Сайтиев Бувайсарна лерина

04.03.2025 Выкл. Автор Zama

 

   Йовр йац хьан ц1е

Олуш ду: — кхалха а ирс хила деза,

Дала хьакъ долчунна ирсе хан ло.

Далла а, нахана хьо дукха везар,

Бувайсар, тахана массарна го.

 

Махкана х1оьттина тезет ду тахна,

Хьох къастар хьекъало т1еоьцуш дац.

Хьомечу хьан Нанна адам т1едахна,

Шелделла Ненан дог дохдан ницкъ бац.

 

Базбелла сингаттам, къахьбелла бала,

Бувайсар, хьо воцуш дуьне гуш дац.

Д1аийци бусалба нехан ирс Дала,

Хьан г1опе д1ах1отто цхьа а хир вац.

 

Делан кхел хилла хьан йезачу хенахь,

Теша тхо, барт-хаттам хьоьга хир бац,

Кхалхар а хиларна махкана генахь,

Г1азотехь хьо хилар тхан шеко йац.

 

Дицлур дац: — Сийлахь ц1е дуьненна йитна,

Дегнашчохь йити ахь хьайх сирла лар!

Т1аьхьарчу т1аьхьенна масалла дитна!..

Белхарца, лахьтийчу хьо кховдавар.

 

Мархашна йуккъешха сирла нур деъна,

Къагийча хьан коьрте х1оттийна чурт,

Хеталуш, Делера цхьа хаам беъна,

Х1оьттира нахана инзаре сурт.

 

Декъала войла хьо кхоьллинчу Дала,

Хьайн иман дити ахь дегнашчохь тхан,

Доццачу дахарехь йуьг1и ахь г1ала,

Дуьненчохь мел деха хьо виц ца ван !

 

Раиса АБУБАКАРОВА- ДЖАБРАИЛОВА.

 

04. 03. 2025 шо.