Адам 1ехор – доккха къа ду
18.01.2026Ша мухха лелча а мегаш, кхечара массо а х1уманна т1ехь нийсо лелон лууш хуьлу вайх цхьаберш. Xlopa стага шена т1ера д1аболо беза нийсонехьа, бакъонехьа болу къийсам. Цу т1ехь шегара масал гайта деза. Ала дашна, хьарам — хьанал дерг къастош а воцуш лелаш волчу стага пхьоьханахь шен йуьртахошка къоланаш а ма дахьара аш, кхийолу хьарамлонаш а ма лелайахьара, бохуш, кхайкхамаш бича, цуьнга ладуг1урш, цо бохург т1елоцурш к1езиг хир бу. Х1унда? И тайпа кхайкхамаш бан цуьнан йуьхь йоцу дела. Цу кепара къамел деш верг, доллучул а хьалха, ша хила веза ц1ена, хьанала, иманехь. Цхьана дашца аьлча – бусалба.
Далла бу хастам, кху т1аьхьарчу хенахь вайна йуьйцу а ца хезна маршо йаьлла махкахь бусалба дин лело, вешан дахар шар1ан лехамашца нисдан. Xlopa йуьртахь, г1алахь оьшшучу барамехь долчу маьждигашкахь имамаша хьехамаш барх тоам ца беш, дийнахь а, буса а «Некъ», «Грозный», «Вайнах» телерадиокомпанийн телепрограммашкахь, радиопередачашкахь муьран зорбанехь хаддаза хьехамаш беш бу 1еламнах.
Ислам — дино бохург довза а, хаа а йиш йолуш бу вайн махкахой. Бусалба дин вайн массеран а дахаран къилба дина д1аx1orro г1ерташ къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан.
Оцу балхо шен беркате т1аьхье а ло: масех шо хьалха ахдеса хилла вайн рузбанан маьждигаш х1инца п1ераскан дийнахь дуьзна хуьлу, хаъал лахбелла маьттаза лелачу нехан барам, оьзда, вайн 1адаташца, г1иллакх — оьздангаллица дог1уш ду къоначу мехкарша, зударша лелош долу духарш.
Амма, халахеташ делахь а, вайна йукъахь к1езиг бац хьарам-хьанал къастош боцу нах. Къаьсттина ала дог1у вайн базаршкахь совдегаралла лелочу адамех лаьцна. Т1етаь11ина къера дуйнаш а бууш, аьшпаш а буьттуш, шайна са йаьлчхьана, б1аьрга нег1ар ца тухуш, харцдерг дуьйцуш болчу наха кхана дог1ун долчу Къематденна кечйеш йерг вон 1амал йу. Шуьйра даьржина базаршкахь терза нийса ца озар.
Амма нах 1ехош даьккхинчу ахчанах ваха хуур вац цхьа а. 1еламнаха дийцарехь, иштта хьарамлонаш лелош болчарна шаып лелочух ийман-беркат а хир дац, Къематдийнахь уьш доккхачу 1азапехь а хир бу. Сийлахьчу Къуръан чохь билгалдаьккхина ду терза нийса ца озар, метр нийса ца йустар – бехк боцу стаг вер санна долчу даккхийчу къинойх лерина ду аьлла вайн Дала. Ма хала хир ду-кх, терза нийса а ца узуш, хьарам рицкъа гулдечарна Къематдийнахь нехан хьакъ д1адала, х1окху харц дуьненахь шаьш 1ехийна адамаш шайна къинт1ерадаха.
АТАБАЕВ Султан
