Соип-моллин ц1арахчу хьуьжарехь д1айехьна меджлис

10.11.2025 Выкл. Автор Zama

Д1адаханчу йеарийн дийнахь Шеларчу Соип-Моллин ц1арахчу хьуьжарехь д1айехьира мута1еламаш арахецарна лерина йолу меджлис. Цигахь дакъалоцуш бара хьеший: Нохчийн Республикин муфтин наиб, Шелан к1оштахь кегийрхой кхетош-кхиорна т1ехь куьйгалла деш волу Дадаханов Мохьмад-Салахь; Шелан к1оштан администрацин куьйгалхочун заместитель Хатуев Х1арон, хьуьжаран директор Кантаев Шаруди, завуч Каимов Абубакар, директоран заместитель Кантаев Сайхан, хьехархой Мудаев Анзор, Моллаев Жабраил.  

Меджлис д1айолош гулдаларан 1алашо йовзийтира Каимов Абубакара: «Дешна бевллачарна дипломаша луш, дика дешначарна сийлаллин грамоташ а луш, джуз дагахь 1амийначарна шах1адат дина тоьшаллаш (свидетельство) а луш, болх бан 1алашо йолуш гулделла ду вай тахана» — бахара цо, — Болх д1аболош Къуръан доьшуьйтур ду вай мута1еламе». Цул т1аьхьа дош делира Дадаханов Мохьмад- Салахье.

«Аллах1-Дала вайн вовшахкхетар шен дуьхьа дойла, — бахара цо мута1еламашка. Аш схьалаьцна болчу некъа т1ехь Дала д1адаха пурба лойла шуна, х1унда аьлча, кхул сийлахь- боккха некъ бац схьалаца. Рамадан – Буг1ти бохуш (Дала къинхетам бойла цунах) цхьа 1еламстаг хилла. Цуьнан дасхьужаре вуьгуш волуш и хьуьжар б1аьрга ма гин, цуьнан куьг схьа а лаьцна, аьлла хилла шен к1анте, шена дош ло дуьненах хьайн 1илма хуьйцур дац алий, аьлла. Шена дош деллачул т1аьхьа аьлла цо шен к1анте: «Хьоьга кховдон цул сийлахь некъ белахьара, и хьоьга кховдор бара ас».

«Делан Элчано (1.С.В.) аьлла, — кхид1а дуьйцу Мохьмад-Салахьа,- 1еламстеган вазалла, кхечу лайшца (бусалбанаш) дуьстича, муха ду, аьлча, шен вазалла муха ду шул уггаре а лахарчуьнга хьаьжна, оцу кеппара веза ву шуна 1еламстаг. 1еламнах Пайхамаран (1.С.В.) верасаш бу, Пайхамарера (1.С.В.) дисина долу ирс, некъ д1акхачош берш 1еламнах бу». «Дала шена дика дан лиина волчу стагана 1илма 1амор ду, иза динехь кхеташ вийра ву», — аьлла Пайхамара (1.С.В.).

Цундела 1илма 1амадар доккха ду, деза ду. «1еламстаг хилалахь йа мута1елам хилалахь, йа ладуг1уш верг хилалахь, виолг1аниг ма хилалахь», — аьлла. 1еламнах беза бу, сийлахь бу. 1илманан некъ боккха бу. «Делан дуьхьа 1илма 1амо араваьлла волчу стагана йалсамане боьду некъ атта бийра бу» — аьлла. Пайхамаран (1.С.В.) цхьа асхьаб хилла, Зайбнин Сабит ц1е йолуш, Къуръанд1айаздиначарех а волуш. Иза говрара вуссуш,говран йуьхь а лаьцна, г1иллакх х1оттийна Ибн 1аббаса (Дела реза хуьлийла цунна). Х1унда леладо ахь шеца иза, аьлча, цо аьлла: «Пайхамара (1.С.В.) тхешан 1еламнехан лерам бе аьлла тхоьга». Т1аккха Зайбнин Сабита и схьа а лоций, хьаьжайуккъе барт боккхий, олу: «Иштта шен т1аьхенашца лерам бе аьлла тхоьга Пайхамара (1.С.В.)». Оцу кепара вовшешца г1иллакх лелош хилла асхьабаша.

«1илма доккха ду, сийлахь ду. – кхид1а дуьйцу Мохьмад-Салахьа, — тахана шух шиъ диплом схьаоьцуш ву. Выпускник ву бохург доккха х1ума ду. 14 1ам-джуз хуушверг хилар доккха х1ума ду. Тахана аш беш берг боккха йуьхьк1ам а, кхиам а бу. Йоккха кхане йу шу х1окху некъа т1ехь д1адолхахь. Кху некъа т1ехь шу совцахь дуьне а, эхарт а декъал хира ду шун. Дала т1аьхье беркате йойла шун.

Шуна хьалха а бевлла, шуна 1илма д1ахьоьхуш, шу кхета а деш, къахьоьгуш болчу шун хьехархошна Дела реза хуьлийла. Х1окху хьуьжарехь д1абоьдуш ондда болх бу, сих- сиха х1ара санна йолу мероприятеш а хуьлу. Дала кхиамашна т1ехь совдохийла шу».

Дешна бевллачарна дипломаш, дика дешначу мута1еламашна сийлаллин грамоташ д1айелира Дадаханов Мохьмад-Салахьа а, Хатуев Х1арона, а хьехархоша Моллаев Жабраила а, Мудаев Анзора а, Кантаев Салахьа а.

Меджлисан болх д1аберзош Дадаханов Мохьмад-Салахьа билгалдаьккхира: «Х1ара санна йолу хьуьжар латто, маьждиг латто, къахьоьгуш болчу хьехархошна алапа латто ондда ницкъ оьшу, даьхниа оьшу. И массо х1ума латтош, маьждигаш дуг1уш, уьш латтош, динехь къахьоьгуш ву вайн Мехк-ДаКадыров Рамзан-Хьаьжа. Дала цунна диканца бекхам бойла.

Дала шен диканехь сов воккхийла х1ара 1илманца долу х1ума цхьана низаме а далийна, цхьа программа д1а а х1оттийна, воцче хьехархо а х1оттош, къахьоьгуш схьавог1уш волу мехкан муфти Межиев Салахь-хьаьжа а. Дала диканца бекхам бойла цунна а, кху динца къахьоьгуш мел волчу массо а стагана а.

Дала х1ара дин бахьана долуш сий дина долчу нахах дойла вай. Дала х1ара дин бахьана долуш сийсаза бина болчу нахах ма дойла вай».

Хьешашна бахкарна баркалла а олуш, болх берзош вистхилира Моллаев Жабраил. «Дала т1аьхье беркате йойла массеран а. Цхьа дехар дара мута1еламашка. И диплом схьаэцарх, массо а х1ума хаьа бохург дац и. Кхид1а а, 1илманна т1ехь болх белахь, кхид1а а иштта къа а хьоьгуш, болх балур бу хьоьга боху тоьшалла ду иза. Мел 1илма сов даларх, кураллех ларлолаш. Къахьега деза кхид1а а. Вайн Элчано (1.С.В.) аьлла-кх: «1илма 1амадар аганчуьра хьо лахьтичу ваххалц ду». «Даима а, 1амо дезаш ду и», — бохург ду иза.

Д1адерзош, вайн болх беркате бар доьхуш, до1а дойту вай Мохьмад-Салахье.

Баьхкина хьеший шуьне а кхайкхина, мерза даарш хьалха а дехкина делкъе йайтира х1усамдайша. Дала йиънарг, мелларг саг1а йойла церан.

Билгалбаьхначу мута1еламийн ц1ераш.

Дипломаш делларш: Азимова Марха; Юсупова Раяна.

Грамоташ йелларш: Дашаев Асхьаб; Арсанукаев Аслан; Ахмадов Эскирхан; Вараев 1умар; Катиева Милана; Азимова Малика; Батаева Дещи; Кантаева Таиса.

Тоьшаллаш (свидетельствош) делларш: Дешиева Иман; Муртазалиева Элина; Кагирманова Динара; Хасуханова Зина; Акимова Амина.

Дала беркате дойла шун совг1аташ!

 

                                                                                      А.Сулейманов

 Суьрташ: А.Ашабан