Закат даларо бахам жима ца бо
03.08.2025«Закат» бохург х1ун ду? Иза хьа, хьанна, муха дала дезаш ду? — бохуш дерш а, кхидолу а, хеттаршделира оха Шеларчу к1оштан къедега НеттиевХожа-Ахьмаде. Цо дуьйцу:
«Закат Дала фарз дина т1едиллина ду х1ора бусалба стагана (боьршачу стагана а, зудчунна а, нагахь иза даьхни а долуш, шена йехаш йелахь). Исламан динан пхи б1ог1ам бу.
Хьалхарниг шах1адат далор (Дела цхьаъ вар, Элчабакъ вар) ду, шозлаг1аниг ламаз дар ду, кхозлаг1ниг закат далар ду, деалг1аниг – Рамазан баттахь марханаш кхабар, пхеолг1аниг – шен ницкъкхачахь Хьаьж-ц1а вахар ду.

Закат далар, Хьаьж-ц1а вахар шен ницкъ кхачахьбен т1ехь дац, амма аьтто а болуш, ца деш 1ан мегаш доцург ду.
Къуръана т1ехь Дала дукхазза билгал а дина, фарздина т1едоьжна ду закат. Ахчане диллича 720 эзарсоьмал (т1аьххьара х1оттийна барам) к1езиг доцуш, и хьан керахь долу цхьа шо хан а йаьллехь, цунах закат дала деза. 100 процентах 2,5 процент ду дала дезаш дерг. Масала, 720 эзар соьмах(720 т.р.) 18 эзар (18 т.р.) сом хуьлу иза, цхьа миллион ахча делахь – 25 б1е туьма хуьлу. Шарахь цкъадала дезаш ду иза. Беттан (лунный) календарцаРамазан баттахь делча дика лоруш ду.
Къуръанчохь билгалбина бу закат дог1уш берш:
пекъар нах; миска нах; керла бусалба дине веанарг; закат д1адоькъуш болу нах; хьанал некъ эцнавоьдуш волу, бехха некъ беш волу некъахо; г1азотехь къахьоьгуш верг; нехан г1уллакхе хьожуш декхаре ваханарг.
Д1адала мегаш ду йуьртан къедане, имаме, закат дог1уш болчу нахе. Закат дог1уш болу нах шенабевзаш белахь, ша д1адала мегаш ду. Тахана закат дог1уш болу нах вайн республикехь карон бершг1ийла нах, миска нах бу, декхаре ваханарг а ву.
Г1ийланиг мила ву? Шен чохь уггаре а к1езиг оьшуш долу хьашташ: даар, духар эца, газах, тоьках, хих ахча д1адала таро йоцуш верг ву.
Делан салам хуьлийла цунна, Мухьаммад – Пайхамара 23 шарахь дин кхайкхийна. Оцу 23 шарахь цунна т1е Къуръан доьссина. Цу ханна чохьДала Къуръанан айат а доссийна, бусалба наханат1едожийна ду закат.
Бахамах муха дала деза закат? Масала, хьайна а, хьайн доьзална а хохкуш йерг йоцург, йохка-эцарналелош йолу машенаш йелахь, уьш хьан меха йукъахь хьийзаш долу ахча лоруш ду. Иза ахчане а даьккхина дагардан деза, иштта йохка-эцарналелош (сурсаташ) товар делахь иза а лоруш ду. Йалтан шен барам бу, даьхнин шен барам бу, масала, цхьа шо кхаьчна долу 40 бежан хила деза.
Закат даларо хьан бахам жима ца бо, мелхо а совбоккху. Х1унда аьлча, цкъа делахь, Делан къинхетам буссу хьуна, шолг1а делахь – закат кхаьчначу бусалбано диначу до1ано г1о до.
«Сан къинхетам массо а х1уманна т1е боьг1на бу. Ас д1айазбийра бу. Делах кхоьручунна, закат лушволчунна. Церан бахамах саг1а даккха. Царна т1ера къинош д1а а даьхна, уьш ц1анбархьама», — Къуръанан сурат. Аш мел делларг, Ша йухадерзораду, боху Цо. Х1унда аьлча, рицкъ лучех массарел а тоьллаверг ву иза.
«Шайн бахам Аллах1ан некъа т1ехь хьовзийнарг, к1ен буьртигах тера ву, шех 7 з1уьдаг йаьллаболчу, х1ора з1уьдигахь 100 буьртиг а болуш.»Аллах1-Дала шена луучунна совдоккху (совг1ат).
Аллах1а аьлла: «Ламаз де, закат д1а а ло». И тайпаомра Къуръана т1ехь 30 сов хьахийна ду.
А. Сулейманов.
А. Ашабан сурт.
