Бусалба нахана йукъара къинхетам цкъа а д1а ма болийла
16.03.20251умар-асхьаб халиф волчу хенахь цхьана стага лулахочун эмкална т1улг ластийна, и т1улг а кхетта эмкалан йалар хилла. Оьг1азваханчу эмкалан дас йухакхоьссина т1улг коьртах а кхетта цу стеган валар хилира, бах. Куьг бехкениг ч1ирана вен кхачийна. Кхел йина волчу 1умар-асхьабана хьалха гор а воьжна, дехар дина хиллера цу стага: «Ц1ахь, да вала а велла, доьзалций, вешиций дех дисина ирс декъа дезаш вара со, кхо де-буьйса лахьара ахь суна. Со д1авалахь, и декъа стаг воцуш боьхна лелара бу-кх уьш».
– Хьуна тоьшаллина т1ех1уттур волуш мила ву? –хаьттина 1умара.
Халкъа йуккъе а хьаьжна: – Х1ара лаьтташ верг ву-кх суна тешам лур болуш, – аьлла, цхьана стагана т1е п1елг хьажийна хиллера вен кечвинчо.
Цо т1е п1елг хьажийнарг Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб хиллера, шен ц1е Абузар а йолуш. Шена вевзаш а воцчу стага шена т1е п1елг хьажийча, «Ца теша хьоьх» боху дешнаш ца ала, ша теша цунах, д1авахийтахь иза, кхо де-буьйса а лой, аьлла хиллера Абузара.
И стаг д1авахийтина кхо де-буьйсий д1а а даьлла,кхел йинарш иза ларвеш 1аш хилла. Схьава хье а велла, ведда хир ву иза, аьлла, кхара дог диллинчу хенахь, г1амаршкахула ведда веана хьуьхь а воьлла, схьакхечи бахара вен кхел йинарг. 1умарна хьалха гор а воьжна, со схьакхечи, шайн кхел кхочушйе, – элира боху цо.
1умара элира боху т1аккха: «Ма тамашийна х1ума ду ахь динарг. Хьайн вада аьтто боллушехь, къайла ма ца вели хьо?»
Цу стага элира боху: «Ма тешам боцуш стаг хилла иза» ца алийта, бусалба нахана йукъара тешам ларбархьама, схьавеана со».
Т1аккха оцу стагана т1ех1оьттина волчу Абузаре хаьттина 1умара-асхьаба: «Хьайна цкъа а гина воцуш, вевзаш воцчу стагана теш а х1оьттина, д1а ма вахийтира ахь, ва Абузар. И схьа ца веанехь хьо бехке хир ма вара цу балхана. И х1унда дира ахь?»
Абузара жоп делира боху: «Х1окху стага т1е п1елг а хьажийна, кхуо соьга тешам схьабелча, кхунах ца теша аьлча, бусалба нахана йукъара тешам д1абалар хуьлу-кх, аьлла, Делан дуьхьа и тешам т1еийцира-кха ас».
Цара дечу къамелашка ладуг1уш лаьтташ болчуцу стеган ч1ирхойн дегнашчу къинхетам боьссина хиллера. Оьг1азло д1айаьллера церан.
Т1аккха элира боху цара: – 1умар, оха къинхетам бо оцу стагах. Оха Делан дуьхьа тхешан ч1ирах хьалхавити иза!
– Х1унда вуьту аш иза, шуна вен кхачош ма ву иза? – 1умара хаьттича, цара аьлла хиллера: – Бусалба нахана йукъара къинхетам д1абаьлла бохуш, дийцийта ца лаьа тхуна.Тхо къинт1ера довлу цунна.
Дала лардойла вай йукъара тешам а, къинхетам а д1абаларх!
Д1айаздинарг – СУЛЕЙМАНОВ Абубуакар.