Пайден цхьаьнакхетар д1адехьира х1окху деношкахь Мескар-эвлахь
15.12.2025Д1адаханчу йеарин дийнахь Мескар-эвларчу Даутмирзаевн ц1арахчу йуккъерачу школехь д1адаьхьира НР-н кегийрхой кхетош-кхиоран а, кхиаран а Цхьааллин Концепци кхочушйаран гурашна йукъахь долу цхьаьнакхетар.
Шелан муниципальни к1оштан администрацис вовшахтоьхна долу и цхьаьнакхетар дешархошца д1адахьа школе баьхкинера Шелан к1оштан къеда Неттиев Хожа-Ахьмад а, к1оштан администрацин куьйгалхочун заместитель Хатуев Х1арон а, к1оштан депутатийн Советан депутат Домбаев 1умар а, к1оштан администрацин вовшахтохараллин отделан коьрта говзанча Таймусханов Заурбек а, Мескар-эвлан маьждиган имам Умаев Адам а.
Школин директора Кагерманова Хьалимата маршалла а хоттуш, т1еийцира хьеший.
Хьиедаларна къинт1ера довлар а дехна, Неттиев Хожа-Ахьмада гулбеллачу дешархошца шен къамел д1адолийра: «Вай вовшахкхетаран бахьана ду, тхайна хуъучу кепара, адамаша вовшашца лелон дезачу г1иллакхийн хьокъехь шуна хьехамбар. Х1унда? Дала Къуръанчохь аьлла: «Бисмиллах1иррахьманиррахьим. Х1ай Пайхамар, Делан некъе кхайкхалахь нах. Далла а, Делан элчанна муьт1ахь хиларе кхайкхалахь. Хаза хилла болчу хьехамца, хьекъале долчу къамелашца». Хаза кхета а веш, говзачу маттаца, к1еда-мерза а олуш, ала боху.
Дала боху: «Х1ай Мухьаммад, Делан къинхетам бахьана долуш, оцу хьайна гонаха болчаьрца к1еда-мерза хилира хьо. Дала хьайн дагчу биллина къинхетам бахьана долуш, хилира хьо иштта». Вайна массарна масал ду иза. Даржехь волчунна, хьаькам, имам волчуннна, иза къинхетаме а волуш, к1еда-мерза велахь, нах цунна гонаха лаьттар бу. «Нагахь хьо велахьара (хиллехьара), боху Дала Пайхамаре, — шога дог долуш, къиза долуш, мотт дика боцуш, уьш хьуна гондахьа совцур бацара (асхьабаш). Цундела Делера царна гечдар деха ахь. Царна къинт1ера вала хьо, хьо цхьаъ дан воллучу хенахь мехка дуьхьа, пачхьалкхан дуьхьа цхьаъ дан дагадеъча, дагавала хьайна гонах болчаьрца».
Вай стенна дуьйцу иза: къинхетаме, к1еда-мерза хила безаш бу вовшен беш болу хьехам, вовшашна олуш дерг. «Бусалба стаг – бусалба стеган куьзга ду». – аьлла Пайхамара. Шу тахана кегий ду, дешархой ду х1инца а, вайн дахар Дала доца кхоьллина ду. Д1а-схьа хьаьжна валале, д1айолу хан. Цундела Дала пайдаэца боху вайга Ша вайна дуьненчохь йаккха йеллачу хенах. Пайхамара (1.С.В.) аьлла, пхеа х1уманах пайда эцалаш и тайпа х1ума т1едале.
Царах коьртаниш: 1. Хьо дийна хиларх пайда эцалахь. Хьо дийна волччуьра хьоьга йал йаккхалур йу. Амма хьо веллачул т1аьхьа хьоьга х1умма далур дац. Хьан тептар д1акъовлуш ду, цхьа 1амал йалуш йац.
2.Хьо жима волччуьра, хьайна воккхалла кхачале, 1ибадат делахь.
- Хьо парг1ат хилархпайдаэцалахь, хьайн хан йолччуьра.
- Хьайнхьолах пайда эцалахь, хьо къен хилале. Г1ийлачунна г1о делахь, саг1а даккхалахь.
Шун дас-нанас аш доьшур дац техьа бохуш, шуна оьшург латтайо. Хьоьх доьзална, йуьртана, махкана пайде волуш дика к1ант йа дика йо1 хир йац-те бохуш, къахьоьгу. Цундела, шайн дай-нанойн сатийсамаш кхочушбеш, аш дика деша деза, г1иллакхе хила деза. Школехь дика дешахь, кхид1а деша аьтто хир бу шун.
Пайхамара (1.С.В.) аьлла: «Дала ваийтина ша г1иллакхаш довзийта, сийлахь долу г1иллакхаш 1амо адамашна». Вайна г1иллакх 1амийна цо (шен умматана). И г1иллакх къематан де даллалц схьахьоьхуш ду.
Телефонашна чохь схьаэца диканиг ду шортта, амма, мила ву а ца хуучо оьрсийн маттахь йа кхечу пачхьалкхера нохчийн маттахь «хьехамаш» бо цига д1абахана лелачу цхьана наха. Церан хьехамашка ладог1а мегар дац. Цара дуьйцург галдаьлларг ду. Шайн хаттар делахь, масала, шун йуьртахь имам ву Умаев Адам. Кхин а дешна нах бу кхузахь. Цаьрга хатта шайна хаа луург».
Цул т1аьхьа вистхиллачу Домбаев 1умара элира: «Кхузахь 1аш долу шу санна, тхо а ду цхьана хенахь школехь дешна. Шуьга дешийта г1ерташ къахьоьгу шун дай-наноша, шайн доьзалхой нехачарел оьшуш ца хилийта г1ерта уьш. Х1ара керла школа йу. Тахана шуьгара оьшуш дерг х1ун ду? Дика дешар ду-кх, кхин х1умма а дац. Шу вайн Мехк-Ден Кадыров Рамзанан командехь ду дешарна т1ехь. Дика деша деза аш. Кегийрхошна к1орггера хаарш оьшуш зама йу таханлераниг».
Шен къамелехь Умаев Адама элира: «Хожа-Ахьмад, шуна Дела реза хуьлда, шайн кхин а белхаш боллушехь, хан а карийна, тхо долчу дахкарна! Аш бинчу хьехамех Дала пайда эцначарех дойла вай массо а.
«Аманат» бохуш долу дош вайна девзаш ду. «Тешам» бохург ду иза. Дас к1антана а, доьзална а луш хуьлу иза. Делахь а, Дала вайна х1оранна тешам белла вай долуш долчу меттехь. Оцу Ша вайга беллачу тешамах Дала вайгара жоп доьхур ду. Дуьнент1ехь долуш, ахчанца а, гергарлонашца а к1елхьара довлалур ду вай. Амма къематан дийнахь х1ора баьккхинчу когах, кховдийначу куьйгах, аьллачу дашах Далла хьалха жоп ца делча девр дац. Цундела, шун дахарехь уггаре хьалхара, коьрта г1улч – школа йу. Кхузахь къахьега деза. Къахьегар массарна а делла вайна Дала, амма цуьнан жам1 башхо йолуш ду. Г1иллакх долуш волу дешархо, и дешарца дика ларош вацахь а, хьехархоша лоруш хуьлу. Амма, ша «отличник» ву а бохуш, кхин д1адерг бен ца хеташ лелларг, кхана цунах мел ч1ог1а хьаькам хилча а, цуьнгахь доцчу г1иллакхашка хьаьжна, Дала эрчавоккхур ву. Вайн Пайхамара (1.С.В.) билгал ма даккхара, къематан дийнахь вайн Мизана-терза даздийр долуш дерг Делах кхерар, хаза г1иллакх ду. шуьга делла долу аманат – х1ара дешар ду. Кхунна йелла хан аш кхечу, пайда ца баьнболчу х1уманашна хьовзайахь, Далла гергахь х1ора минотах жоп дала дезар ду. Дала вайна деллачу не1матех вайна хама бан хаахь, Дала вайна уьш кхин а совдохур ду. Амма пусар ца дахь – вай долчух а дохур ду.
Уггаре хьалха Пайхамарна (1.С.В.) т1е доьссина дош «Д1адеша» аьлла ду. Цу йукъа эхартан 1илма а, дуьненан 1илма а дог1у. Дала цу т1ехь къахьега аьтто бина вайн. Дала т1аьхье беркате йойла х1окху вайн таханлерачу цхьаьнакхетаран!»
Цу т1ехь д1адирзира и пайден цхьаьнакхетар.
А. СУЛЕЙМАНОВ
