Дала вайна совг1атна белла бу мархийн бутт
10.03.2025Бисмиллах1иррахьманиррахьим! Вайнат1ебеънарг сийлахь, беза бутт бу. Дала вайн Пайхамаран (С.1.В.) умматана совг1атана белла бу х1ара. Оцу бисинчу 11 баттачохь бусалбанахера йевллачу ледарлонашна, сакхташна, хууш а, ца хууш а летийначу къиношна царна гечдайта, уьш к1елхьарабаха, царна дина совг1ат ду-кх х1ара Рамадан бутт.
Мухьаммад-Пайхамара (С.1.В.) аьлла: «Воккха декъал хилла-кх и стаг, нагахь кхачам боллуш х1окху Рамадан беттан лерам, хьурмат дина велахь. И Рамадан бутт Сийлахьчу Дала къинхетам беш болу, гечдеш болу бутт болун дела кху баттачохь,вала веззачу кепара, летийначу къиношна хьо дохковалар хьан дагчу иккхинехь. Х1ара мархийн бутт т1ебог1учу заманчохь хазахеташ воккхавийначу, цунах кхаъ хиллачу стеган дег1ана жоьжаг1ате хьарам йина аьлла.
Мархийн беттан хьалхара буьйса т1ейеъча, сийлахь волчу Аллах1-Дала олу, аьлла: «Мила ву тхо дезарг? Тхуна иза а везар ма ву. Мила ву тхо лоьхуш верг? Оха иза а лохур ма ву. Мила ву тхоьга гечдар доьхуш верг? Оха цунна гечдийр ма ду х1окху мархийн беттан лерамна, хьурматана».
Дала омра до дика а, вуон а д1айаздеш долчумаликашка: «Х1окху мархийн баттачохь церандиканиш д1айазде, церан вониш д1а ма йазде. Церан къинош дагаде, д1адаханчу къиношна геч а де», аьлла.
Йуха а боху Пайхамара (С.1.В.): «Шен умматана х1окху мархийн баттах дерг, кхуьнан дозалла, хьурмат хаахьарий, х1ара беттанаш шадерш а делира мархийн беттанаш аьлла хетар дара-кх». Церан диканиш т1егулдеш бу иза. Цара Далла деш долу г1уллакх къобалдеш долу бутт бу иза. Церан деш долчу до1анна Дала жоп луш долу бутт бу иза, церан къиношна гечдеш болу бутт бу иза, и Йалсамане царна йоккхуш болу бутт бу иза. Шадерг диканиг шена чугулдина бутт бу иза.
Йуха а боху Пайхамара (С.1.В.): Г1енах Йалсамане йайра шена. Йалсамани йистехь хин татол дайра шена, цу йистехь хевшина 1аш нах байра шена. Йалсамане чуьра арадолу и татол «яхонт» олучу т1улгех дина хиллера. Оцу неханйаххьаш, малхах терра горгъелла, нуьре йара. Далла хастам бинчех ду хьуна тхо, оцу мархийн беттан каламат динчех ду хьуна тхо, мархийн бутт кхаьбнарш ду хьуна тхо, ламазаш а деш хиллачех ду хьуна тхо, аьлла цара. Иштта билгалбевр бу аьлла ду уьш.
1умар-Асхьаба аьлла, вайн Пайхамара аьллерааьлла: «Оцу мархийн баттачохь буьйсана набарна таь1на волу стаг самаваьллачул т1аьхьа, иза меттах ваьлла ха хорцуш волчу заманчохь, малико: «ХьоьхДала беркат дариг, хьоьх Дала къинхетам бариг» — аьлла бен ха хорцур дац аьлла. Хьалаг1оттучу хенахь, «Дала беркат дойла, Дала къинхетам бойла» малико аьлла бен хьалаг1оттур вац». Ламаз дан нигат долуш иза хьалаг1аттахь, и т1евуьжуш волчуматто до1а ма до цунна, аьлла: «Х1ай Везан Дела, Йалсаманехь айъина болчу маттех мотт лолахьх1окху стагана. Цо бедар т1ейухучу заманчохь, оцубедаро, Везан Дела, йалсаманин духар лолахь кхустагана, аьлла до1а а дина бен т1ейухур ма йац», аьлла.
— Цо ши мача т1ейухучу заманчохь, шина мачано до1а диний бен: Х1ай Везан Дела, х1окху къонахчун ши ког цу халчу т1ай т1ехь маьршадехьа балийталахь, аьлла бен, цо уьш т1ейухур майац.
— Марха лоцуш, марха достуш лелош йолчупхьег1ано до1а дийр ду: Х1ай Везан Дела, Йалсамани чохь йолчу пхьег1анех пхьег1аш лолахькхунна, аьлла.
— Ламаз оьцуш лелош долчу хино до1а дийр ду: Х1ай Везан Дела, кхуьнан къинош, ледарлонаш, сакхташ кху хица д1адаха ахь кхуьнан дег1а т1ера, аьлла.
— Иза ламазана хьалаг1аьттича, ц1ийно до1а дийр ду: кхуьнан кошана шорто йелахь, кхуьнанкошан лахьта шорделахь, къинхетам совбаккхалахькхунах, аьлла.
Цул т1аьхьа Дела цуьнга къинхетамца бен хьожур ма вац, аьлла-кх.
Делан лайно мархийн баттачохь до1а дечу заманчохь: «До1а дар хьоьгахь ду хьуна, цунна жопдалар Тхоьгахь ду хьуна, – олу Дала. – Дехархьоьгахь ду хьуна, цунах кхачамбар Тхоьгахь духьуна». Мархийн баттачохь динчу до1ийна Далажоп луш ду. «Гечдар дехар хьоьгахь ду, хьуна гечдар Тхоьгахь ду», бах Цо.
Пайхамара (С.1.В.) боху: «Къематан дийнахь и мархийн бутт буссур ма бу цхьана хазачу суьртехь. Далла хьалха гор х1уттур бу иза. Т1аккха Дала эр ду цу Рамадан батте: «Схьаэца хьайн хьашт, хьайн хьакъ схьаэца хьайна деззачул», аьлла.
Мархийн батто шена чохь 1амал йина болу нах, шен лерам бина болу нах, шена чохь Делан дуьхьа меца 1ийна болу нах, шайн меттанаш Дела реза воцчу х1умнах лар а беш, 1уьйкъана г1иттина болу, ламазаш дина болу нах, къинт1ера ваккха везарг къинт1ера воккхуш, Деле до1анаш деш, Къуръан доьшуш, и дерриг лела а деш шена чохь къахьегна болу нах, з1акардаьхнино лаьттара к1ен буьртигаш лахьадар санна схьа а лехьош, Дала цунна совг1атна д1алур бу, аьлла. Т1аккха мархийн баттошеца Йалсамане чу буьгур бу, аьлла, уьш.
Х1ара мархийн бутт т1ебог1уш Дала шайт1анаш буржалш тухий д1адоьхку, бах. Жоьжаг1атинне1арш д1а а къовлий, Йалсаманин не1арш схьайоьлла. Кху баттачохь мел дина дика шен чоьте д1а а оьцуш, къинхетам беш болу бутт бу х1ара. Х1ара бутт т1ебарах воккхавеш, самукъадолуш, цуьнан хьурмат дан г1ерташ хила веза массо а бусалба стаг. Вайн Пайхамара (С.1.В.) аьлла: «Шина бодана дуьхьал ши нур хир ду. Коша-1азап бода, къематдийнан бода а бу. Оцу шина бодана дуьхьал ши нур ду, и шиъ эшош х1оттийна. Къуръан а, Рамадан бутт а». Цундела х1ара бутт т1ебеъча нахаца мелла а к1еда-мерза мотт лебарт1ехь ду, марха ца кхабалуш, цамгарца волчо шенат1ера сахь даккха декхар ду. Бусалба нахе кхайкхам бу, оцу баттачохь жама1атехь ламазаш алсам дар. Х1унда аьлча, пхьуьйра ламаз жама1атехь дина волчу стагана эха дийнахь Делан динехь д1а а х1оьттина 1ибадат дича санна йал ло. 1уьйра-ламаз жама1атехь динчунна – дерриг дийнахь ирахь1ибадат дича санна йал ло.
Къаьсттина мархийн баттачохь деш дерш эзарза сов долуш, эзарза Далла гергахь сийлахь а долуш ду. Беркате хан йу иза. Меца 1ар – марха кхабар дац. Цуьнца (гайца) мотт а ларбе, аьлла вайн Пайхамара (С.1.В.) – г1ийбат ца деш, мотт-эладита ца лелош, къаьхьа дош ца олуш, нахана йуккъе мостаг1алла дужа долу, питане дош ца олуш. Цхьана гайне кхабийтарх тоьаш дац бах Пайхамара (С.1.В.), цуьнца цхьаьна б1аьрго а, лерго а, матто а, ойланца а, хьекъалца а кхаба деза. Хьан дерригдег1 ду дакъалаца дезаш.
Оцу беркате, къинхетам беш болчу баттачохь вай мел деш долу дика къобал а дойла, могаш а, маьрша а волуш марханиш лаца а, даста а ницкълойла массо а бусулба стагана.
АХМАТОВ Мохьмад,
Шела г1алара 1еламстаг.