-йарра латтош йу-те? Дийцахьа кхин а, кхин а шортта дийцахьа соьга, хьайна тахана бен со гина вацахь а. Со кхаьрдар вац хьуна, хьан цхьана а мlаьргонех… Дийцахьа хаддаза, дийцахьа сан хьайца lиэн хан йоллучуьра…

Матагов И.