Харц лен йиш йац бусалба стеган

19.09.2025 Выкл. Автор Zama

Неттиев Хож-Ахьмад Мусаевич

Вина 1969-чу шеран кхолламан беттан 21 дийнахь Шелахь.

1996 — 2000 шерашкахь  Шелара № 9 йолчу йуккъерчу школехь 1арбийн мотт хьоьхуш болх бина.

2002–чу шарахь чекхйаьккхина Сайфулы Кадин ц1арах йолу Буйнакскера Исламан институт.

2006-чу шарахь —  Махачкалара куьйгаллин а, бизнесан а институт.

2011ш.Нохчийн Республикина хьалха даккхий хьуьнарш гайтарна Кадыров Ахьмадан цӀарах йолу орденан совг1ат дина.

2000 — 2018 шерашкахь Шелан муниципальни к1оштан администрацехь  тайп-тайпана даржашкахь белхаш бина.

2018 ш. Нохчийн Республикин IV гуламан Парламентан депутат хилла.

Карарчу хенахь Шелара Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ц1арах долчу «Бусалба нехан йахь» маьждиган коьрта имам а, Шелан к1оштан къеда а ву.

 

-Хож-Ахьмад, луур дара ахь уггар хьалха Мовладан беттан хьурматах лаьцна дош олийла.

     -Делан Элча Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлла рабби1уль-аввалан 12-чу дийнахь. Карарчу шеран хьаьттан беттан 24 дийнахь болалуш а, товбецан беттан 22-чу дийнахь чехкхболуш а бу иза. Нохчийн халкъо гуттар лоруш а, сий деш а хилла рабби1уль-аввал бутт. Вайнаха цунах мовладан бутт олу. Оцу баттахь тайп-тайпана даарш кечдой, бусулба нах чу а кхойкхуш, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хастош, цуьнан сийлахь амалш, хаза г1иллакхаш, дахарехь хилларш дуьйцу назманаш а олуш. Къуръанан сураташ а доьшуш, зикарш а деш, гуламаш д1ахьош хилла нохчаша гуттар а. Мовлад йешар вайн къоман г1иллакх а хилла д1ах1оьттина дуккха шераш хьалха дуьйна.

Вайх х1оранна а хаьа Рабби-1уль-аввал бутт вайн Делан Элча, пайхамарийн мух1ар, т1аьххьара пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу веана бутт хилар. Вайн доккха ирс ду цуьнан умматах вай хилар а, вайна цо деана ц1ена дин – Ислам – вайна совг1ат хилар а.

     Вайн Мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шегарчу масалца гойту вайна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу веанчу беттан а, дийнан а хьурмат муха дан деза.

Баккхийчара 1амал йина ца 1аш, т1екхуьучу т1аьхьенна динан марзо йовзийта лууш болх бу республикехь беш. Вайн пайхамархан дахарх лаьцна дийцарш дуьйцуш, и хьехош, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сифатех дуьйцуш, вайн берашна и везаран марзо йовзуьйту, цуьнан дахар довзуьйту.

Цу 1алашонца Шелан к1оштахь д1ахьо Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар довзарх долу къовсадаларш. Уьш д1адахьаран 1алашо йу динах долу хаарш к1аргдар, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша-тайпа дахар довзийтар. Т1екхуьу чкъор ийманехь хиларца бен вайн къоман кхане хир йац.

  Хож-Ахьмад, бусалба вежаршна кхочушдан атта а долуш, амма йоккха йал хир йолчу г1уллакхах лаций алахьа?

   — Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламаз жам1атца дина, цул т1аьхьа малх кхетталц Дела хьехош охьахиъна 1ийна, т1аккха ши рака1ат суннат ламаз динчунна — Хьаьж а, 1умрат а динччул йал хир йу». Гой хьуна, мел доккха х1ума ду иза. Жимма а бахьана лелийчхьана, бусалба нахана гечдан кечвелла 1аш ву-кх Беркате а, Лекха а Аллах1-Дела. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Боданашкахь маьждиге боьлхучу нахе (къематдийнахь кхоччуш нур хиларца) кхаъ баккхалахь». Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьа а ламаз дац мунепакъ нахана 1уьйра ламазал а, пхьуьйра ламазал а хала а долуш. Оцу шина ламазца дерг (цу шиннан дозалла) царна хиъча, и ши ламаз жам1атехь дан rlyp ма бара уьш, текхаш бахна а».

    — Барт болуш дуй Шелан к1оштара адамаш?

   -Дера ду. Къедане ладуг1уш ма бу нах. Шен-шен хенахь молла ма ву кхойкхуш. Шен жимма а аьтто берг ламазе а вог1у. Сайн ницкъ кхочуш, rlo оьшуш баьхкинчу нехан г1уллакхе ца хьожуш 1ийна вац со. Х1ума дестош 1едал дац сан. Дуьйцуш долу х1ума мелла иэшош дийцича бакъахьа хета суна. Харц къамел гучу ца долуш ца дуьсу. Бусалба стеган харц лен йиш ма яц. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Харцлуьйш верг шен умматах вац». Сайн шина б1аьргана гинарг а, шина лергана хезнарг а бен дийца йиш йац сан. 

      — Доьзалшкахь барт баран балхах лаьцна х1ун эр дара ахь?

      -Д1асакъаьстинчу зудчунний, майрачунний йукъахь масла1ате некъ лехарехь боккха болх бу беш. Х1усамда а, х1усамнана а вовшахкъаьстина, нанна бер ца гойтуш лазамаш болуш дуккха а йарташ а, г1аланаш йу Нохчийчохь. Со воккхаве вайн г1алахь нах г1иллакх а, эхь-бехк а долуш хиларна а. Вай буьйцу лазамаш  йукъахь нисбелча, нахала ца довлуш иза д1адерзо доьналла кхочур ду аьлла хета суна.

     -Хож-Ахьмад, бусалба стеган г1иллакх хаза хиларан а, оьзда хиларан а билгалонаш йийцахьа?

     — Дена-нанна муьт1ахь хилар, воккхачун лерам бар, хьаша-да т1еэцар, лулахь тарлуш хилар, нахана йукъахь оьзда мотт лебар, зударийн лерам бар. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Зударийн сий ца до сий доцчара бен, уьш сийсаза ца бо сийсаза болчара бен». Исламан коьрта 1алашо йу бусалба нах шайна йукъахь барт болуш, шайн дахар ирсе а долуш, маьрша хилар. Адамийн дуьненан дахар ирсе дина ца 1аш, церан эхартахь долу дарж ойбуш ду хаза г1иллакх. Дала г1иллакх-оьздангаллехь совдохийла вай.

      -Дайн-нанойн коьрта декхарх лаций дош алахьа?

     -Х1окху дуьненахь, ваьш лийр дуйла хууш, эхарт лаха дезаш ду вай. Амма бакъду, дола ца деш бераш хецна дитахь, уьш бахьанехь дакъаздовла а тарло. Цунна масалш 1аламат дукха ду. Далла гергахь деза а, мехала а г1уллакх ду дас-нанас шен доьзалан терго йар. Со тешна ву, нагахь санна xlopa дас-нанас шен доьзална т1ехь бан ма-беззара болх бахь, вайн къоман кхиарехь а, динехь нисдаларехь а баккхий кхиамаш хирг хиларх.

  

  — Къоман йуьхь бохург х1ун ду, Хож-Ахьмад?

    — Къоман йуьхь йу вайн махкахь денна дикачу arlop хуьлуш болу хийцамаш. Вайн къоман йуьхь йу шен махках доглозуш, вайн дайша йаккхийтина сийлахь нохчий боху ц1е ларйеш болу къонахий. Вайн къоман йуьхь йу цуьнан исбаьхьа г1иллакхаш, 1адаташ. Вайн къоман йуьхь йу вайн маьждигаш, хьуьжарш, 1еламнах. Масала, суна ца лаьа-кх муьлххачу къомана йуккъе нисвелча, царна хьалха йуьхь1аьржа х1отта.

     Къоман кхетам кхиор, цуьнан кхачамбацарш д1адахар атта г1уллакх дац. Дера бац иза цхьана дийнахь чекхбер болуш болх. Х1ораммо а мало ца йеш, Делан дуьхьа къахьега деза. Т1аккха Дала Шен къинхетамах дохур дац, вай мел деш долу г1уллакх беркате хир ду. Вайшиннан къамелехь ас ма-аллара, адамаш шайна йукъахь барт болуш а, ирсе а, маьрша а долуш дехар ду.

     Везачу Дала а ма боху Шен Сийлахьчу Къуръан чохь: «Шуна йуккъехь хуьлийла — нах дикане кхойкхуш, Дала бохучунна т1ехь нисло, вочух духадовла бохуш, омранаш деш йолу тоба. Уьш баккхийбеш хир бу» (Ал-1имран» сурат, 104- rla аят). Дала оцу тобанах дойла вай. Дала Шен къинхетамах ма дохийла вай!

    — Хож-Ахьмад, хьуна Дела реза хуьлда х1окху къамелехь дакъалацарна. Дала диканца бекхам бойла хьуна. Дала могашалла лойла хьуна ахь беш болу болх кхиамца д1абахьа.

    — Дела реза хуьлда вайна массарна а.

С. АТАБАЕВ