Беркате тIаьхье – вайн дика кхане йу

22.10.2025 Выкл. Автор Zama

Йукъараллин кхиар, коьрта долчу декъана,тIекхуьучу тIаьхьене шен хаарш, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, дахарехь шена зеделларг дIадаларца доьзна ду. Цхьа тIаьхье, шен оьмар чекх а йолий, дIайолу, тIекхиъначо дIахьо шен халкъан дахар. Иштта ду дуьненан дIахIоттар, Веза-Воккхачу Аллах1а иза нис ма-дарра.

Нохчийн Республикин Правительствон декъахошца а, районийн куьйгалхошца а шен хуьлучу кхеташонашкахь вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас билгалдоккху синан культура кхиоран болх вайн йукъараллехь, коьртачарах цхьаъ хилла дIахIотта безаш хилар. Цул сов, цо къаьсттина боккха тидам тIебахуьйту халкъалахь нохчийн метан хьал тодарх долчу гIуллакхна.

«Школашкахь а, дешаран лакхарчу а, корматаллин а хьукматашкахь нохчийн мотт хьехаран а, Iаморан а гIуллакх тодан деза, хьалхалерчу шерашкахь хиллачу хьоле кхачо деза иза, – билгалдаьккхира Кадыров Рамзан-Хьаьжас ишттачу цхьана кхеташонехь. – Вайна хаьа,мотт ца хилча, къам хуьлуш доцийла, цундела и ларбар, иза Iаморехь оьшург дерриг а кхочушдар вайн декхар ду».
Регионан Куьйгалхочо предложени йалийра, школашкахь нохчийн мотт хьехарна сахьташ тIетоха деза аьлла. Иза ца хилча йиш йоцуш хIума ду, хIунда аьлча дешархошна уггаре а оьшучу предметех цхьаъ йолчу нохчийн маттана сахьташ кIезиг ду. Ц у хьокъехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхучу говзанчаша дукхазза а дийцина шайн цхьаьнакхетаршкахь, дехарийн кехаташ йаздина лакхарчу инстанцешка, зорбанехь и гIуллакх дукха дийцина, амма цуьнан хIинццалц йист йаьлла йацара. Ткъа хIинца Республикин Куьйгалхочо иза тIеддиллина хилча, цунах дика тIаьхье йолуш гIуллакх хир ду.

Нохчийн маттах а, ненан мотт санна иза мехала хиларх а лаьцна ша кхеташонехь дуьйцучу хенахь Кадыров Рамзан-Хьаьжас элира: «Жимачу берана шен ненан маттахь ойла йан Iамо деза». Иза Iаламат нийса хIума ду. Шен ненан маттахь беро ойла йеш хилча, и мотт цуьнан кхетаман а, хьекъалан а мотт ма хуьлу. Iилманчаша ма- баххара, берана уггаре а хьалха хаа безарг ненан мотт бу, дуьненах долу хаарш тIеэца атта хир ду цунна тIаккха. ХIора дийнахь шена хезаш болчу маттах кхета а, доккха мел хили а, иза дика бийца а Iемар ду берана.

ТIекхуьуш йолу тIаьхье вайн къоман синан хьостанашна тIейало йеза. Къам синан агIор юхаметтахIотторехь, цуьнан культура кхиорехь кхин некъ бац вайн. Ткъа и болх дIахьочу хенахь вайн кегийнаш  –тIекхуьуш йолу тIаьхье – юкъаозо йеза, царна уллера довза деза шайн дайн синан орамаш, царах марзо эца а, уьш лара а, царах дозалла дан а хаа деза царна. Къомо шен синан орамаш дIатеснехь, мотт бийцар, иза кхиор галдаьллехь, и къам доха герга ду, цуьнан кхане хир йац.

Дуьненчуьра халкъийн исторехь дукха масалш ду цхьадолу кегий  къаьманаш дайна, хIаллакь хилла. Дукхахьолахь уьш шайн мотт а, культура а лар ца йарна дIадевлла. Мел боккха эшам бу иза – дийнна къам дуьненчуьра дIадалар. Цу къоман адамаш кхечу къаьмнех дIа а оьй, шайн мотт а, орамаш а дицлой, дIахIуьтту. Цхьа тIаьхье дIайаьлча, шаьш дIаийначу къомах болу нах хуьлу царах. Ткъа кхоам  бац дайначу халкъан? Довш дерг цу къоман са ма ду, мотт а, культура а, истори а хилла ца Iаш.

Ткъа вайх лаьцна аьлча, вайн мотт бан мега аьлла, дIакхайкхийна  ЮНЕСКО-с. Цара 90-чу шерашкахь вайн республикехь талламаш бина. Схьадийцарехь, нохчийн маттахь  йеша хууш школехь и мотт Iамийнарг массо а ву, амма йиллина я кест-кеста нохчийн маттахь газет, журнал йа исбаьхьаллин литература йоьшуш д ерриге а халкъах масех процент бен нах бац. Цу тIе а доьгIна, шаьш бинчу талламашца вайн мотт бовш болчу меттанашна йуккъе йазбина цу организацерчу говзанчаша. Вайна иза тIелаца хала ду, амма долуш дерг чолхе хьал ду. Цундела йан йеза ненан метан терго пачхьалкхан тIегIана тIехь. И болх вайн Республикин куьйгалло шен лерринчу тидаме эцна, ткъа цуьнан дика тIаьхье хиларан вайн цхьа а шеко йац.

Ткъа вайга, могIарерчубахархошка, далун дерг хIун ду вешан къоман мотт ларбархьама? Уггаре а хьалха: иза бийцар, зорбане даьлларг дешар, берашка иза бийцийтар а, ларийтар а. Цхьаболчарна тамашийна  хета а там бу ас иштта аьлча: вешан маттехула а ма кхачало вай цивилизацин хьосташка, историн баххашка, дуьненан культурин хазнашка. Амма иза оьрсийн мотт дIа а тасий, беккъа вайн мотт бийца бохург дац. Хьайн маттана эшам ма бе, цуьнга ларам хила, иза дIа ма таса бохург ду. Маттах лаьцна дуьйцург дерзош, цхьа масал дало лаьа суна. Вайн луларчуДагестанехь 30 сов къам ду (дийцарехь, уьш-м кхин а сов ду), цара вовшашлахь оьрсийн мотт буьйцу, шайна ма-хаъара. Ткъа иза шайна дика ца хаьа, массеран а, иза бежIу йа академик велахь а, чолхе акцент йу аьлла, сагатдеш а бац уьш. Шайн меттанаш лардо вайн лулахоша. Цхьана джайхойн маттахь (аварцы) масех газет а, журнал а ду зорбанера долуш. Бахархой цу изданешка йазбаларехь йаккхий халонаш а йац церан. Вай хIунда ца оьцу царах масал? Цу тIера дIа ма долало мотт а, къоман культура а ларйар.

ТIаьхьарчу хенахь Iаламат мехала болх бу республикин Iедало вайн регионехь дIахьош. Ламанан районашкахь шира бIаьвнаш а, гIишлош а, шира йарташ а, некъаш а йухаметтахIиттош, хьалхалера церан сибат  тодеш, керлачу аматехь уьш гойтуш беш белхаш бу. Иштта, тойина, меттахIиттийна дуккха шира меттигаш йу ГаланчIожан а, Шаройн а к1ошташкахь, Веданан к1оштара шира йурт Хой а.

Де-дийне мел дели хазлуш йу вайн лаьмнашкара и меттигаш. Къаьсттина Хой йуьртах ала лаьара. Цигара меттахIитторан белхаш масех шо хьалха чекхбевлла. Шира Хой цхьана заманашкахь – бIешерашкахь хьалха  – вайн лаьттан доза лардеш, шена чохь майра тIемалой – хой бехаш гIала хилла (ламчохь йолчу муьлххачу а йоккхачу шахьарх гIала олуш ду). Замано йохийна, харцораш бен ца йиснера цу меттигах. Амма тахана иза меттахIоттийна, цунах вуно хаза этнографин музей а хилла.

Вайн республике богIучу туристашна къаьсттина хазахета ширачу бIаьвнашка, тайп-тайпанчу гIишлошка, хьалхалера дахар гойтуш йолчу музейшка хьовсуш. Вайн къоман истори а, культура а йовза боккха  лаам бу церан. Цундела Хой санна йолу меттигаш республикехь алсам мел хуьлу, вайна цунах боккха пайда хир бу.Амма кхузахь беккъа экономикин агIор хуьлу пайда хилла ца Iа, уггар хьалха вайн тIекхуьучу тIаьхьенна болу цунахйоккха мехалалла йолу пайда. ХIунда аьлча царна шайн дайн истори а, архитектура а, этнографи а йевза. Кхузахь, ГаланчIожахь, Шарахь, Хойхь, денлуш ду вайн къоман синан орамаш, меттахIуттуш йу цаьрца йолу уьйр.

Вайн тIаьхьене дIакхачо дезарг церан шайн халкъан исторех а, культурех а дозалла дан аьтто хилар ду. Уьш, шаьш нохчий лоруш берш, декхарийлахь бу и дозалла дан. Ткъа вайн Iилманчашна, хьехархошна, йаздархошна, журналисташна тIехь ду кегийчеран кхетам а, Даймахках йолу уьйр-марзо а самайаккхар, цаьргахь патриотически синмехаллаш кхоллар. Нохчийн дог-ойла а, синкхетам а болуш тIаьхье кхиалур йац вайга, вешан мотт а, культура а, истори а царна ца Iамайахь.Тахана санна цу тIехь аьтто вайн къоман цкъа а хилла бац.

 АРСАНУКАЕВ Муса,

тхан  корреспондент.